2007-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 5-чу дийнахь Кадыров Рамзан Нохчийн Республикин Президентан дарже хIоттаран инаугураци хилира. ХIокху деношкахь 12 шо кхаьчна оцу хиламан. Иза республикин куьйгалле веана хан чIогIа чолхе хан яра: йохийна яра инфраструктура, деш зуламаш дара, террористийн тобанаш яра яьржина.

Оцу 12 шарахь боккха болх бина Нохчийн Республикехь Кадыров Рамзан коьртехь а волуш. Р.Кадыровн коьрта Iалашонаш яра регионера терроризм дIаяккхар, бахархошна Iер-дахаран меттигашца а, балхаца а кхачояр.
Тахана Нохчийн Республика, шена чохь терроризм эшийна йолу, дуьненахь цхьаъ бен йоцу регион ю. Иза Нохчийн Республикин Куьйгалхочун коьртачу кхиамех цхьаъ бу.
Оцу шерашкахь белхазалла 70 процентера 8,3 проценте кхаччалц лахйина. Соьлжа-ГIалахь а, республикин, ерриге а бохург санна, гIаланашкахь а, ярташкахь а дина, тодина дукха цIенош а, тайп-тайпана объекташ а, дина иттаннаш даккхий а, кегий а маьждигаш, хьафизийн школаш.
2008–2017-чуй шерашкахь тодина, дехкина 594,1 километр автомобилийн некъаш, тиллина 53 тIай. Иштта, боккха тидам тIебахийтина могашаллаIалашъярна.
Больницаш а, кхийолу медицинин учрежденеш а йина, ерш тойина, кхузаманан тоьллачу оборудованица кхачо а йина царна. Лоьрийн говзалла лакхаяккхарна тIехьажийна дIахьош болх бу, нохчийн студенташ Европин уггаре а тоьллачу вузашкахь доьшуш бу.
Дика кхиамаш баьхна юкъарчу а, школазхойн а дешарехь а. Нохчийн Республикехь болх беш ю 477 школа. Цигахь доьшуш 265 эзар дешархо ву. Ян йолийна ю керла школаш. ТIедогIучу кхаа шарахь йийр ю кхин а 25 дешаран заведени.
Республикехь, тIаьхьарчу хенахь, йина дуккха а спортан объекташ: «Колизей-Максимус» спортан цIа, Ахтаев Увайсан цIарах долу спортан цIа, волейболан зал.
Кхочушъеш еш ю яккхий проекташ: Шан цIа, Путин Владимиран цIарах Дзюдон цIа.
Инвестицийн гIоьнца йина яккхий проекташ: «Грозный-Сити», «Гудермес-Сити», «Аргун-Сити», яккхийчу гIишлойн комплексаш: «Гранд-Парк» махлелорансамукъадаккхаран туш; беш белхаш бу Шела гIалахь а, «Ведучи» а, «Къоьзан-Iам» а, «Соьлжа-ГIалин хIорд» а, кхечу а объекташкахь.
Регионан а, ерригроссин а, дуьненаюкъара а мероприятеш дIаяхьаран Къилбаседа Кавказан туш хилла дIахIоьттина Нохчийн Республика.
«12 шо кхаьчна со Нохчийн Республикин куьйгалле хIотторан инаугураци хилла. Нохчийчоь саьлнашкахь Iуьллучу хенахь, уггаре а чолхечу хенахь хIоьттира со республикин коьрте. Адамашна бан болх бацара, дарба дан а, деша а, Iен-ваха а меттиг яцара. Делахь а, Россин Президентан Путин Владимиран гIо-накъосталла а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъана со муьтIахь хилар а бахьанехь, далур дац аьлла хетарг кхочушдан ницкъ кхечира вайн. Оцу дерриге а шерашкахь, ас, сайна хьалха хIоттийнарг цхьа Iалашо яра – Ахьмад-Хьаьжас дIаболийна некъ чекхбаккхар а, халкъо белла тешам ларбар а», – яздина Кадыров Рамзана ВКонтактехь йолчу шен агIонехь.
I.МУРТАЗОВ
№27, оханан (апрель) беттан 9 де, 2019 шо