Магомаев Салавдин «Даймохк» книга йовзийтар

Оханан (апрель) беттан 11-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнан актови залехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан Магомаев Салавдин «Даймохк» цIе йолу книга йовзийтар.

Нохчийн журналистикин ветеран оцу хиламца декъалван а, цунах лаьцна дош ала а баьхкинера Магомаевн дуккха а накъостий, журналисташ, яздархой, Iилманчаш, доттагIий.

Магомаев Салавдин ницкъ кхаьчна «Даймохк» газетан 95 шо кхачаран юбилейна лерина и мехала болх язбан.

Вевзачу литературин критика, журналиста Бурчаев Хьаьлима гулбеллачарна дийцира Магомаев Салавдис язйина йолу «Даймохк» книга, нохчийн маттахь арадолуш долчу, дуьненахь а цхьаъ бен доцчу, «Даймохк» газетах а, газетехь болх биначарех а лаьцна хилар. Цо дагаяийтира газетан истори.

Газет, «Советски Автономни Нохчийчоь» цIе а йолуш, дуьххьара диллина вевзаш волчу нохчийн яздархочо Арсанов СаьIид-Бейс 1923-чу шеран оханан (апрель) 23-чу дийнахь. Цул тIаьхьа, ши шо даьлча, цIе хуьйцу газетан.

1925-чу шарахь дуьйна «Серло» хилла цуьнан цIе, 1934-чу шарахь «Ленинан некъ» аьлла, хийцина, ткъа 1990-чу шарахь «Даймохк» цIе туьллу газетана.

Шен книги тIехь С.Магомаевс яздина «Даймохк» газет диллинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна цигахь къа мел хьегначу республикин журналистех лаьцна. Царна юкъахь книгин автор ша а ву.

Презентаце баьхкинера тайп-тайпанчу шерашкахь «Даймохк» газетан редакцехь болх бина болу, Нохчийн Республикехь а, цул арахьа а бевзаш болу журналисташ. Царна юкъахь бара: Кусаев Iадиз, Мамакаев Эдуард, Гадаев Ваха, БарзанукаевгIар Ахьмад а, Айза а, Сумбулатов Дени, Ахматукаев Адам, Дадаев Сайд-Хьасан, Аболханов Хьаьким, Арсанукаев Муса, Магадаева Санет, Газиева Аза, дуккха а кхиберш.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Гудаев Лоьмас элира: «ХIора шарахь, оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь, Нохчийн меттан де билгалдоккху вай, делахь а, цул тIаьхьа биц бо вайн и мотт. Оцу дийнахь хIунда доккху-те вай и де билгал аьлла, ойла йича, «Даймохк» газет диллина де дагадаийта деза. 1923-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь диллина ду и газет. Сан тешна хиларца ала йиш ю Россин регионашкахь а, дозанал арахьа а бехаш болу вайн махкахой и газет арадаларе а, керла хаамаш бовзаре а хьоьжуш хилар. Книгах дерг аьлча, суна билгалдаккха лаьа, Магомаев Салавди, кхиболу дуккха а вайн журналистикин ветеранаш а санна, нохчийн журналистикин юьхь дIайолийначарех цхьаъ хилар».

Шен рогIехь, книгин автора Магомаев Салавдис дийцира «Даймохк» газетехь хьалха белхахой цатоарх а, шайна хьалха хIуьттуш хиллачу кхийолчу а халонех а лаьцна.

– Нохч-ГIалгIайн АССР-хь нохчийн маттахь газеташ а, журналаш а арахеца долийначу хенахь, оцу хиламашкахь дакъалаьцна ву со. И иштта хир ду бохучуьнга ур-атталла сатуьйсийла а яцара тхан Казахстанехь Iаш долчу хенахь. 1953-чу шарал тIаьхьа нохчашца йолу юкъаметтиг мелла а дикачу агIор хийцаелира. Цул тIаьхьа, ши шо даьлча, арахеца долийра газет, ткъа 1956-чу шарахь казахийн радиохь нохчийн редакцина кIиранах 15 минот яла йолийра. Оцу хиламаша тешийра вайн къоман культура а, йоза а девриг цахиларх, – элира нохчийн журналистикин къаночо.

Къона говзанчаш, хIуъа хилла латтахь а, шаьш арадаьккхинчу гIуллакхна тешаме хилар шена лууш хилар хаийтира С.Магомаевс. Цо дийцарехь, цунна шен дерриге а дахарехь дукха бевзина иштта шаьш арабаьккхинчу некъана муьтIахь хилларш.

– Книга язъеш, сан Iалашо яра къоначу журналисташка оцу нахах масал эцийтар а, шайн некъана уьш муьтIахь хила Iамор а, – элира цо.

Журналистикин къаночо, публициста, поэта, прозаика Кусаев Iадиза дийцира: – Суна чIогIа хазахета, оцу книги тIехь сох лаьцна а яздина хилар. Иза суна чIогIа маьIне ду. Оха дукха болх бина «Даймохк» газетехь. Нохчийн мотт хаа а беза, Iамо а беза, ларбан а беза. Дуккха а нахана нохчийн маттахь газет оьшуш дац аьлла хета. Делахь а, иза нийса дац. Со вайн республикин кIошташка а, ярташка а дIасавахча, суна бевзачара а, доттагIаша а даима а хотту соьга, ненан маттахь йолу книгаш а, газеташ а деаний ахь, олий.

Профессора, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан философин а, политологин а, социологин а кафедрин заведующис, философин Iилманийн кандидата Гадаев Вахас билгалдаьккхира книгин тираж кIезиг хилар.

– Нохчийн мотт «ЦIечу книги» юкъабахийтина. И ду вайн мотт юкъара дIабала гергабахана бу бохург. Оцу газето денбо вайн мотт, иза оьшуш хилар а, цуьнан маьIна а гойту. Халахеташ делахь а, вай Къилбаседа Кавказехь уггаре а доккха къам долушшехь, газетан тираж чIогIа лахара ю. Вайн къоман культура ларъяр вайн декхар ду. Цхьаболчу нахана, вайн хелхарш а, эшарш а, декоративни говзалла а юкъара дIаяккха еза аьлла хета. Иза чIогIа кхераме хIума ду. Цундела вайн вешан къоман культура кхио а, ларъян а еза, хIунда аьлча культура йоцу къам делла ду. Культура а йоцуш, патриотизм а, шен Даймахке безам а хир бац, – билгалдаьккхира Iилманчас.

Нохчийн журналистикин къаноша шайн къамелашкахь билгалдаьккхира, «Даймохк» газето нохчийн мотт а, нохчийн йоза а кхиорехь а, довзийтарехь доккха маьIна лелош хилар а, цхьа бIе шо гергга истори йолчу оцу газетан тираж лакхаяккхарна тIе тидам бахийта безаш хилар а.

ДоттагIаллин хьолехь дIадаьхьира цхьаьнакхетар. Гулбеллачара вовшашна дуьйцура хьалха хиллачарех-леллачарех, шаьш цхьаьна бинчу балхах, шайн дагалецамех лаьцна.

Цхьаьнакхетар чекхдаьлча а, дIаса ца боьлхуш, къамелаш деш, суьрташ дохуш Iийра гулбелларш. Царах дукхахболчара иттаннаш шерашкахь цхьаьна болх бина, цундела церан дуккха а дара дагалаца а, дийца а.

I.МУРТАЗОВ
№29, оханан (апрель) беттан 16 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: