Шевченко Максим: «ГIалгIай, шуна нохчел а юххера цхьа а вац!»

ЦIеяхханчу юкъараллин гIуллакххочо, журналиста, блогера Шевченко Максима кхайкхам бина «нохчаша латта дIадаьккхина тхоьгара» бохуш, гуламаш а, митингаш а, «горга стоьлаш» а ечу гIалгIашка.

«Шу хIун лууш ду дан а? Къилбаседа ХIирийчуьрчу Пригородан кIоштаца долу гIуллакх дIадерзийна аш? «Черменерчу» гIаролан постаца долу гIуллакх дIадирзина шун? Аш лела а хIун до?! Шу-м шайн вежарий болчу нохчашца дов даккха арадевлла дай… ГIалгIай, шуна нохчел а юххера цхьа а вац! Нохчийн халкъ санна юххера халкъ дац шун кху дуьненахь. Цхьа а Iаьрби а вац шуна. Цхьа а вац шуна. Вац шуна уьш санна юххера я Шевченко Максим а. Шу мел цунна реза дацахь а, гIалгIай, муьлхха а нохчи цIийца шун ваша ву шуна. Шал-шера ма хаьа шуна иза. Цундела дийр дац ас цкъа а аш лелориг къобал», – билгалдаьккхина цо оцу хьокъехь ша дIаязйинчу видео тIехь.

Цул сов, цо хаийтина Россехь мел долу халкъаш вовшашца бертахь даха лууш ша хилар а.

«Аш къийса а хIун къуьйсу? Кадыров Рамзанан а, Евкуров Юнус-Бекан а барт хилар ца дезачара арадаьхна а, карзахадаьхна а ма ду шу. Ткъа хIунда ца деза иза царна? Дера ца деза церан Рамзанан а, Юнус-Бекан а хьокъехь кечйина сценари йолу дела. Оцу сценарица нийса а догIуш, и шиъ вовшашца къийсам латто безаш вара. Амма сценарис хIуъа хьехарх а, и шиъ бертахь ву, вовшех кхеташ ву, шаьшшиъ ши ваша ву бохуш ву. И ду царна, шу ара а, карзах а даьхначарна цадезарг!», – тIетоьхна цо.

Кхуззахь билгалдаккха догIу бекарг (март) беттан 26-чу дийнахь Магасехь (ГIалгIайчоьнан пачхье) гIалгIаша митинг дIаяьхьна хилар.

Iуьйранна 10 сахьт даьлча дIабуьйлабелла, сарахь 6 сахьт даллалц шайна луъург дийца а, хьехо а магийча, митинге баьхкинчу бахархошна хьалха а буьйлуш, «вовшахтохархоша» дийцира «нохчаша гIалгIашкара латта дIадаккхарх» а, «нохчаша шайн вежаршна-гIалгIашна букъа тIехьашхула урс тохарх» а, «нохчийн, шайн истори цахиларе терра, гIалгIайн лаьтта а лачкъийна, цу латта тIерачу археологин а, культурин а объектийн буха тIехь истори кхолла гIерташ хиларх» а лаьцна.

Евкуров дIаваккха веза а, Правительство а, Халкъан гулам а дIасахеца беза а бехира.

Дийцира луларчу халкъаша даима а гIалгIай хьийзийна хиларх лаьцна а, 1992-чу шарахь цхьа а ваша гIалгIашна орцах веана цахиларх лаьцна а.

И дерриге а шайга дийцийтича а, сарахь 6 сахьт даьлча, митингана елла хан чекхъяьлча, «тхо цхьанхьа а гIур дац кхузара» аьлла, митинг дIаяхьа къастийначу майданахь буьйса яккха а севцира уьш.

ШолгIачу дийнахь 7 сахьт даллалц собар а дина, кхидIа, шайга дIасагIо аьлла, бакъонашларъяран органийн белхахой шайна тIебуьйлабелча, митингехь болчарах цхьамма «уьш нохчий бу шуна… тIетоха царна» аьлла, мохь а тоьхна, гIанташ а, аьчкаш а, тIулгаш а кхийсира цара.

И вуно дика гуш а, хезаш а ду шаьш «митингахоша» яьхначу видеошкахь.

Цигахь лазийра бакъонашларъяран органийн иттех белхахо.

КхидIа хаа дара федеральни центро уьш ловзор боций… Ловза а ца бира: сихонца ГIалгIайчу бакъонашларъяран органаш а теттина, дIалахьийра оцу митингехь питане къамел динарш.

Халахеташ делахь а, тухучунна гIуда тухуш а, 10–15 де хан тухуш а «хьаьстира» уьш… Хьаьстира-кх… Кхин дош дан а ца догIу цигахь. ХIетте, кхин эхь а ца хеташ, «бехк-гунахь а доцуш дина шайн таIзарш» бохуш, тахана а къарлуш бац уьш.

Чаккхенехь тIетоха догIу «уьш нохчий бу шуна… тIетоха царна» аьлла волу «къонах» карийна цахилар.

И.ИСЛАМОВ
№28, оханан (апрель) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: