Сталинизман гIурано бераллин хан къинхетамза човхийна ю Асуханова Берлант. Культ цIе йолчу къизалло зIийдиг тосучу муьрехь дуьнен чу ялар хилла цуьнан. ТIаккха дукха хан ялале Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болалабелла. ТIом арахьарчу мостагIчуьнца бара. Даима а Даймехкан сий лардан дезий, аганахь дуьйна хууш болу нохчийн кIентий, шайга кхайккхалц ца Iаш, тIаме дIабахара. ЦIахь биснарш а, гIаж таккхол верг трудармехь вара. Мукъа Iаш вайнехан зударий а бацара. Шайн ницкъ кхочург дерриге а дора цара, луьрачу тIеман хьаьттахь лаьттачу бIаьхошна гIо-накъосталла хилийта. Амма и бакъдерг цхьаммо а тидаме ца ийцира 1944-чу шеран 23-чу февралан шийлачу Iуьйранна. Берлантан да, Асуханов Iали Чалаевич ШаIми-Юьртахь юьртда вара. Делахь а, Iедалан белхахо ву аьлла, дай баьхначу лаьтта тIехь саца бакъо-м ца елира цунна а, цуьнан доьзална а. Уггаре а шийлачу меттехь, Кустанай областерчу Тобол станцехь охьабиссийра хIорш. Мангало буц санна, уьнечу лазарша а, мацалло а дIахьокхуш дара адам. Массарел хьалха тиф лазаро йожийра Берлант. Кхунах хьакхделла и лазар дена а тIе делира. Делан къинхетам хьалха баьлла Берлант цу лазарх тоелла дIаяхара, ткъа доьзалан да Iали 1944-чу шеран декабрь баттахь дIавелира. ТIехь да воцуш бисина доьзал ненахоша Акмоленске дIабигира. Делахь а, бераш даккхий хила доьлча, кхеран нанна хIорш дехой болчохь кхиийта лиира. Иштта кхечира Асуханова Берлант Караганда. Итт шо кхаьчначул тIаьхьа, Карагандахь яхара йоI школе деша. Цу школехь вевзира цунна тIаьхьо шен хIусамда хир волу Межидов Хьасан а. Берлантал ши шо воккха вара Хьасан. Схьавалар Аьчка-ХитIера дара цуьнан. Делахь а, тайпа-тукхам а, муьлхачу юьртара схьавалар а, къесто зама яцара иза. Нохчи хилчхьана тоам бора. Лаа ма ца баьхна вайн оьздачу дайша; кIантана хIу лаха, йоIана цу лаха. Бакъду, Асуханова Берлантан и хIу а шен лаха дийзира. Волчу ненан цхьаъ бен вацара Хьасан. Берлантан пхиъ бер: ши йоI, кхо кIант дара, туй тесний бен бIаьра ца хьажжал, хаза хьалакхуьуш. Массарел жимниг Рамзан волуш. Амма цхьаъ бен воцчу кIентан стамбеллачу доьзалх самукъадолуш яцара денана. Нускал дало воьдуш, шен кIантана дуьхьал даьсса ведарш девлла хеташ яра иза. Хьасан ирсе ван ницкъ кхочур болуш, цхьана нанас дуьнен чу йоI яьккхина аьлла хеташ яцара пекъар. Цундела масех нускал далийра кIантана. Бакъду, цхьаьнцца тар-м ца лора марнана. Цкъа-шозза и кеп цара хIоттийча, шен пхи бер эцна юьстах елира Берлант. Шен дахар ца нисделлехь а, берашка мукъане дешийта лаарна. Шайн нанас текхо декъаза чалх гуш, Iаламат муьтIахь дара Берлантана цуьнан пхи бер. ГIиллакхе, оьзда, къинхетаме дара. ХIораммо а цара, ах дуьне дIалур дара, цкъа шайн ненан бIаьргех долуш хи ца гайта. Къаьсттина т1ера вара нанна жимах волу Рамзан. Берлант балхара йолучу хенахь, даима тIаьхьа веана лаьтташ хуьлура иза. Берлант туьканахь яра балхахь. Суьйранна цIайогIуш берашна яа хIума чохь йолуш дуьззина тIоьрмигаш хуьлура цуьнгахь. Жимачохь дуьйна хьекъална сема волу Рамзан дика кхетара, уьш деза хиларх а, текхо хала хиларх а. Шега далучу кепара нанна гIо-накъосталла дан лууш вогIура иза хIора суьйранна цунна дуьхьал. КIант дика доьшуш вара. Лакхарчу классашка ваьлчхьана цхьа ламаз юкъахдуьтуш вацара. Баккъал цхьа тамашийна бер дара Рамзан. 1967-чу шеран 18-чу мартехь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу ваьлла иза, цкъа а юьртахь хилла вацара. Амма цхьана ломарчу кIотарахь, баккхийчу нахаца хьалакхуьучу кIантана санна, нохчийн къоман гIиллакхаш Iаламат кIорггера девзара Межидов Рамзанна. Довзарал совнаха, цIенчу даггара лела а дора цуо уьш. Ненаца, йишица, лулахошца, бевзаш боцчу нахаца а. Массо хIуманна а ша цхьаъ декхарийлахь хеташ вара. 1984-чу шарахь Соьлжа-ГIалара №42 йолу школа кхиамца чекхйоккху Межидов Рамзана. Бакъду, институте деша вахар ца нисло цуьнан цу муьрехь. Кхуьнан хаарш ледара долуш-м дацара иза, делахь а, рицкъа ца хилла хир ду-кх. Цундела, 1985-чу шарахь эскарехь г1уллакхдан воьду Межидов Рамзан. Беларусси дIавуьгу кIант. ХIетахь йоккхачу Союзан цхьа дакъа дара и республика. Минскехь лаьтташ дара Межидов Рамзана гIуллакх дина эскарш. Собар, доьналла, яхь йолуш волу вайн махкахо ларамца тIеоьцу накъосташа а, командираша а. Цхьа башха тайна амал яра Рамзанан. Муьлххачу хьоле ша нисваларх, алсам доттагIий карабора цунна. Ваа санна, хIара везаш накъостий хуьлура. Цхьа а дагахьбаллам боцуш чекхделира Межидов Рамзанан цхьа шо. Амма шолгIа шо дуьненна бевзина бохам бохьуш деара. 1986-чу шеран апрель баттахь Чернобылехь атомни электростанци иккхира. Чернобылехь хиллачу бохамна орцахвелира массо а. Межидов Рамзан цига дуьххьара дIакхаьчначу советийн эскарийн хьалхарчу могIаршкахь вара. Цунна цкъа а ца хиънера ша ларван. Жимчохь дуьйна нохчаллех къилба дина вехаш стаг вара иза. Ткъа Даймахкана орца оьшучохь, цхьаьннан букъатIехьа соьцуш ша ца гайттал доьналла, яхь а яра Рамзанехь. Дуьххьара дIабуьгуш кхаа баттана аьлла бигира Минскера бIаьхой Чернобыле. И кхо бутт, ялх батте бирзира. Шен дегI а, са а ца кхоош къахьоьгура Рамзана. Хала ловра и бохам, баккъал шен ворхIе дайх йисинчу керта боьссина бохам болуш санна. Межидов Рамзан ишта Iамийна вара. Орца оьшучохь цуьнга ца къасталора шен, нехан, юкъараллин. Иза жима вара, къона вара. Безамца дерриге а дуьне мара къовла кийча вара. Цундела Iедало эскарехь даккха тIедиллина ши шо чекхдаьлча, Рамзан цIа ца вогIуш юха а Чернобыле воьду, къахьега Iемина куьйгаш цигахь совнаха хир доцийла хууш. Эххар а 1987-чу шеран гурахь, Соьлжа-ГIала цIавоьрзу иза. Сихха балха воьду Нохч-ГIалгIайн Республикин телерадиокомитете. Масех баттахь караерзайо цуо телеоператоран говзалла. Iемина ваьлча, шел говзаниг кхин воцуш тоьллачарех цхьа оператор а хуьлу цунах. Самукъадаларца бо цо шен болх. Цуьнан оьздачу амалца товш яра и говзалла. Хабарна тIера воцу жима стаг, даима шен балхана чувоьлла хуьлура. Даима кхечу операторшна масална хIиттадора Рамзана даьхна башха суьрташ. Тоьллачу телепередачин кхиамна юкъахь, доккхах долу дакъа дIалоцуш, Межидов Рамзана телекамерица бина болх нислора. Цунах воккха вийна ца волура къона говзанча. Бакъдерг дийцача, цхьа аьтто хиллера кIентан. Цуьнан ненайиша яра, дуккха а шерашкахь нохчийн телевиденехь болх беш йолу Шахбулатова Зайнап. Телевидени Рамзан валийнарг а иза яра. Iуналла деш, оьшучохь хьехар деш, караерзайойтура цо цуьнга шен говзалла. Ша Iемина ваьллера аьлла, цкъа а дагтIе куралла ца юьтуш, воккхачун хьехаре лерина ладугIуш Iедал дара Рамзанан. Цуьнан башхачу амалан беркате цхьа агIо яра иза а Нохчийчохь сингаттамаш дебош дуьйладелира чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран дезткъе уьтталгIа шераш. Доха карзахдаьллачу советийн Iедало урх малйинера. Федеральни Iедалан Iуналлех хаьддера йоккхачу пачхьалкхан йистош. Хала дара цу хьолехь болх бан. Амма дукхахболу нохчийн журналисташ санна, Делан диканах дог дилла ца лууш Межидов Рамзан а шен болх дIакхоьхьуш вара. Ма-дарра дийцича, вуон ун ду журналистика. Цкъа цунах тасавелларг, ша дуьненахь йоккхучу массо хенахь а журналистикех хьерчаш хуьлу, иза дIа ца тасалуш, цунах вала ца луш, цунах ваьлча ша лийр ву моьттуш. Межидов Рамзанна ишта дукха безара шен болх. Еш юьхь яцахь а, луш алапа дацахь а, Iедална муьтIахь вац бохуш, хьаькамаша чехавахь а. 1994-чу шарахь дуьххьарлера тIом Нохчийчу богIуш телеоператоран болх беш вара Межидов Рамзан. Чернобылехь шен могашалла дIаеллачу жимачу стагана цкъа а дага ца деанера, ша вехачу пачхьалкхехь Iедало къаьмнаш къестор ду бохург. И дагадогIуш хиллехь-м хIара пекъар юх-юха Чернобыле гIертар вацара. Доккхачу дуьненан ялхолгIа дакъа шен Даймохк лийринчех ма вара Межидов Рамзан. Оцу кхетамехь кхиийна вара иза цIахь, школехь, эскарехь. Кхин дахар цуьнан хилла а дацара. Хиллал дуьнен чохь хан яьккхина а вацара. 27 шо хан яра Рамзанан дуьххьарлера т1ом болалуш. Хала дара цу кегабелла беанчу муьрехь хене вала цхьа дегахьаам ца хилча. Ткъа къоналлин дегахьаам безам бу. И бовза ирс хилира Межидов Рамзанан а. Шена хетарехь массарел хаза йоI евзина, цуьнан башхачу бIаьргийн Iинан йийсаре ваханера журналист. Дукха хан ялале, нускал хилла кхеран тховкIелахь кирхьан тIехьа хIоьттира Лиза. ХIинца зуда ялийна ша воккха стаг хетара Рамзанна. Ткъа зуда ялорах ма ца тоьа. Иза кхаба еза, чохь даа-мала, хIусамнанна тIедоха-когадоха латто декхарийлахь ву нохчийн къонах. Лаа ма ца баьхна вайн хьекъалечу дайша «хьайн нускалх мас-малик хила лаахь, цунна ялсамани кхолла хаа деза хьуна». Ткъа алапа доцуш, балхахь ву бохуш волавелла леларх «ялсамани» кхоллалур яц. Цундела Рамзан федеральни телеканале балха дехьа волу. «ТВЦ» цIе йолу телеканал яра иза балха дIахIоьттинарг. Нохчийн Республикехь лерина корреспондент вара иза. Кхечу къаьмнех болу журналисташ ца хIуьттура цу чолхечу заманахь вайн махкахь болх бан. Межидов Рамзанна Iаламат реза бара «ТВЦ» каналан куьйгалхой. Мел луьрачу меттера а, сихонца йоккхий материал, шен хеннахь дIакхачайора цуо. Цкъа а шалхонаш ца лелайора. Тешаме белхан накъост вара. Оьрсийн маттана шера а, доккхучу суьртана говза а вара. Цундела мехала белхахо вуй хууш, хьаькамаша, сий-ларам беш, лар а вора. Къаьсттина дукха болх бара Межидов Рамзанан 1999-чу шеран аьхка. Ичкерин бIаьхой Iаьнда бахча, хахкавелла царна тIаьхьа вахара иза. Ца вахара цара лелориг дош хеташ, я царех воккхавеш а. Дуьненна цара лелориг дош доцийла дIахаийта вахара. И йовсарш Дагестанера юхабирзина дукха хан ялале Нохчийчу авиатохарш дан долийра. Бомба чу йоьжначу метте, Iодара ваьлча санна, сихонца дIакхочура Рамзан, лазийнарш маьрша нах белахь, дуьненна иза дIагойтура. Бакъволу журналист ша хиларе терра, цкъа а, цхьаьнггахьа а озабезам ца бора. Федеральни эскарша лело къизаллаш а, ичкерин векалша лело ямартлонаш а цхьабосса дIагойтура. Дуьнене а орца дохура шегахь йолчу таронца, нохчийн къоме хIотта герга шершачу Iазапах. 