Хьомсара махкахой!
Даггара декъалдо шу Нохчийн Республикехь контртеррористически операцин раж дIаяьккхина 10 шо кхачарца.

Контртеррористически операцин раж дIаяккхаран хьокъехь болу кхолламан маьIне сацам мехкан политикин лаккхарчу куьйгалло тIеийцира 2009-чу шеран оханан (апрель) беттан 16-чу дийнахь. Цундела, бакъонца, цунна Машаран де цIе а тиллина.
Бала-гIайгIа дукха лайначу нохчийн махкахь машар, къепе, синтем хилар официальни дIакхайкхина хиларан билгало ю иза.
Вайн республикерчу бахархошна тIом чекхбалар официальни дIакхайкхийна хилар а, чекхбаьлла лерина хилар а бакъдолу дезде хилла дIахIоьттира, цо церан дегнашкахь кханалерчу дийне тешам кхоьллира, Нохчийн Республика маьрша, зовкхе кхуьург хиларе сатийсам кхоьллира. И сатийсамаш а, тешам а нийса а бара. ХIунда аьлча, контртеррористически операцин раж дIаяккхарца Нохчийн Республикина шуьйрра таронаш схьаеллаелира экономика когахIотторна а, кхиорна а, чIагIъярна а. Контртеррористически операцин раж дIаяккхаро регион кхиорна керла шовкъ елира.
ТIамна тIехь машаре толам баккхийтаре болу некъ дIаболийра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цо олура: «Со тIом сацо лууш вац, со иза гуттаренна а дIабаккха лууш ву!». Цуьнан доьналла, хьикмат, цунна генна хьалха хиндерг дика гар бахьана долуш хIоьттира Нохчийн Республика кхачам боллуш машаран некъа тIе.
Цул хьалха цкъа хилла а, гина а боцчу барамашкахь дIадаьхьира хIусамаш яр, предприятеш, социальни объекташ яр, маьждигаш, хьуьжарш яр, зераташ меттахIиттор. Республике баьхкира Россера а, дозанал арахьара а инвесторш. Машаран дийно республикина а, цуьнан халкъашна а схьабиллира зазадаккхаре, токхене боьду некъ. Уггаре а коьртаниг – нохчийн халкъо юха а шен дика цIе яккхийтира. Иза кхиорхо, гIишлошъярхо, Даймохк ларбархо санна девзира.
Вай даима а дагахь латтор бу нохчийн халкъ маьрша дахийтаран, цуьнан кхане ирсе хилийтаран дуьхьа шайн синош дIаделла болу вайн вежарий. Даймехкан тешамечу кIентийн хьуьнар, доьналла даима а вайн дегнашкахь дехар ду.
Лараме махкахой! Хьалхахьа вайга хьоьжуш кхин а баккхий кхиамаш а, керла толамаш а бу. Вай, цхьа а шеко йоцуш, цаьрга кхочур а ду. Вайн юкъарчу Даймахкахь беркат дебийла, диканаш алсамдовлийла, машар а, синтем а лаьттийла! Машаран денца, кхин цкъа а декъалдо шу!
№29, оханан (апрель) беттан 16 де, 2019 шо