Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юккъера доза ДӀасацабахьалучу бахаман цхьааллин пачхьалкхан реестре (ЕГРН) баккхаран декъехь бечу балха тӀехь харцонаш а лелийна, Нохчийчоьнан 300 сов гектар латта Дагестанах «дӀатоьхна» лулахоша – кадастран 05:43:000366:4, 05:43:000366:8, 05:02:000186:1, 05:02:000186:2, 05:02:000186:13, 05:02:000000:457, 05:15:000028:43, 05:25:000028:855, 05:23:000032:45 лоьмарш йолу Шелковски а, Нажи-Юьртан а кӀоштийн латтанаш ду дуьйцурш.
Лакхахь хьахийна латтанаш ДӀасацабахьалучу бахаман цхьааллин пачхьалкхан реестра чуьрчу Дагестанан дозанех цхьана дийнахь дIатоьхна хиларе терра, царна елла юкъара цхьа лоьмар а ю – хийцамийн 136-гIа лоьмар.
И болх лулахоша карарчу шеран чиллин (февраль) беттан 25-чохь бина. Лулахоша и болх барх а, царна арз ца деш, цара динарг Нохчийчоьнан Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а ца доккхуш, шайца гӀиллакх лаьцча, кхин эхь а ца хеташ, «Нохчийчоьно дӀалаьцна Дагестанан латтанаш» бохуш, гӀовгӀа эккхийтина цара.
«… Дагестанан агIор динчу «къолана» бIаьргаш дIакъовлар вайна марахдаьлла – Нохчийчоьнна дуьхьал питанаш а, харц-хаамаш а болийна. Далийна цхьа тоьшалла а доцуш, хеташ цуьрриг эхь а доцуш, Дагестанан латтанаш дола дохуш ю Нохчийчоь бохуш, вайна дуьхьал болийна болх бу. Ткъа, ма-дарра аьлча, оцу балхана бечу талламо вуно атта гучудоккху лечкъош а, дола дохуш а вайн мехкан – Нохчийн Республикин – латтанаш хилар», – аьлла, дIахьедар дина оцу хьокъехь Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Юкъараллин палатийн декъашхочо Солтаев Мансура.
Кхузахь дагадогӀу нохчийн «Сайна алале дӀаолуш ву со» бохуш, долу кица.
Билгалдаккха догӀу изза болх, хӀинццалц, ГӀалгӀайчоьнан куьйгалло а лелийна хилар.
И.АДАМОВ
№30, оханан (апрель) беттан 19 де, 2019 шо