1999-чу шеран сентябрехь бIаьрла гуш дара Нохчийчу шолгIа тIом баьржаш хилар. Дукха адам махках долуш дара. Рамзан Соьлжа-ГIалахь болх беш вара. Октябран уьтталгIачу дийнахь Несаре дIайигира цо шен хIусамнана а, жима ши йоI а: диъ шо кхаьчна Мадина, цхьа шой ах шой долу Сабина. ТIамах бовдийна бигина уьш цигахь цкъачунна дIанисбина, ша Соьлжа-ГIала юха веара белхан декхарш кхочушдан. Де-буьйса ца лоьруш ша бан Iемина болх бора цо. Иза ца кхочуш меттиг яцара. Къинхетамза авитохарш луьста даьхначу федеральни эскарша, кхача алсам бахьанаш дохура. Эххар а гулйина материал вовшахтоьхна и Москва дIаяхьийта Несара ваха новкъавелира Межидов Рамзан 1999-чу шеран 29-чу октябрехь. Дукха машенаш яра, адамаш дара цу дийнахь Баку-Ростов некъаца. Т1ехьа-Мартан кIоштарчу ШаIми-Юьртана уллехь машенийн колонна сацийра. Хилларг хIун ду цхьанна а ца хаьара. Амма, хIорш лаьтта мелла а хан яьлча, хьалхахьа дIаяханчу машенаш тIера хабарш хаза дуьйлира: некъ къевлина бу, блок-постехула дехьа ца довлуьйту, бохуш. Реза доцу адам яппарш ян делира. ЦIеххьана, мичара дели ца хууш, кема гучу делира. Дукха лахахула чухахкаделла, цуо бомба кхоьссира. Кийрахь дог долчунна лан хала сурт хIоьттира. Амма хиллачун ойла ян ца ларош, телекамерех катоьхна иза машенчуьра охьаиккхира. ОРТ-н корреспондент Магомадов Iумар хиллера Рамзанца машена чохь. Цо «Iалелай» боххушехь, дехьо лаьттачу автобуса тIе ведира журналист. Нийсса ракета чу кхетта дукха адам хIаллакьхиллера цу автобуса тIера. Автобусах схьаэца хIума дацара. Цу чуьра адамаш, дайъина дIасакхийсинера. Ведда воьддушехь, камера хьалалатийна Рамзан шен болх бан дIаволавелира. Амма оццу меттехь, ша динчух ца Iебаш санна, кема юха чухахкаделира, доьхна, даьржина дIасауьдучу адамашна тIехула къинхетамза Iожаллин дарц детташ. ХIинца чутоьхначу ракетин гериго Рамзан лазийра. Шен телекамера карахь йолуш журналист охьавуьйжира, кхин цкъа а ца гIатта. Цу къизаллехь ларамаза дийна бисинчара ШаIми-Юьртарчу больнице вадийна хиллера жима стаг. ХIун больницаш яра цу муьрехь нохчийн ярташкахь?! 32 шо дара Межидов Рамзанан дIаволуш. Юьстах ваьлла, кхиберш санна саьнгарчу дIалечкъинехь дийна висина хила там бара. Бакъду, и осалалла шегара гойтур йолуш кIант вацара тхан белхан накъост. ХIайкал санна, шегахь кийра буьззина йолу нохчалла ларъеш чекхваьлла вара иза шен оьздачу дахарехь. Мел йоккха хало тIехIоттарх, шех чекх са ца гойтуш чекхваьлла вара. Цундела деха тхан дегнашкахь цуьнан сирла амат. Бакъду цуьнан ненах Берлантах къахета, дог лозу. ХХ-гIий, ХХI-г1ий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчу хьаьвзина буьрса тIемаш бахьанехь, ша хала кхиийначу пхеа берах, кхоъ лаьтте дерзийра цо. Дала собар лойла цунна.
ГАЗИЕВА Аза