Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьххьара зуда ялийна шен ткъе пхиъ шо кхаьчча. Иза сийдолу Хадижат хилла. Иза кхелхина кхуьнан шовзткъе дейтта шо кхаьчча. Цо Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ялх бер дина: Алкъасим, IабдуллахI, Зайнаб, Рукъиййат, Умму-Кулсум, ФатIимат (ПетIамат). Вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бераш, цхьа ПетIамат йоцург, цул хьалха кхелхина. Уггаре а хьалха ийман диллинарг ю Хадижат!
Дуьххьара Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу Жабраил Малик деача, шена хиллачух ца кхеташ, иза боккхачу сингаттамехь волуш, Хадижат хилла цунна юххера дIа ца йолуш, цунна синтем беш, цуьнан догъоьцуш лаьттинарг. Цо аьлла: «ВаллахIи, бIарлагIаш хIиттийна, хьо Дала сийсаз вийр ма вацара. Хьо гергарлонаш лелош ма ву, мел олучу дашехь бакълуьйш ма ву, буоберашна а, мискачу нахана а гIодеш а ма ву, хьешан лерам беш а ма ву, бакъо толош, харцонна дуьхьал лаьтташ а ма ву. Хьуна деанарг, шеко йоццуш, Делан Малик ма ду».
Иштта Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дог тединера цо. Хадижат цуьнан тешаме, догцIена накъост, дика зуда хилла лаьттина, массо а зудчунна дика зуда муха хила еза гойтуш, дикаллин масал хилла лаьттина.
Хадижат кхалххалц Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхин зуда ца ялийна. Хадижат кхалхарх Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) синна а, дагна а боккха лазам баьлла хилла. ТIаккха цуьнан дика накъост, тешаме доттагIа хиллачу Абу-Бакар Сиддикъа шен йоI Iайшат хьахийна цунна. Цо иза яла а йина.
ХIинца Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цул тIаьхьа хиллачу зударех лаьцна дош эр ду вай, царех хIора а ялоран бахьана а довзуьйтуш.
ЗамIатан йоI Совдат
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) йисина Iаш йолу и йоккха стаг ялийна, иза бусалба хилла хиларна. Шен цIийндеца хIижрат деш Эфиопе дIаяханчохь, иза кхалха а кхелхина, йисина Iаш хилла. Цуьнан доьзал оцу хенахь Делах ца тешаш хилла. Иза царна тIеяха ца хIуттуш хилла, шена цара Ислам-дин лелор дехкарна кхоьруш. Царна юкъахь цхьа а ца хилла бусалба йолчу цуьнгахьа гIодаккха. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) церан кхерамах кIелхьара яьккхина иза, шен дола а яьккхина. Дика хиларан а, къахетаран а бIаьрла масал ду иза.
Iумаран йоI Хьафсат
Хьафсатан цIийнда Бадрунехь хиллачу тIамехь декъал хилла. ТIаккха цуьнан дас Iумара иза йигар хьахийна Абу-Бакаре. Иза вист ца хилла. Иштта Iаффанан кIанте Iусмане а хьахийна. Иза а вист ца хилла. Iумара ша бина дегабаам Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бийцина. Iумар шена дукхавезарна, цуьнан лерам беш, Хьафсат ялийна цо.
Умму-Салмат
Ухьудехь хиллачу тIамехь цIийнда гIазот хилла йисина хилла и йоккха стаг. Цуьнан бала байбан цуьнга захало хьахийна Абу-Бакара. Цунна жоп ца делла цо. Цул тIаьхьа Iумарна захало хьахийна цуьнга. Ша йоккха ю аьлла, бехказло ялийна цо. ТIаккха, гIайгIанехь, балехь йолчу Умму-Салмате захало хьахийна, цунах къа а хетта, вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Иза реза хилла цуьнга яха. Цо иза яла а йина.
Хьарисан йоI ЖувайхIариййат
ЖувайхIариййат Делах тешаш воцчу стеган зуда хилла. Бану-МустIаликъ гIазотехь бусалбанашна вийна хилла иза. Оцу тIамехь бусалбанийн карабаьхкина хиллачу дуккха а йийсархошна юкъахь ЖувайхIариййат а хилла. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лерам бина, маьрша яьккхина иза. Цуьнан да ийман диллаза долчу Бану МустIаликъ тайпанан тхьамда хилла. Шен йоI схьаеха веанчохь ийман диллина цо. Иймане веана цуьнан ши кIант а, Иштта ийман диллина берриге а йийсарша. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ЖувайхIариййат ялийна цуьнан а, цуьнан доьзалан а сий-ларам беш.
Абу-Суфъянан йоI Умму Хьабибат
Умму Хьабибат, бусалба дин тIе а эцна, шен майрачуьнца цхьаьна Эфиопе дIаяхана хилла. Цигахь, бусалба дин дIа а тесна, хIара Iадйитина, кхин зуда ялийна майрачо. Юург-мерг латто, шен доладан да воцуш, цхьана йисина иза нехан махкахь. ТIаккха Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хабар дохьуьйту Эфиопин паччахье Наджжаше, иза цIаяийтар доьхуш. Ша цхьаъ Мединате схьайогIу Умму Хьабибат. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кIелхьара йоккху иза шен да Абу-Суфъян волчу цIа яхарх. Цу хенахь Исламан уггаре а чIогIачу мостагIех хилла иза.
Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ялийра Умму Хьабибат. Ялийра, цуьнца гергарло тесна, Исламан нуьре верза тарло-кх Абу-Суфъян аьлла. Цунна чIогIа лаьара цо, цунна тIаьхьа хIиттинчу къурайшийн наха ийман дуьллийла.
АхтIабан кIентан Хьуйаййан йоI Сафиййат
Жуьгтех йолу Сафиййат ялина цо, ирча а, лоха а йоллушехь. Цуьнан да жуьгтийн Баллу-Къурайзат тайпанан тхьамда вара. ЦIийнда кхелхинчул тIаьхьа йийсаршна юкъахь карийра иза. Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) харжам бан пурба делира цунна: лаахь шен доьзална а, шен нахана а тIе дIаяха а, я йийсарх маьршаяьлла, ийман диллина шен хIусамнана хила а. Цунна гIолий хийтира Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хIусамнана хилар.
Джаьхьшанан йоI Зайнаб
Хьарисатан кIант Зайд лай волчуьра маьршаваьккхина хилла Делан Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Цул тIаьхьа цунах шен кIант а вина, кхиийна. Цуьнга шен дейишин йоI Зайнаб яхийта лиъна цунна. Иза долийчхьана дуьйна цуьнга яха реза ца хилла Зайнаб, ша сийлахь долчу къурайшийн тайпанах ю, иза лай хилла ву, бохуш. Иштта доллушехь, цуьнга яхара иза. Делахь а ирсе ца хилира церан дахар. Вовшашца кхин тар а ца делла, дIасакъаьстира и шиъ.
Оцу гIуллакхна ша бехке хетта, цуьнан нах резабеш, Зайнаб шен долаяьккхина Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).
КъибигIин нахах йолу Марийат
Мисаран паччахьа Мукъавкъиса Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) елла хилла иза. ХIокхо сий деш а, лоруш а хилла. Цо шен дола а яьккхина. Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Марийатца дика хиларх пайда белира Мисара йоккхуш а, цигара керста нах а, бусалбанаш а берта богIуш а. Марийата вина вара ИбрахIим а. Жима волуш кхелхира иза.
Хузайматан йоI Зайнаб
Цуьнан цIийнда Ухьудехь хиллачу гIазотан тIамехь кхелхира. Цул тIаьхьа цхьамма а захало хьахош ца хилла цуьнга. Цунах къахетта, цунах дог лозуш Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ялийра иза.
Хьарисан йоI Маймунат
Маймунат Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) зударех тIаьххьарниг яра. Шовзткъе итт шаре яьлла, йисина Iаш яра иза. Къечу доьзалера а яра. Цо йигча, цуьнан гергарчу нехан Iер-дахар дикка тоделира. Мацалла евзинчул тIаьхьа Дала царна даа хIума а делира, царна кхерам хиллачул тIаьхьа, уьш паргIат а бехира.
Дукха зударий балоран бахьана
Кхачаме волчу вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Хадижатал тIаьхьа цхьа а зуда ца ялийна марзо эца. Цо мел ялийнарг я урхаллин, я адамаллин, я шарIан хьукма долуш ялийна яра. Хадижат кхелхича шовзткъе дейтта шо долуш хилла иза. Воккхачу стеган хан ю иза.
КIеззиг долчунна а тоам беш хилла, Делера салам-маршалла хиларг, дерриге а умматан хьал шен карахь доллушехь. Шен зударшца дуьненан хIуманна тIехь зовкх хьегарх юхаозавелла хилла иза.
Жуьгтех схьабевлла хиллачу цул хьалхарчу Пайхамарийн а хилла цхьаннал дукха зударий. Делахь а Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дукха зударий балоран бахьанина, маьIнина тIекхиархьама вай цуьнан дахаре хьовса деза. Иза шен къма юкъкъахь цIеналлица, догцIена хиларца, оьзда, гIиллакхе хиларца гIараваьлла жима стаг хилла. Шен 25 шо долуш Хадижат ялийна цо. Шен 54 шо кхаччалц цуьнан цхьаьннан цIийнда хилла лаьттина иза. Хадижат дIаяьллачул тIаьхьарчу къийсамийн а, гIазотан тIемийн а шерашкахь масийтта зуда ялийна цо.
Цуьнга дукха зударий балабойтуш дерг иза къинхетаме хилар дара. Цуьнан дукхахболу зударий шайн цIийндай гIазотехь декъалхилла, бисина Iаш болу, къен-миска баккхий зударий бара. Царах цхьаберш урхаллина а, адамаллина а балийна, ткъа цхьаберш шарIан хьукма бахьана долуш а балийна.
Паччахьаш санна, гIаланаш чохь, гIарбаш хьалха а хьийзош, Iан йиш йолуш вара иза. Амма дахарехь самукъа, там ца лоьхуш, юхаозавелла Iийна Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), сийлахь-йоккха бусалбанийн пачхьалкх кхуллуш, бакъдин – Ислам дIахIоттош.
(Пайдаэцна С.М.Муртазаевн «Мухьаммад (АллахIера къинхетам, маршо хуьлда цунна) – дахаран масал»
Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