Хаза туьйра хаза ду – цхьа а шеко яц цу тӀехь. Амма, иза мел исбаьхьа хиларх а, туьйра туьйрий бен дац. Иза дицдан мегар дац, хӀунда аьлча, туьйра, шен бух а болуш, хилам бу аьлла, цхьаъ дийца я яздан воьлча, цо шех нах белабо. И ду лулахойн туьйранчаша дийриг а.
Ткъа ВаларгтӀе юьртан историх лаьцна аьлча, билгалдаккха догӀу иза Нуьйрике а, Ӏумах-Юрт а олучу шина кӀотаран буха тӀехь кхоллаелла хилар а, цуьнан цӀе уллерчу хих (цуьнан цӀарах) тиллина хилар а.
И ши кӀотар Дуьрда а, Хьаьжи а бохуш хиллачу шина вашас йиллина ю. 1808-чу шарахь бакъдуьнена вирзина Хьаьжи а, 1810-чу шарахь цунна «тӀаьхьавахана» Дуьрда а дӀавоьллина кешнаш хӀинца а долуш ду цигахь.
Цул сов, оцу шина вешин тIахьенах болу нах а бу оцу юьртахь тахана а бехаш – шина вешин цIарах некъе а йолуш ю ур-атталла.
Иштта, хууш ду 1840-чу шарахь, боьдуш Россин а, Кавказан а тӀом а болуш, оцу майданца охьадогӀучу хица, паччахьан а, Шемалан а эскарийн тасадалар хилла хилар.
Оцу тасадаларехь Шемалан эскар эшийча, меттигерчу нохчаша дӀатесна и юрт.
Цигахь дакъалоцуш хиллачу оьрсийн поэта Лермонтов Михаила «Валерик» аьлла, лерина байт а язйина оцу тасадаларан хьокъехь.
Ткъа поэта «Валерик» цӀе кхоллар иштта довзуьйту говзанчаша: поэта, хьаг а велла, хи схьаэцча, цунна гира дуккха а цӀий. Ӏадийначу цо, хаьттира: «ХӀара хӀун ю? Хи ду я цӀий ду? ХӀун ю кхуьнан цӀе?».
«Иза Валарг ду. Оьрсийн маттахь аьлча – Ӏожаллин хи – Валерик», – аьлла, жоп делира цунна.
И.ХАСАХАНОВ
№30, оханан (апрель) беттан 19 де, 2019 шо