Машаран де билгалдаьккхира

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь дIадаьхьира Машаран денна – Нохчийн Республикехь контртеррористически раж дIаяккхаран 10 шо кхачарна лерина даздарш.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхара заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим, Нохчийн Республикин Парламентан депутат Нагаев Iаднан, иштта Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а, Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин а векалш, контртеррористически операцин раж йолчу шерашкахь дIакхелхинчу яртийн администрацийн дайн а, ярташкарчу маьждигийн коьртачу имамийн а доьзалш.

Цхьаьнакхетар дIадолош, Абдулмуслимов Сайд-Селима билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь контртеррористически операцин раж дIаяккхар нохчийн халкъана доккха маьIна долуш хилам хилар.

– Цу дийнахь, итт шо хьалха, маьIне хилам хилла – Нохчийн Республикехь дIаяьккхина контртеррористически операцин раж. Республика маьршачу дахаре ерзорна тIехьажийна динчу гIуллакхийн чаккхе хилла дIахIоьттира иза дIаяккхар. Цу хиламе вай дигира вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цуьнан доьналла а, хьекъал а бахьана долуш, Нохчийчоь ерриге а маьршачу дахаре йирзира. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана, шашен ца кхоош къахьегар а, цуьнан хьекъале политика а, шен халкъе болу безам а бахьанехь, терроризмана а, бандитизмана а, экстремизмана а тIехь толам баьккхира вай. Цо (Р.Кадыровс) дIахьош болчу политикин некъо цхьаьнатуьйхира нохчийн юкъаралла. Тахана вайн републикехь къаьмнашна а, динашна а юкъахь барт бу, луларчу регионашца чIагIйина дика а, пайде а юкъаметтигаш, ларйина Россин цхьаалла, – билгалдаьккхира С-С.Абдулмуслимовс.

Нагаев Iаднана билгалдаьккхира хIара дезде нохчийн халкъо Нохчийн Республикехь машар а, къепе а хилийтарехьа шайн дахар дIаделла болу шайн вежарий дагалацаран, цаьрца болу сий-ларам гайтаран а де хилар.

– Контртеррористически операцин раж дIаяккха аьтто белира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин политикин некъ бахьанехь. Дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал дIахьочу къийсамна коьрте хIоьттира иза, цо гучубехира тIом баларна, баккъал а, бехке берш, церан ямарт ойланаш а йовзуьйтуш, цо халкъана гайтира цхьаъ бен боцу машаран некъ. Дуьненаюкъарчу терроризмана тIом кхайкхийра цо. Вайна дагадогIу тIеман шерашкахь Нохчийн Республика муьлхачу хьолехь яра. Саьлнашкахь Iохкуш яра вайн гIаланаш а, ярташ а. ХIинца, хIора дийнахь хазлуш, кхиамашка кхочуш схьайогIуш ю Нохчийн Республика. Пачхьалкхан ерриге а бакъонаш йолу субъект хилла дIахIоьттина вайн регион, кхузахь болх беш Iедалан дерриге а дакъош ду, – элира депутата.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Элембаев Iалихана, контртеррористически операцин раж йолчу муьрехь кхелхинарш дага а лоцуш, доIа дира.

Цул тIаьхьа дIадаьхьира совгIаташ дар. Нохчийн Республикехь конституцин къепе меттахIотторна юкъа доккха дакъа дилларна а, Машаран денца доьзна а Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон Сийлаллин грамоташ елира Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а, Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин а, Нохчийн Республикин Прокуратурин а, Нохчийн Республикин могашаллаларъяран министерствон а, Кишиев Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университетан а векалшна.

I.ТЕРЛОЕВ
№29, оханан (апрель) беттан 16 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: