Кавказан тIеман шерашкахь вайн махкахь доккха маьIна долуш хилла халкъан дарбанаш лелор. Уьш лелош берш йоккха корматалла йолуш нах хилла. Дас кIанте, хьехархочо дешархочуьнга кховдош хиллачу лоьралло доккха гIо дина цомгашчу нахана. Бецашца дарбанаш лелийна ца Iаш, халкъан лоьрашна дика карайирзинера хирурги.
ХIХ-чу бIешарахь шайн йоза-дешар кхиаза хиллачу къаьмнашна юккъехь лоьрийн лакхара Iилма Iамийна цхьа а вацара. Нахана дарбанаш деш берш Дала корматалла елла нах бара. Цу халчу муьрехь нехан лазарш а, царна деш долу дарбанаш а тайп-тайпана дара. Чевнаш хилла нах алссам хуьлура тIеман къийсамашкахь. Герз кхетта, дегIан меже кагйина, коьртана чевнаш йина хуьлура уьш. Стаг иэтIо везаш чевнаш а хуьлура царна юккъехь. Уггаре а чолхе лорура коьртана йина чов ерзор. Иштта чов йича, гам хьокхуш хилла. Цу чохь дIовш ца даржийта, Iахаран дум коьрта тIе буьллуш хилла. Дуьмо, хье чуьра дIовш схьаозийна ца Iаш, хьен тIехулара чкъор тIеттIаозош хилла.
Операцеш еш лоьраша лелош хилла базаран аьрчо ( квасцы), басар (сурьма), кIайн дIовш (мышьяковистая кислота), можа дIовш (трехсернистый мышьяк), цхьаьна иэдина туьхий, хьелийн даьттий, Iаждар буцций хьожа йогIу буцций, датта, Iаждар-буцций, тайп-тайпана мазаш дIаяхарш, кхидерш.
Хирургин тай деш хилла кIомалх я Iахаран чуьйрех. Цу тайца тоьгуш хилла чов йина ятIийна меттиг.
1855-чу шарахь арадаьллачу «Смесь» цIе йолчу тIеман-медицинин журналан агIонаш тIехь яздина дара: «Нахана дарбанаш деш, ломарчу лоьраша шайна хьалха хIиттош йолчу коьртачу Iалашонех ю чов йинчу меттера цIий сацор, цу чуьра дIовш даржо тарлуш йолу хIуманаш дIаяхар, чевнах шело цайолийтар». И дерриге а кхочушдеш, кхиамца операцеш еш хилла лоьраша.
ГIараваьллачу оьрсийн Iилманчас, хирурга, анатома Пирогов Николай Ивановича нохчийн дарбанчех болу шен тидамаш бийцина Кавказехула экспедици еш вовшахтоьхначу гуларехь. Цо иштта яздо Кавказан дарбанчех лаьцна: «Азиятски лоьраша деш долу дарбанаш шатайпа дара. Вайн лоьраша дегIан меже дIайоккхучохь, иза дIа а ца йоккхуш, цунна дан дарба карадора царна. ДегIан меженера шокъали схьайоккхуш бен цIий ца долура. Герз кхетта даьIахк яхкаяла йолаелча, лоьро чов йолу меттиг самса а йоккхий, цу чу дIаьвшаца (мышьякаца) тIадийна, цIена бехчалг юьллура. Масех дийнахь иза цу чохь юьтура. Цул тIаьхьа уьстагIан маIа чов йолчу а юьллий, ноткъа схьаозайойтура».
Билгалдаккха деза, Кавказан тIеман шинна а агIор болчу лоьраша цомгашчу а, чевнаш хиллачу а нахана гIо деш хилла хилар. Цара жоьпаллица кхочушдора шайн корматаллин декхар. Пироговс яздеш ма-хиллара, паччахьан эскарна дуьхьал тIом беш, чевнаш йинчу кавказхошна оьрсийн лоьраша гIо деш меттигаш дукха нисъелла. Шемалан наибан Бенойн БойсагIаран ког дIабаьккхинарг а Пирогов вара. Цу хьокъехь кхин а цхьа масал дало лаьа.
ГIалагIазкхичун Фролов Власан ког бахкабала а болабелла, иза дIабаккха беза аьлла хилла Пироговс. Амма Власан да реза ца хилла операци яйта. Халкъан дарбанашца иза товира БоргIанерчу Юсупа. Нохчийн лоьраш гуттар а дуьхьал бара дегIан меже дIаяккхийтарна. ГIараваьллачу оьрсийн яздархочо Толстой Николайс цу хьокъехь яздо «Казаки» повестехь.
Кавказехь вевзинчу халкъан дарбанаша Пирогов тешийра, чов хилла меженаш дIаяха сихвала мегар цахиларх. Шен а, дуьненна а бевзачу хирургийн (Ларрей, Перси, Хененн, Томсон, Герри, Лангенбек) цу декъехь болу хьежам хийцира гIараваьллачу хирурга.
Адамийн могашалла меттахIоттош тайп-тайпана дарбанаш лелош хилла лоьраша. Цамгаре хьаьжжина хилла деш долу дарба.
Кагъелла я чуьраяьлла меже меттахIиттош болу дарбанчаш а хилла вайна юккъехь. Меженна тIехула куьг хьаькхча, къасталуш хилла цаьрга даьIахк муьлхачу хьолехь ю. Цуьнга хьожжий, даьIахк хIоттаезачу метте белхьам буьллуш хилла. Дамий, хIоьан буьйрий вовшах а иэдой, кечбеш хилла цу тIе буьллуш болу белхьам.
Букъаца долу лазарш къастош дарбанчаш а хилла хьалха. Цхьайолчу ярташкахь хIинца а бу уьш. Букъан даьIахкаца долчу лазаршна дарба дина ца Iаш, берашна кхетта чохь лазар дIадоккхуш хилла цара. 1–2 минот бен хан а ца йойъуш, букъан лахарчу даьIахкана шатайпана массаж а йой, тодеш хилла цара бераш.
ДегIан меженашна дарба дарал совнаха, пхенашца а, цу чухула лелачу цIийца а йоьзначу цамгаршна дарба деш хилла хIетахь лоьраша. Лакхара таIам хилча, цIий хьех ца кхетийта, коьртан пхенах ира хIума а тосий, цIий дIадохуьйтуш хилла. И санна дарба дечу лоьрах «пхатухург» олуш хилла.
ДегIан чкъураца долу лазарш тодеш а хилла дарбанчаша. Тахана кхераме лоруш долу «псориаз» лазар («хинжа баккхар» олу цунах), мехаца дIадоккхуш хилла.
Бежанийн чоконех пайда а оьцуш, кегийчу берашна дарбанаш деш меттигаш а хилла. ГIийла, тIе ца догIуш я кога ца доьдуш долу бер, хIинцца урс хьаькхначу бежанан гай датIа а дой, цу чуьрачу кхош юккъе дуьллуш хилла. Довхачу кхоно дарба деш хилла цунна.
Нохчийчохь тайп-тайпанчу цамгаршна дарбанаш деш пайда оьцуш хилла уьстагIан а, газанан а цIоканах. Лазийна а, шелъелла а, кегъелла а йолу дегIан меженаш цуьнца тоеш хилла. Могашаллина пайдехь лоруш хилла газанан даьтта а, шура а. Шелвалар бахьанехь кхеттачу цамгаршна тахана а леладо цаьрца дарбанаш.
Адамийн могашаллаш тоеш пайдаэцна Iаламан мехаллех а. Уьш ду тайп-тайпана хиш: Горячеводски, ЧIаьнта-Органан, Серноводски, БоргIанера, Ачалукски, Исти-Суйски. Тайп-тайпана лазарш долу нах, къаьсттина когашца, луьйчуш хилла царна чохь. Говзанчаша дийцарехь, кIамдар дIадоккхуш а ду долчу мазашна юккъехь саьнгал.
Халкъан дарбанех лаьцна дийца дуккха а ду. Царех цхьадерш хIинца а леладо вайн ярташкахь. Цара могашалла метта а хIоттайо. Цунна тоьшалла ду клиникашкахь, больницашкахь кхуьуш йолу фитотерапи, шайх пайдаоьцуш йолу физиопроцедураш а, тайп-тайпана хиш а. Кхузаманан могашалла Iалашъяран гIуллакхашна юккъе вайн дайша лелийна дарбанаш далийна.
Б.ДУДАЕВА