Оханан (апрель) беттан 3-чу дийнахь республикин «Даймохк» газетан редакцехь «горга стол» хилира. Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттахь нийса яздарна тIехь терго латторан Комиссис бечу балхана тIе а тийжаш, цигахь дийцира мотт кхиоран проблемех лаьцна.

Комисси Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос кхоьллина ю.
«Горгачу стоьлехь» динчу къамелехь дакъалоцуш вара Дешар кхиоран институтан директор Умхаев Хьамзат, комиссин куьйгалхо, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Дадаев Сайд-Хьасан, СМИ-н белхахой кечбаран а, юхакечбаран а туьшан директор Юнусов Хьамзат, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Аболханов Хьаьким, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн филологин институтан доцент, Iилманча Вагапов Iаьрби, «Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар, кхиберш.
Цхьаьнакхетар дIадолош Юнусов Хьамзата билгалдаьккхира Комиссис болх беш долу 5 шо хан хилар. ХIора баттахь Комиссис кхеташонаш дIахьо. Цигахь дийцаре до телевиденин а, радион а, зорбанан а, хаамийн гIирсийн журналисташа нохчийн мотт бийцарехь, оцу маттахь яздарехь дийлийтина гIалаташ. Цул тIаьхьа, нийса а, нийса йоцу а кепаш йовзуьйтуш леррина хаамаш кечбо СМИ-шна.
Нохчийн меттан орфографин бакъенаш цхьана хорша ерзийна, чIагIйина яц хIинца. Цундела дукха хуьлу хIорамма шена хетачу кепара яздар а, алар а.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархой цхьана сацамна тIе баьхкира: мелла а сиха, йийцаре а йина, тIеэца езаш ю нохчийн меттан нийсаяздаран бакъенаш, цуьнца цхьаьна кхочушдан дезаш ду шолгIа гIуллакх. Массара а къобалъеш йолчу А.Мациевн дошамна тIе а тийжаш, керла дошам арахеца еза.
Нохчийн меттан хьехархошна, журналисташна, студенташна доккха гIо хир ду академически дошам арахецча.
Делахь а, вовшех дагадовлуш хилчахьана, вайн аьтто бу хаамийн гIирсашкахь цхьатерра нохчийн мотт бийца а, оцу маттахь яздан а.
Делан къинхетамца, нохчийн меттан проблемаш евзаш, уьш дIаяха лаам болуш ду Нохчийн Республикин куьйгалла.
Дешар кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата дийцарехь институтан цIе а, белхан декхарш а хийца дагахь беш болх бу лаккхарчу тIегIанехь.
Институтах нохчийн меттан а, историн а институт йийр ю. Дуккха а проблемаш дIаяхалур ю иштта институт кхоьллича. Цкъа делахь, нохчийн меттан декъехь къахьоьгуш болу Iилманчаш цхьаьна къахьоьгуш хир бу, нохчийн мотт а, шолгIа делахь, литература а кхиорна гIо-накъосталла а хир ду.
Оцу институтехь терминологин комисси кхоллар мотт кхиорна беркате хир ду.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№27, оханан (апрель) беттан 9 де, 2019 шо