ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь хилира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 74 шо кхачарна лерина йолчу мероприятешна кечамбаран а, уьш дIаяхьаран а вовшахтохараллин комитетан кхеташо. Иза дIаяьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира.

Нохчийн Республикин къинхьегаман, балханисбаран социальни кхиоран министра, вовшахтохараллин комитетан секретара Джемаев Рустама дийцарехь, карарчу хенахь Нохчийчохь вехаш ву Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман 14 дакъалацархо а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь кхелхинчарах йисина 261 зуда а, тылан 526 къинхьегамхо а.
Кхеташонехь билгал ма-даккхара, Нохчийн Республикин къинхьегаман, балханисбаран социальни кхиоран министерствон социальни гIолацаран комплексан туьшийн белхахоша толлур ду ветеранийн, заьIапхойн, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархойх бисинчу зударийн Iер-дахаран хьелаш. Шайн цIахь социальни гIо дийр ду царна.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранаша дакъа а лоцуш, дIахьур ду «Сийлаллин аллей» мемориалан комплексана хьалха зезагаш дахкар а, кхин а цхьамогIа даздаран гIуллакхаш а.
Цул сов, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначу хIора ветеранна 100 эзар сом ахча а, тылан къинхьегамхошна 5 эзар сом ахча а лур ду.
Иштта, республикин бюджетерчу ахчанах тылан 370 къинхьегамхочун цIенош тодийр ду.
Соьлжа-ГIалахь тIеман парад дIаяхьарна кечамбарх лаьцна йолу доклад йира Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министран декхарш ханна кхочушдеш волчу Алаудинов Аптис.
Парадехь дакъалоцуш хир бу: МВД-н а, УФСИН-н а, МЧС-н а белхахой, Миноборонин а, Къоман гвардин а гIуллакххой, Суворовн училищен курсанташ (1 976 стаг). Парадехь дакъалоцуш верриге 2 792 стаг хир ву.
Бронетехникин коврана юкъахь БТР-ш, БМП-ш, штурман автомобилаш, бронеавтомобилаш, бронемашинаш, киралелон бронированни машенаш, иштта «Чаборз» тIеман машенаш а (ерриге а 102 техника) хир ю.
Парад йолчу хенахь Соьлжа-ГIалин стигалахь вертолетийн а, кеманийн а парад хир ю.
Цул сов, Соьлжа-ГIалин мэрина хьалхарчу майданахь гайта дIахIиттийна хир ю гIагI диллина а, леррина йолу а 30 техника.
Даздаршкахь юкъараллин къепе ларъеш хир ву чоьхьарчу гIуллакхийн органийн ши эзар сов белхахо а, Россин гвардин тIеман гIуллакххо а.
I.ТЕРЛОЕВ
№28, оханан (апрель) беттан 12 де, 2019 шо