Истори евзаш болчарна хууш ду гIебартойн элий, Росси Кавказе «кхаьчча» дуьйна, даима а цуьнан (Россин – авт.) паччахьашна муьтIахь хилла хилар а, оцу паччахьаша царна (гIебартойн элашна – авт.) латтанашца а, даржашца а, ахчанца а «баркалла» олуш хилла хилар а.
ГIебартой нохчашца доза а долуш, лулахь бехаш хиларе терра, церан элий, шайна тIаьхьахIиттина Россин паччахьан эскарш декъе а ийзош, нохчийн латтанашна тIелетарш дина бу.
Халахеташ делахь а, исторехь шен бух а болуш, хилла а, лелла а хIума ду иза.
Шайгарчу, аьлча а, шайна тIаьхьахIиттинчу оьрсийн паччахьан эскарийн ницкъах Iехабелла хиллехь а, гIебартойн элийн «гIеранаш» Соьлжа хин аьрру бердашца охьахевшина 1809-чу шеран хьалхарчу муьрехь.
ХIинццалц кегий тийсадаларш бен ца хиллачу нохчийн а, гIебартойн а халкъашна юкъахь боккха тIом гIатто кхераме долу хьал хийцаран Iалашонца, оццу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь нохчийн халкъан векалш – къеданаш – бахана гIебартойн элашна тIе.
Билгалдаккха догIу и гIуллакх чаккхе беркате йолуш дIадирзина хилла ца Iаш, дийнна Кавказехь демократин институт чIагIъярна юкъа доккха дакъа диллина ларалуш а хилар.
Нохчийн къеданашна а, гIебартойн элашна а юккъехь хилла барт бовзийтина тIаьххьарчара (гIебартойн элаша) инарла-майор Дельпоцога шаьш яздинчу кехата тIехь.
Иштта яздина цара: «Шаввалин (буьйцург лахьанан бутт бу) чаккхенехь баьхкинчу нохчийн къеданаша а, гIебартойн элаша а иштта барт бина:
1) Соьлжа хин бердашца лаьтташ долу гIебартойн эскар юхадаьллачул тIаьхьа, говрашца а, лайшца а боьзна вовшашца болу кегий къийсамаш ШарIаца къасто безаш бу;
2) Шайн дайх бевдда болу гIебартойн лай юхаберзо безаш бу;
3) ХIара барт тIеэцале хилла болу кегий къийсамаш (масала нохчаша гIебартойн а, гIебартоша нохчийн а лачкъийна хIуманаш) дIаберзош бу, кхул тIаьхьа и гIуллакх кхин ойъур а доцуш;
4) Соьлжа а, ГIобан а шина хина юккъерчу латтанашкахь дехаш долу халкъаш гIебартойн элийн олаллехь дуьсуш ду, хIинццалц шаьш, нохчашна тIаьхьа а хIиттина, гIебартойн элашна дуьхьал къийсам латторна жоьпе а ца озош, иштта, дин доцу тавлинхой а, нохчашна лулахь болу кхиболу бусалбанаш а нохчийн олаллехь буьсуш бу, царах жоп дала а, кхиэл ян а декхарийла нохчий а боьлхуш;
5) Нохчийн къеданаш, Нохчийчу цIа ма кхеччи, декхарийла боьлху ГIебартойчуьра ведда а волуш, Нохчийчохь мел Iен гIебарто юхахьажо;
6) ГIебартойн мостагIий шайн лара декхарийла нохчий а, нохчийн мостагIий, оьрсий боцурш, шайн мостагIий лара декхарийла гIебартой а боьлху.
ХIокху бертан чIагIаллина а, тоьшаллина а аьлла, гIебартойн цIарах нохчашца Нохчийчу хьажош ву эла Джанхотов Кучук».
(АКАК, 4-гIа том, Тифлис, 1870-гIа шо, 839-гIа агIо)
Гочдинарг – И.ХАСАХАНОВ
№26, оханан (апрель) беттан 5 де, 2019 шо