ХIутосург (май) баттахь «Соьлжа-ГIала – Тбилиси» авиамаршрут схьаелла дагахь ду Соьлжа-ГIалин аэропортан куьйгалла. Иштта хаам бина цуьнан (аэропортан) коьртачу директора Гамбулатов Султана.

«Советийн Союз йоьхначул тIаьхьа дуьйна къевлина лаьттина ю и авиамаршрут. Амма хIинца, Гуьржийчуьрчу тхайн белхан накъосташца оцу авиамаршрутан хьокъехь барт хиллачул тIаьхьа, цигарчу авиакомпанешка кхайкхам бина оха. Цкъачунна хьоьжуш ду – муьлхачу авиакомпанина луур ду оцу авиамаршрутехула шен кема дIасалелийта», – билгалдаьккхина цо.
Цул сов, аьхкенан муьрехь схьаелла лерина кхин а ши маршрут а ю: «Соьлжа-ГIала – Нур-Султан», «Соьлжа-ГIала – Анталья».
«Хьалхо бина кхин цхьа хаам а бара – «Соьлжа-ГIала – Шарджа» авиамаршрутан хьокъехь бара и. Оханан (апрель) беттан 20-чу дийнахь оцу маршрутехула «AirArabia» авиакомпанин кема дара дIасадаха дезаш. Амма цигахь жимма хийцамаш хилла. Оцу хийцамашца нийса а догIуш, юха а схьайоьллучу авиамаршрутехула дуьххьарлера кема цхьа де хьалха дIасагIур ду – вуьшта аьлча, оханан (апрель) беттан 19-чу дийнахь», – тIетоьхна цо.
Билгалдаккха догIу 2018-чу шарахь Соьлжа-ГIалин аэропортехула 458 эзар пассажир дIасавахана хилар. Иза, 2017-чу шарца дуьстича, 30 процентана алсам хуьлу.
Карарчу шарахь, аэропортан куьйгаллина хетарехь, 600–700 эзар пассажир дIасаваха тарло нохчийн пачхьенан «хIаваан кевнашкахула».
И.ИСЛАМОВ
№30, оханан (апрель) беттан 19 де, 2019 шо