Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а латтанаш юха а минех дIацIандан долийна

Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а 1 эзар сов гектар латтанаш минех а, тIеман кхиболчу гIирсех а дIацIандан буьйлабелла сапераш.

Грозненски а, Хьалха-Мартан а, ТIехьа-Мартан а, Шуьйтан а кIошташкара латтанаш ду Нохчийчохь минех а, тIеман кхиболчу гIирсех а дIацIандан леринарш.

Оцу гIуллакхехь дакъалоцуш ву 100 сов сапер а, 20 гергга тIеман техника а, иштта, талламаш бан Iамийна жIаьлеш а.

Оханан (апрель) беттан чаккхенехь дIабуьйлалур бу сапераш ГIалгIайчуьрчу Джейрахан кIоштара латтанаш талла.

Шина а республикехь гуьйре тIекхаччалц къахьега дагахь бу уьш оцу декъехь.

Билгалдаккха догIу тIаьхьарчу 7–8 шарахь сапераша Нохчийчохь 17 эзар сов гектар латта минех а, тIеман кхиболчу гIирсех а дIацIандина хилар.

Оцу барамехьчу латтанашкахь карийна 32 эзар сов мина а, лелхаза болу тIеман кхиболу гIирсаш а.

И.ИСЛАМОВ
№26, оханан (апрель) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: