Нохчийчохь билгалдаьккхира Машаран де

Оханан (апрель) беттан 16-чу дийнахь билгалдоккхучу Машаран денца (Нохчийн Республикехь контртеррористически операцин раж дIаяккхаран де) доьзна Соьлжа-ГIалахь а, ерриге республикехь а дIаяьхьира цхьамогIа мероприятеш.

Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министран декхарш ханна кхочушдеш волчу Алаудинов Аптис а, Россин ФСВНГ-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин хьаькама Делимханов Шарипа а, Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитела Жамалдаев Шаида а, Нохчийн Республикин Правительствон декъашхоша а бакъонашларъяран органийн дакъойн куьйгалхоша зезагаш дехкира Кхелхинчу турпалхойн хIолламна хьалха.

Хучиев Муслима билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь контртеррористически раж дIаяккхар чIогIа маьIне хилам хилар а, цуьнца цхьаьна республика социальни-экономикин а, юкъараллин-политикин а кхиа йолаялар а.

Кхелхинчу турпалхошна доIа а деш, ерзийра мероприяти.

Театран-концертийн залехь дIадаьхьира Машаран денна лерина цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а, республикин берриге пачхьалкхан Iедалан органийн векалш.

Республикин Куьйгайхочо билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а, Россин Федерацин ФСВНГ-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин а, кхийолчу нуьцкъаллин ведомствийн а ветеранаш а, белхахой а вайн халкъан синтем, машар ларбеш схьабогIуш хилар.

– Итт шо хьалха, Россин Президента Медведев Дмитрийс Нохчийчохь контртеррористически операцин раж дIаяккхаран мехала политикин сацам тIеийцира, ткъа Къоман антитеррористически комитето оцу хьокъехь официальни документ зорбане даьккхира. Суна кхин цкъа а, нохчийн халкъан цIарах даггара баркалла ала лаьа Дмитрий Анатольевична Нохчийчоьнан халкъан дахарна а, ерриге а Россина а мехала болу и сацам тIеэцарна. ХIокху дийнан мах хадийна вер а вац, – элира Кадыров Рамзана.

Цо, иштта, билгалдаьккхира Нохчийчоьнан а, Россин а бакъболу патриоташ даима а халкъан иэсехь бехарг хилар.

Терроризмаца къийсам латтош дIакхелхинчийн хIолламна уллехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхина полицин белхахой а дагалацар.

Дезачу денна лерина флэшмоб дIаяьхьира Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь. Иза вовшахтоьхнарг яра Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство. Цигахь дакъалецира республикин лаккхарчу дешаран заведенийн студенташа, кегийрхойн юкъараллин организацийн жигархоша.

Цул сов, контртеррористически операцин раж дIаяккхаран 10 шо кхачар билгалдаьккхира Нохчийчоьнан ерриге а кIошташкахь.

I.МУРТАЗОВ
№30, оханан (апрель) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: