Нохчийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а дозанна гена йоццуш ю бIаьвнийн Дакан-Чу олуш йолу гIала – МIайстойн чIожахь ю и. ХIинццалц иза гIала-дийцар лоруш яра, хIунда аьлча, цунах лаьцна хууш дерг Итон-Кхаьллан кIоштарчу бахархойн дийцаршкара бен цахиларна.

Бакъду, нохчийн археолога Акбулатов Майрбека хьахийна иза 1928-чу шарахь. Делахь а, лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, цо а и гIала хилар меттигерчу бахархойн (цо уьш Фарандз-Кхелан бахархой бу аьлла) къамелан буха тIехь билгалдаьккхина хилла. Цул тIаьхьа МIайстахь дуккха а талламхой а, талламан а, археологин а тобанаш а хилла, амма Дакан-Чу карийна яц царна. Аьлча а, карийна яцара… 2018-чу шеран оханан (апрель) бутт кхаччалц. Оцу баттахь карийна иза нохчийн археологашна.
Цул тIаьхьа чекхдаьлларг дийнна шо делахь а, оцу гIалин декъехь болх ца беш ца Iийна нохчийн археологаш а, вайн къоман ширачу архитектурин говзанчаш а – гIалин 3D-модель а хIоттийна, гIуран (декабрь) баттахь аэросъемкаш а йина, иштта, радиоуглеродийн анализ а яьккхина.
И анализ яккхар бахьана долуш билгалдаьлла гIала XII–XVII-чуй бIешерашкара хилар.
Республикин Iилманийн академин Гуманитарни талламийн институтан Археологин талламийн туьшан белхахочо Ахмаров Азамата дийцарехь, карарчу шеран аьхка дIабахьа безаш оцу гIалахь талламан а, археологин а баккхий белхаш бу.
«Оцу гIалахь, я вуьшта аьлча, гIишлойн комплексехь, талламан а, археологин а белхаш аьхка дIабахьа дагахь ду тхо. Комплексан хьокъехь аьлча, Дакан-Чу гIалахь ши бIов ю – тIеман а, чохь Iен а. Цул сов, керт а, гIаролан чIагIалла а лара мегар долуш пен а бу цигахь цхьаццанхьа хаалуш. Иштта, маьлхан ши каш а ду цунна уллехь. Цигахь талламаш дIабахьарехь дакъалоцуш беккъа цхьа археологаш хилла Iийр бац – оьшур бу историкаш, антропологаш, архитекторш, геодезисташ, суьрташдахкархой», – элира цо.
И белхаш чекхбевллачул тIаьхьа, Дакан-Чу Органан историн-архитектурин а, Iаламан а музей-заповедникан реестра юкъа йохуьйтур ю.
Чаккхенехь билгалдаккха догIу нохчийн археолога Акбулатов Майрбекан МIайстан хьокъехь йолу отчет республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министрана Умаров Джамбулатана Санкт-Петербургехь карийна хилар.
ВАЧАЕВ Раджап
№30, оханан (апрель) беттан 19 де, 2019 шо