Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочуш а деш, Нохчийчоьнан Правительствон Председатела Хучиев Муслима дакъалецира Россин Правительствон Аппаратан Куьйгалхочун заместитела Кириенко Анатолийс дIаяьхьначу кхеташонехь.

Цигахь дийцаре дира «Грозный» («Северный») аэропортана реконструкци яран хьокъехь Россин Федерацин Президента В.Путина а, Нохчийчоьнан дешаран учрежденешкахь кхоалгIачу сменин проблемаш дIаяхаран хьокъехь Россин Федерацин Правительствон Председатела Д.Медведевс а дина тIедахкарш кхочушдарехь дан дезаш долу гIуллакхаш.
«Регионан экономикина а, социальни декъана а Iаламат чIогIа мехала дара оцу кхеташонехь дийцаре дина гIуллакхаш. Шо-шаре мел долу алсамбовлуш бу Нохчийн Республике оьхуш болу туристаш. Цуьнца цхьаьна республикехь дIахьо регионан, федеральни, дуьненаюкъара маьIна долу тайп-тайпана мехала мероприятеш. Цуьнца доьзна хьалхахIутту республикехь хьокъала йоллу транспортан инфраструктура хилийтаран гIуллакх. Иштта, бераш алсамдовларца вайн махкахь а хьалхарчарах цхьаъ ю Нохчийчоь. ТIаьхьарчу пхеа шарахь бахархойн барам 120 эзар гергга стагана алсамбаьлла. Иза хаало школехь доьшуш долу бераш алсамдовларехь а. Таханлерчу дийнахь республикерчу 73 школехь кхаа сменехь доьшуш бу дешархой», – бохура Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима.
Кхеташонан жамIашкахула хьокъала доллу тIедахкарш дина Россин Серлонан министерствона. Оцу ведомствос, Россин финансийн министерствох дага а яьлла, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствоца цхьаьна план хIотто езар ю вайн школашкара кхаа сменехь долу дешар дIадаккхаран декъехь. И тIедиллар, тIаьхьа ца тоьттуш, кхочушдан дезаш а ду.
Ткъа Соьлжа-ГIаларчу аэропортана реконструкци яран гIуллакхца доьзна сацам бина проектно-сметни тептарш кечдаран жамIашца гIишлошъяран-монтажни белхашна финансировани яран хенаш йийцаре яран хьокъехь.
Цунах лаьцна дийцира Нохчийчоьнан Правительствон Председатела М.Хучиевс.
Д.АНАДЕВ
№27, оханан (апрель) беттан 9 де, 2019 шо