3 баттахь – 26 млн. сом гIуданаш

Суьдан пурстоьпийн федеральни службин республикехула йолчу Урхаллин структурин дакъойн белхахоша – суьдан пурстоьпаша-кхочушдархоша чекхдаьккхина шайга кхаьчна долу 35 эзар гIуллакх.

И гIуллакхаш некъийн бакъенаш талхийначу бахархошна дуьхьал долийна хилла ца Iаш, карарчу шеран 3 баттахь вовшахкхетта а ду.

Суьдан пурстоьпаша-кхочушдархоша и гIуллакхаш чекхдахарца доьзна, некъан бакъенаш талхийначу бахархошкара схьагулдина 26 млн. сом.

Оцу декъера и болх суьдан пурстоьпаша а, ГИБДД-н белхахоша а цхьаьна беш бу, «Дорожный пристав» программах жигара пайда а оьцуш.

ГИБДД-н белхахоша а, суьдан пурстоьпаша а билгалдаккхарехь, республикин бахархошна, коьртачу декъана, гIуданаш туху машенаш чехка хехкарна, нах дIасабигаран бакъенаш талхорна, кхерамазаллин доьхка дIацадехкарна, страховка цахиларна, законехь ца магочу беснийн асанаш шайн машенашна тIехьекхарна, и.дI.кх.а.

Цул сов, суьдан пурстоьпаша хоуьйту Суьдан пурстоьпийн федеральни службин республикехула йолчу Урхаллин сайта тIерачу хаамийн «Банк данных исполнительных производств» системица а, мобилан «ФССП» приложеница а, иштта, Суьдан пурстоьпийн федеральни службин республикехула йолчу Урхаллин республикин кIошташкахула йолчу отделашкахь а бахархойн шайн такха дезаш гIуда ду-дац а, иза токху хан чекхъяьлла я ца яьлла а, иза схьадаккхаран гIуллакх суьдан пурстоьпашка делла я ца делла а хаа йиш хилар.

И.АДАМОВ
№27, оханан (апрель) беттан 9 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: