«ЧеченАгроЭкспо – 2019» регионашна юкъара гайтам дIабаьхьира Соьлжа-ГIалахь

ХIокху деношкахь Нохчийчоьнан пачхьенан мэрина хьалхарчу майданахь дIабаьхьира «ЧеченАгроЭкспо – 2019» цIе йолу регионашна юкъара леррина болу хIорашеран 10-гIа (юбилейн) гайтам. Даздаран хьолехь гайтам схьабелларехь дакъалоцуш вара Соьлжа-ГIалин мэран хьалхара заместитель Хаджимурадов Iийса а, Нохчийн Республикин Махлелоран-промышленни палатин президент Адаев Нурбек а, ГIалгIайн Республикин а, Дагестанан а юьртан бахаман министерствийн а, ГК «Ростсельмашан» а векалш а.

Шайн къамелашкахь цара билгалдаьккхира, «ЧеченАгроЭкспо – 2019» гайтам дIабахьар республикина хилла ца Iаш, ерриге пачхьалкхана а мехала хилар, иштта, билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана тидам а, гIо-накъосталла а дар бахьанехь регионан юьртабахаман дакъа сиха кхуьуш догIуш хилар а.

ЦIен аса хадийначул тIаьхьа гулбеллачарна лерина гайтира концертан программа. Вокалан а, хелхаран а номерш гайтира кхузахь республикин берийн кхоллараллин тобанаша.

Мероприятин официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалин мэран хьалхара заместитель Хаджимурадов Iийса а, мэран заместитель Очаров Шемал а хьаьжира оборудованин цхьайолчу кепашка, церан таронийн лаккхара мах а хадийра цара.

Ерриге а кхузахь гайтаме йиллинарг яра 70 тайпа республикин а, регионийн а, дозанал арахьара а сурсаташ. Цу юкъайогIу кхузаманан юьртабахаман техника, машенаш, юхакечдаран промышленностана лерина гIирсаш а, технологеш а, баттарчий а, дIахьарчоргаш а, молханаш, ораматаш ларъяран гIирсаш а.

Иштта, кхузахь гайтира кхачанан сурсаташ: йоьхьаш, консерваш, жижиган, шурин сурсаташ, накхарийн сурсаташ, ораматийн даьтта, чамбийригаш, Iаьвнан а, кондитерски а сурсаташ.

Гайтам-форум дIаяхьаран Iалашо ю регионашна юкъара зIенаш кхиор а, чIагIъяр а, конкуренцин нуьцкъалла долу сурсаташ а, товараш а, хьашташ а хьалхататтар а, республикин экономикин агропромышленни комплексан инвестицийн дикалла а, гIуллаккхаллин жигаралла а лакхаяккхар а.

Леррина болу 10-гIа агропромышленни гайтам – иза башха коммуникацийн майда ю, цигахь цхьаьнакхета агропромышленни комплексан а, юхакечдаран а, кхачанан а промышленностан а коьрта говзанчаш, бовзуьйту инновацийн кхиамаш а, кхузаманан технологеш а, вовшашна пайде йолу зIенаш чIагIйо.

Республикехь агропромышленни комплексан юхакечдаран декъана лерина йолу аьргаллин база хиларо республике инвестицеш ян аьтто бо.

Гайтаман гIуллакхаллин программо таро ло юьртан бахамехь йолу керла технологеш йовзийта а, вайн пачхьалкхан продукцин конкуренцин дикалла лакхаяккхаран а, модернизаци яран а Iалашонца, Россин агропромышленни комплекс кхиоран мехала гIуллакхаш дийцаре дан а.

«ЧеченАгроЭкспо – 2019» гайтам дIабирзира оханан (апрель) беттан 14-чу дийнахь, суьйранна, ялх сахьт даьлча.

Дагадоуьйту, гайтам вовшахтоьхнарг яра Нохчийн Республикин Махлелоран-промышленни палата а, Соьлжа-ГIалин мэри а.

I.ТЕРЛОЕВ
№30, оханан (апрель) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: