Лаьмнашна а, хьаннашна а юккъехула дIабоьдучу ширачу некъаца, аьрхачу хин бердайистехь лаьттара къена Наж. Шен оьмарехь дуккха а мехаш, дарцаш лайнера цо. Теш хиллера буьрсачу тIемийн, къоначара дуьйцучу захалонийн. Цуьнан IиндагIехь садаIа хийшинера нохчийн хьикмате къаной.

«Наж болччохь вовшахкхетар ду вай», – олий, меттиг юьллура кегийрхоша…
Амма цхьана дийнахь бIо сецира цунна уллехь, туп а тоьхна. Цуьнан баьччина ца безабелира Наж.
«Гонаха бIаьрг кхарсто суна новкъарло йо цуьнан генаша. ДIахедаде. Пеша тахка. ЦIе йовха хуьлу церан», – омра дира баьччано.
ДIахедийра генаш. ХIинца куьг доцу бIаьхо санна лаьттара Наж. Къацахетарша шена тIехь динарг турпалаллица ловш.
Хаза аьхке а, цунна тIаьххье токхе гуьйре а дIаелира. Лаьмнийн хьаннашкахь а, чIожашкахь а мох цIийза белира. Наггахь букар дарц хьовзадора. Оцу дерригенна а Наж бехке лерира бIон баьччано.
«Хьалха, шуьйрра генаш дIасадаьржина лаьттачу хенахь, хIокху Нажо мох, дарц сацадора. ХIинца кхуьнах хуьлуш гIо дац. Хадабе! Охьатоха!», – тIечевхира баьчча шен бIаьхошна.
Шайга аьлларг дарний бен Iамийна боцу, хьесап дар доцу бIаьхой, дагарш, херхаш эцна, Ножана тIебирзира… Доккха «ахI» олуш буьйжира Наж. Еккъа цхьа юьхк йисира. Наж дIабаьккхича, хьалха цкъа а хьекхна боцу мох хьекха болийра цигахь. Мел чIогIа пешаш ягорах четарш чохь йовхо соцуш яцара.
Пеша тиллинчу дечиго а, шех цIе латийча а, йовхо ца луш санна хетара. Шелонан цамгарш хьакхаелира бIаьхойх. Метта вуьйжира, бетера къаьркъа доккхуш воцу, ерриге а хьун ягийна дIаяккха араваьлла хилла бIон баьчча а.
Кхин цигахь Iойла а ца хилла, цхьана дийнахь, бIо дIабахара. Юха а бIаьсте елира лаьмнашца. Маьлхан беркатечу зIаьнарша Iалам дендира…
Хьо тамаша! Ножан юьхко маргIал тесира. Гурале оцу юьхкан орамаша кхаа синтарна дахар делира, шен дерриге а мутт, ницкъ царна дIалуш. Шо-шаре далале, гIад стамделла, генаш хецна дIахIоьттира къона кхо Наж. Цхьаьннан метта – кхо Наж. ХIинца «Кхо Наж болу меттиг» – олура цунах.
Геннара хьаьжча кхаа гIаролхочух тарлора и кхо Наж. Хьалха а санна церан IиндагIехь садоIура къаноша а, некъахоша а. Цаьргара дуккха а хIума девзира Нежнашна. Хийисте мехкарий а, кегийнах а гуллора. Исбаьхьа дара дахар а, Iалам а. Церан генаш хьоьстура эсалчу мехаша. Зовкх дара ишттачу махкахь кхиар а, дахар а.
Дуьненан марзо-чам бевзина, кхо Наж стигалах бохь хьекхалуш дIахIоьттира. Оцу хенахь юха а бIо баьржира нохчийн лаьмнашца. Цара буьйцучу маттах а, цара лелочух а, царна кхузара цхьа а хIума бIаьргадан дезаш цахиларх а цакхетара кхо Наж. Царна хийра адамаш дара уьш… Массо а хIуманца. Шайл хьалха хIокху лаьмнашка баьхкинчу бIонаша санна, хIокху бIоно а оцу кхаа Ножана-вешина уллехь туп туьйхира.
Гонаха кIохцал-сара тосуш, леккха керт йира, четарш дIахIиттийра, шаьш цхьа-ши де даккха ца даьхкиний, мохк дола баккха даьхкиний, хIинца дай шаьш дуй хаийта санна, некъ дIалецира, зIар хIоттийна.
ХIинццалц кхузарчу некъаца маьрша дIасалелаш хилларш, зIарал, я дехьа я сехьа а ца бовлуьйтура герзах боьттина болчу бIаьхоша. ТIехь йоцу ясакх яра некъаца дIасаваха лууш волчуьнгара йоккхуш.
Оцу дерригенан теш хилла лаьттара кхо Наж. ЧагIаро корта хьовзийна волчу бIон баьччан бIаьрг сецира, Iаламан гIарол санна, лаьттачу кхаа Ножанна тIехь. Кхузара халкъ санна, дегала а, оьзда а, халонашна къарлур боцуш а хийтира цунна и кхоъ.
Шех ца бешаш а хийтира. Баьччане лалур долуш хIума дацара и. Тахана хIара вара массо хIуманан а да. Цо динарг дохо, ца маго цхьа а вацара. Цунна хетар-кха иза иштта ду аьлла.
Цундела цо омра дира: «Сол лекха, сол кура хIума хила йиш яц кхузахь, ур-атталла дитт а. Хададай охьадилла кхоъэ а!».
Цуьнан омра кхочушдан сихбелира бIаьхой. Юха а хьалхалерра дагарш, херхаш. Уьш кхаа Ножан дегIах детта долийра. Херхаша гуттар са кхачийнера. Цаьрга бIаьргбетташ, уьш лаьтта охьакхета долу минот ларъеш лаьттара баьчча. Эххар а, дахарх хедира оьзда, нуьцкъала кхо Наж. Болатана дуьхьал латта гIорасиз хилира уьш.
Вела а къежаш лаьттара баьчча. Кхо Наж боьжнера. Толам баьккхинера баьччано. Цуьнан хелхавала, цIокъ хьекха дог догIура.
«Дера веза со оцу кхаа Ножан юьхкаш тIехь бохь бугIуш хелхавала», – дагадеара цунна.
ДегIехь «эпсаран кеп» хиларна, гIеххьа кога тIехь гал а вуьйлуш, Ножан буха тIе велира иза. Холчу хIоьттира, «хьацар туьйхира», Наж охьатоьхча йисинчу юьхкана. Нагахь санна дала тарлуш хиллехь, хьацар-м ца хаьа, цIий а гучудаьлла хир дара оцу юьхка тIехь, буха тIехь. Цу тIе а ваьлла, хелхаран кеп хIотто воьллачу баьччин, ший а ког шершира. Иза дукха вуон охьавуьйжира букъ кхийтира юьхкан маьIIе.
«Ткъорш», – аьлла, тата делира, поп охьакхетча санна. Лаьмнаш, хьаннаш, Iаннаш Iадош, мохь белира баьччин.
Берриге а бIаьхой тIехьаьвдира цунна. ДIасахьаьвсира. Баьччин букъасурт кагделлера. Кхин цкъа а когаш тIе а хIотталур воцуш. Амма иза ца велира. Дийна висира.
Цунна массо а хIуманна бехке Ножан юьхк хийтира: «ЦIе тасий ягае иза а, цунна юххера шиъ а!» – аьлла, тIаьххьара омра дира цо, ша хIокху махкара дIавигале.
Пекъарна ца хаьара бохь хадорах а, гIад кагдарх а, юьхках сийна цIе йилларх а, орам дийна мел бу, нохчийн махкахь нохчийн Наж денлур буй, иза хьалха хиллачул а хазбелла, тобелла гIоттур буй.
Пекъарна ца деллера и хаар. Цуьнан орам бацара и хаа. Иза хIу доцуш, кхане йоцуш, вайна ваьлла вара, цкъачунна заьIапхочун гIудалкхахь хан такха висина волу.
Цуьнан бIо а дIабахара, шена тайна боцчу махкара, кхин кхуза ца бан чIагIо йина.
Маьрша бу хIинца лаьмнашна, хьаннашна юккъехула дIабоьдуш болу некъ. Цхьана а меттехь хIоттийна зIар дац. ТIехь йоцу ясакх йоьхуш хийрачу махкара бIо а бац.
Цкъа мацах бIон баьччас сийна цIе тасийтинчу Ножан юьхка юххехула хьалабаьлла, стигала кхевдина лаьтташ Наж-м бу, нохчийн са санна чIагIбелла лаьтташ…
С.ХАСАНОВ
№29, оханан (апрель) беттан 16 де, 2019 шо