Кадыров Рамзан Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь хилира

ХIокху деношкахь, шен коьртехь Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а волуш, нохчийн Iедалан органийн векалийн делегаци хилира Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь.

Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира «Emaar Properties» компанин директорийн кхеташонан председательца Аль-Iаббари Мухьаммадца.

Цхьаьнакхетарехь, иштта, дакъалоцуш вара Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Правительствон председатель Хучиев Муслим, Россин Федерацин Советан декъашхо Сабсаби Зияд.

Шина агIоно дийцаре дира Соьлжа-ГIалахь Дуьненаюкъара университет йина ялийтаран гIуллакхаш.

«Тхан къамел хилира хинйолчу университетан дешаран программах лаьцна. Цу юкъадогIу къинхьегаман кхузаманан рынкехь уггаре а оьшуш йолчу агIонашна говзанчаш кечбар», – яздина Р.Кадыровс ВКонтактехь йолчу шен агIонехь.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, карарчу хенахь, вайн эксперташа шайн Iаьрбийн коллегашца цхьаьна дIахьош консультативни болх бу.

«Аль-Iаббари Мухьаммада хаийтира и дерриге гIуллакхаш меттигехь кхочушдархьама, ша герггарчу хенахь Нохчийн Республике ван лууш хилар. «Emaar Properties» компаница юкъаметтигаш лелоран а, цхьаьна жигара болх баран а доккха зеделларг ду вайн. Аль-Iаббари дукхазза а хилла Соьлжа-ГIалахь. Со тешна ву, оха цхьаьна болх бар бахьанехь СоьлжаГIалара Дуьненаюкъара университет дуьненахь а уггаре тоьлла йолчу дешаран заведенех цхьаъ хилла дIахIуттург хиларх. Тхан, иштта, барт хилла цхьамогIа яккхий проекташ кхочушъярна тIехь а», – яздина республикин Куьйгалхочо.

Цул сов, визитан гурашкахь, Дубай гIалахь Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Абу-Дабин Верасан эла волчу Шайхаца Мохьаммад Бен Зайед Аль Нахайанца.

«Шайха сан хьомечу ненан Несин Айманин хьал-де хаьттира соьга, иштта сийлаллин дешнаш а олуш, видеокхайкхам а бира», – яздо Кадыров Рамзана ВКонтактерчу шен агIонехь.

Кадыров Рамзана дийцарехь, цхьаьнакхетарехь дийцира Шайхан Зайедан инвестицийн фондо Нохчийн Республикехь беш болчу кхиамечу балхах лаьцна. Нохчийчохь жима а, юккъера а предпринимательство кхиорехь доккха маьIна леладо оцу фондо. Фонде кхаьчначу 800 сов заявкех 100 магийна, 67 финансировани йина.

«Ларамечу Шайха Мохьаммад Бен Зайед Аль Нахайана билгалдаьккхира, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташа а, Россин субъект йолчу Нохчийн Республико а юкъаметтигаш лелоро вайн халкъийн вежараллин зIенаш чIагIйийриг хилар. Ас, сайн рогIехь, Шайх вайн республике кхайкхира, цунна бегIийла йолчу хенахь. Мохьаммад Бен Зайед Аль Нахайана довха дешнаш элира нохчийн халкъах лаьцна. Тхан цхьаьнакхетар вежараллин хьолехь а, кхидIа а, Нохчийчоьнна а, Эмираташна а юккъера зIенаш чIагIъян долчу нийятца а чекхделира», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана ша тешна хилар хаийтира, цхьаьнакхетаран жамIаша Эмираташна а, Нохчийчоьнна а юккъера экономикин а, гуманитарни а, культурин а зIенаш кхидIа а кхиорна а, чIагIъярна а тIеIаткъам бийриг хиларх.

I.МУРТАЗОВ
№28, оханан (апрель) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: