Ца хезнехь а мегар дерг…

Шовзткъе итт шо кхачаза хир яра и, ша-шена кура-коча ю а моьттуш, амма, тIехьаьжча, сонта-дера зуда.

Маршруткин неIарх корта чу а къадийна, и чухьожжушехь тосаделира, цо ша сиха дIасакхарстийначу бIаьргашца тхан «меттиг» а, шен «роль» а билгалйиний.

Иза – эла, тхо – цунна хIуьттаренна, тхайн ирсана цуьнца цхьаьна некъ бан кхаж баьлларш!

Суна уллера меттиг дIалаьцна и охьахиъча, айса доьIу са а цахаззал гIелъеллачу сан хьолана бIостанехьа дара цуьнан ша-шех тоам бина, доккха са а даьккхина, яьIна аркъалтуьйсуш дIасахьийзар…

Маршруткин чоь оцу минотехь дIалецира бIаьргана хаа а ца луш, амма синна Iаткъам беш, дог охьатаIош йолчу мархано (оьрсаша-м «аура» олу моьтту суна цунах).

«Делахь, ма товш яцара-кха хьо тхоьца некъ беш», – аьлла, ойла сан коьрте эккхашехь, кисанара хьалаяьккхинчу телефон тIе шозза пIелг а хьаькхна, мохь тоьхна дIадовзийтира ша ларамаза тхоьца нисъяларан бахьана:

– Маршруткица цIа яха новкъа ели, хIара зуькарехь саца дезаш а хилла! Дог ца деара сан цига дIасакъерзаш Iан! СагIех кхета аьлла хьовзийча, церан чорпа кегон а! Цхьа бахьана хьовзийна, цигара схьавала хьекъал кхуьнан а кхочур дац! Цундела иштта атта хета-кх!

Маршрутки чохь эла хилла ца Iаш, доьзалан мукъ хьенан карахь бу а шера гуш дара…

Ша атта а хоьтуьйтуш, сагIехь тIаьхьасецначу кхуьнан цIийндех гIеххьа къа а хеташ, тховса цIа ца ван а йиш хир яц-кха цуьнан бохуш Iачу суна карладевлира, бераллехь, хатта а ца хоттуш, тхаьш цхьанхьа дахча я даханчуьра схьадахка ца кхеташ хьеделча, чукхачале лелош хилла «бозбуунчаллаш».

«Месех кхо шад бича, дов ца до», «исс къулхIа дешча, дов ца до», «куьйга тIе жайна дуьллу сурт хIиттош, салават диллича, дов ца до», кхин а масане дара тхан и «дарбанаш» (тамашийна дерг, баккъал а, дов ца деш, дIадерзар дара)…

ШолгIачу дийнахь месаш шаръян хиинчу дейишин цецйийлар дагадеъна, Дика-Децига болчу йистйоцчу безаман йовхоно елакъажар а деара суна…

«ХIара шеддаш ша-шаха хуьлу-кх хьан месех… суна гина хIума дац хIара», – бохуш, леррина уьш достуш йоллура и, улле нисъелча денанас «Ийза а ца еш, шаръе» олий, цо дийриг меттахь а ца дуьтуш…

Мерах шок а етташ, телефон тIе пIелг хьокхуш, лере лоцуш, сийсаш Iачу «Эла-стуно» оцу дагалецамех Iехаяла а ца юьтура.

ХIинца и телефон схьа ца оьцучух кхин а сов къахийтира суна…

Мацах Дадас музыкин школе дохуьйтур дац аьллий хиъча, тхаьш деха баьхкина оцу школин куьйгалхой дIабахча, Дада гар гIайгIа йолуш, шифонер чухиъна Iийначу сайх санна…

Амма телефон схьа ца оьцучун тIаьхьало, сан «лурйоларан» чаккхе санна, хир йоцийла-м шера гуш дара.

Шифонерахь лечкъина юй шена хуъушехь, со хезехь йоцуш санна, «кхана Iийча концерт яла дезаш а хилча, цигахь дукха хIума кхочушдан дезаш а хилча, хьан метта кечам бан кхечунна хан а ца хилча, иштта схьаолуш хуьлу, хIинца схьаяла оцу чуьра… кхана гойтур ю аш суна концерт, со кулубех лелар вац…», – Дадас аьлча, «концерт» кханенга татта са хьенан туьйр дара?!

Цу тIе, сан хIун бехк бара «генеральни репетици» йола аьлча, «Дадас ма гIо аьлла» бен аьлла а йоцучу?!

Оцу дагалецамах а яьккхира, эххар а цхьамма телефон схьаэцна, цу чу къевкъинчу «лулахочун» озо:

– Хьуна уллехь юй и зуда?! ДIалол и цуьнга! Хьан телефон яйъина хIунда ю? ХIетахь ас айса дIаяйъира! Хезаш дара суна ахь бохург-м, хеззашехь яйъира! Ас хьоьга телефон дIа хIунда ца кхета боху?! ЯахIума йиний ахь? Ларор яц дера хьо-м! Цкъа а раж ларйина, шен хенахь хIума вай юуш ма яц я хьуна ян а ца хаьа!…

«Маршрутка хIинца а масех стаг тIеоьшуш лаьтташ ю… хIара юзале а, Шелара дIа Минутке а, цигара хIара яха езаче а кхачале а йина ер яц те и юург?!», – хьаьвзира сан коьрте, хIара чукхаьчча цу зудчуьнга хIоттор дерг хууш.

Мелла а сиха схьаер ерг хIун йийр яра те цо бохуш ойла ян а елира, кхузахь сайн дагахь ас луьстург, хьуьлла, цхьанхьа, суна мила ю а ца хуучу зудчунна дIахаалур долуш санна «жижигах хIума ян-м ларор а хир яц, котам яц те кхаьргахь… и духовки чукхосса ларийча, и йоттучу юкъана, улле таса салат ян а ларор ма яра…», – гуттар генайолуш лаьттара со…

Амма, тховса кхеран доьзалера сурт машаре дерзо суна мел чIогIа лиъча а, я тховса а, я цул хьалха-тIаьхьа а и машар хир боцийла а хаьара… кIоршамечу дешнел а лан хала яра церан Iаь… цхьана а нанас шен доьзалхочунна мел чIогIа дов дечу хенахь а, цуьнан кийрара ер йоцу цабезаман Iаь яра несана дечу девнехь…

Некъ бахбеллера, сихха чукхача, сайн хIусамехь сирла чиркх къагон, йоккха цIе латон, цуьнца цхьаьна шуьйрра кор а диллина, кийра бузош хIаваъ чуоза а лаьара.

Адамо ша санначу адамана ницкъ ца бича а, дахаран цхьацца хиламашна хьалха цуьнан гIорасиз хиларх пайда а оьцуш, цунах шен амал ца аькхча а, ма дукха баланаш бара-кха кху дуьненахь… юхаберзон, дIататта, дIаэца вайн ницкъ ца кхочу баланаш!

Дан дарба доцу цамгарш, тIепаза байна нах, рицкъанца кхачо цахилар, аьтто бохар, некъахьовзамаш, набахтешкахь тутмакхаш, тхов кIело йоцуш висар, кIант воцуш хIу хедарш… Хьо IадIийчахьана, ахь хьайн амална урх тесчахьана хир боцу бала, хьуо санна долчу адамана ца бича а, дуьне тIехдаххал хилча…

Цу ойланаша корта эккхийтале юха а сайн дагалецамийн кирхьа дуьхьал оза ницкъ кхечира сан, цхьадика!

Цу кирхьанна тIехьара суна къежара собаре Дада, тIах-аьлла Вова, хьекъале Жима-Мама, царах даима а йоккхае Тамусик…

ПЕТИРОВА ПетIамат
№28, оханан (апрель) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: