Санкт-Петербургерчу академикан И.Павловн цIарахчу медицинин пачхьалкхан университетан медицинин сихачу гIоьнан отделан куьйгалхо Теплов Вадим Нохчийн Республикехь хилира.
Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана инстаграмехь йолчу шен агIонехь хаам ма-барра, церан ведомствон беркате уьйр ю Санкт-Петербурган медицинин университетаца.
Нохчийн Республикин медицинин сихачу гIоьнан станцин системин болх тобаран Iалашонца тесна гергарло ду иза.
В.Теплов Соьлжа-ГIалин медицинин сихачу гIоьнан станцин а, I.Ханбиевн цIарахчу медицинин сихачу гIоьнан республикин клиникин больницин а куьйгалхошца цхьаьна керла ечу медицинин сихачу гIоьнан республикин клиникин больницин гIишлоне хьаьжира.
Цул тIаьхьа министерствехь хьешан цхьаьнакхетар хилира ведомствон куьйгалхочуьнца а, цуьнан заместительшца а.
Э.Сулеймановс дийцарехь, Санкт-Петербургерчу хьешо шена хетарг элира Соьлжа-ГIаларчу медицинин учрежденеш гинчул тIаьхьа.
«Дархойн хьашташ кхочушдаран болх кхин а дикачу тIегIана тIебаккхархьама, цомгашниг больнице схьавалош богIучарна меттиг билгалъяккхаран а, цигахь хьелаш кхолларан а, тIеэцаран-диагностикин отделенин болх а, цомгашчун хьал талларан болх а тобаран декъехь кхидIа дан дезачух шена хетарг а элира В.Тепловс. Доцца аьлча, Республикин медицинин сихачу гIоьнан станцехь юкъара диспетчеран служба кхолла ойла хилира. Республикин бахархойн медицинин хьашташ кхочушдаран болх эвсаре бийр бу оцу хийцамо», – билгалдоккху Сулейманов Эльхана.
З.ХИЗРИЕВА
№26, оханан (апрель) беттан 5 де, 2019 шо