Таханлерчу дийнан политикин лехамашца догIуш дац республикехь тIом хилла алар – хилларг, федеральни центро хьоьхуш ма-хиллара, контртерроризман раж яра. Делахь а, и раж дIаяьккхина а 10 шо сов хан ю. Амма иза ца хуучух тера ду Нажи-Юьртан кIоштарчу «КПП–103» олучу гIаролан туьшан куьйгаллина.
Ма-дарра аьлча, «КПП–103» Нажи-Юьртан кIоштарчу Гилна а, Зандакъа а ярташна гена йоццуш ю.
Цигарчу бахархоша сих-сиха аьрзнаш до оцу туьшан белхахоша шайна, маьршачу республикин маьршачу бахархошна, бахарна а, бахкарна а новкъарлонаш яран хьокъехь.
Оцу хьокъехь долу шайн рогIера арз меттигерчу бахархоша Нохчийчохь адамийн бакъонашларъяран Векалан аппарате яздинера.
Цуьнца нийса а догIуш, омбудсменан дIадолорца вовшахтоьхна яра белхан тоба. Цу юкъахь лакхахь хьахийначу Аппаратан белхахой хилла ца Iаш, Нажи-Юьртан кIоштан куьйгалхо а, Гилна а, Зандакъа а яртийн дай а, кIоштан бакъонашларъяран органийн векалш а бара.
Белхан тобанан векалшца шен хиллачу къамелехь «КПП–103-н» командира И.Карасика дийцира меттигерчу бахархоша яздина арз бух болуш цахиларх лаьцна.
Цо билгалдаккхарехь, меттигерчу бахархойн машенаш хьалха хIоразза а сецош хиллехь, хIинца, КПП-н белхахошна меттигера бахархой а, церан машенаш а евзинчул тIаьхьа, хийцамаш хилла – меттигерчу бахархойн машенаш сецор а, царна чохь талламаш бар а дIадаьккхина.
Цул сов, командира белхан тобанан векалийн тидам тIебахийтира КПП-хь шайн декхарш кхочушдеш Нажи-Юьртан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн отделан белхахой хилар а.
КПП-н командиран къамел чекхдаьллачул тIаьхьа I.Маазовс – Нохчийчохь адамийн бакъонашларъяран Векалан аппаратан белхахочо – хаьттира маьршачу муьрехь шлагбаум оьшуш хиларан я цахиларан хьокъехь.
Ша и гIуллакх шен куьйгаллица дийцаре дийр ду аьлла чIагIо йира КПП-н командира.
И.АДАМОВ
№26, оханан (апрель) беттан 5 де, 2019 шо