Нохчийн Республика социальни-экономикин кхиорехь коьрта дакъа хилла дIахIотта дезаш ду дешаран хьаьрма кхиоран, чIагIъяран гIуллакх.

Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос шен ницкъкхочург деш а ду оцу декъехь.
Министерствос хьехархошна а, дешархошна а юкъахь тайп-тайпана конкурсаш, фестивалаш, къийсадаларш дIахьо.
Цхьана хеннахь бохург санна нисделира «Кхечу къаьмнийн меттанийн хьехархо» а, «Шеран дешархо – 2019» а конкурсаш дIаяхьар. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца дIаяьхьначу оцу конкурсийн жамIаш дира хIокху деношкахь.
«Кхечу къаьмнийн меттанийн хьехархо» конкурсехь толам баьккхина шина дакъалацархочо.
Баллаш ягаръечу машенаша цхьатерра баллаш гайтира Соьлжа-ГIалин №28 йолчу юкъарчу дешаран школин ингалсан меттан хьехархочун Лафишева Аминин а, Соьлжа-ГIаларчу Ю.Дешериевн цIарахчу Лингвистикин школин ингалсан меттан хьехархочун Висаитова Маккин а.
Ткъа «Шеран дешархо – 2019» республикин конкурсехь кхоалгIа меттиг Соьлжа-ГIаларчу «Президентан лицейн» 11-чу классан дешархочо Умаров Илеса а, шолгIа меттиг ТIехьа-Мартан кIоштарчу СемаIашкарчу №1 йолчу школин 11-чу классан дешархочо Закиев Хьусайна яьккхира.
Хьалхара меттиг а, «Шеран дешархо – 2019» цIе а яьккхира Соьлжа-ГIалин №14 йолчу гимназин дешархочо Тазуев Мохьмад-Бешира.
Конкурсан жамIаш деш дIадаьхьначу даздаршкахь «Шеран дешархо – 2019» конкурсан толамхочо Тазуев Мохьмад-Бешира элира: «Конкурсехь дакъалаьцначара массара а шайн хьуьнарш, хаарш гайтира. Кхузахь тахана сан метта дIахIитта хьакъ а хилла хир бу уьш. Делахь а кхушара сан аьтто хилла толам баккха. Сан толам иза – сан хьехархойн, доттагIийн, соьца классехь доьшучеран белхан кхиам бу. Даггара баркалла ала лаьа Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министрана Байханов ИсмаьIална, конкурс вовшахтоьхначарна, жюрин декъашхошна, иштта тхайн нанна».
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№26, оханан (апрель) беттан 5 де, 2019 шо