Россин Премьер-Лигин чемпионатан 21-чу турехь Нохчийчоьнан футболан «Ахмат» клубан футболисташ шайн цIахь Москварчу «Спартак» командин футболисташца левзира.
Юьххьехь дуьйна командина аьтто боцуш хилира и цхьаьнакхетар. ЯлхолгIачу минотехь матчан суьдхочо С.Лапочкина буьрка 11 метран билгалонна тIе дIахIоттийра, «Спартакан» футболист Зе Леуш гIуданан майданахь «Ахматан» футболиста А.Семеновс охьатохарна, гIуданан тохар дайта. И тохар говза кхочушдира Л.Андрианос – 0:1.
Цул тIаьхьа кхо минот ялале «Ахмато» «Спартакан» ков «схьадаьстира». Кхиаме кхаьчнарг Беким Балай вара – 1:1. Шина а агIорчара рогI-рогIана тIелетарш деш чекхъелира хьалхара тайм. ШолгIаниг а иштта дIайоьдуш яра. Амма суьдхочо 63-чу минотехь, шолгIа а можа карта а гайтина, майданара араваьккхира А.Семенов.
Суьдхочун оцу сацамо кхоччуш галдаьккхира «Ахматан» ловзар. Матчан 68-чу минотехь шолгIа а вайн командин кевна чу буьрка туьйхира оццу Л.Андрианос.
Цхьаьнакхетар иштта чекхдер ду аьлла, хеттачу хенахь (матчан тIетоьхначу хенахь) Д.Глушаковс геннара тоьхна буьрка схьалаца аьтто ца белира вайн кевнахочун Е.Городовн. Цу тайппана, жамI 1:3 долуш ийшира «Ахмат». Цу юккъе шен «хазна» йиллира суьдхочо С.Лапочкина а.
РогIерчу 22-чу турехь Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат» клубан футболисташ оханан (апрель) беттан 8-чу дийнахь хьошалгIахь «Оренбург» командин футболисташца ловзур бу. Таханлерчу дийнахь турниран таблицехь 9-чу меттехь ю вайн команда, шен чоьтехь 27 очко а йолуш.
Хь.САЙДАЕВ
№26, оханан (апрель) беттан 5 де, 2019 шо