Карарчу беттан 20-чу дийнахь юха а схьайоьллур ю «Соьлжа-ГIала – Шарджа» авиарейс. Иштта хаам бина республикин Туризман гIуллакхашкахула йолчу министерствон Туризм а, арахьара зIенаш а кхиоран отделан хьаькама Атиев Меда.
Билгалдаккха догIу Нохчийчоьнна а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташна а юкъара авиарейс дIадаханчу шеран чаккхенехь дIакъевлина хилар.
Цул тIаьхьа, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца нийса а догIуш, Правительствон вице-премьера Хакимов Хьасана а, Туризман гIуллакхашкахула волчу министра Байтазиев Муслима а Iаьрбийн Эмиратийн векалшца барт бар бахьана долуш, юха а и авиарейс схьаелла сацам хилла.
Авиарейсехула, хьалха санна, дIасалелаш хир ду «AirArabia» авиакомпанин кеманаш.
Иштта, Атиев Меда билгалдаьккхина оханан (апрель) беттан 28-чохь дуьйна Дубайхь (Iаьрбийн Эмиратийн коьрта эмират – пачхье) шен болх дIаболор болуш Iаьрбийн дуьненаюкъара «Arabian Travel Market» туризман гайтам а хилар.
– Оцу гайтамехь дакъалаца кхайкхина ю Нохчийчоьнан туризман гIуллакхашкахула йолу министерство а. Мехала ду иза вайна, хIунда аьлча, ишттачу гайтамашкахь дакъалацар бахьана долуш, вайн аьтто хуьлу республика а, республикехь туризмана а, туристашна а кхоьллина хьелаш а дуьненаюкъарчу тIегIанехь дIагайта, – дийцира цо.
И.ИСЛАМОВ
№27, оханан (апрель) беттан 9 де, 2019 шо