Нохчийн йоI – стигалан Iаьршашкахь

65c7b9536ca2a2554769ef482a88b680

Бераллехь вайх хIораммо а  сатосу стигалан Iаьршашка кхачаДовза лаьа цигахь дерг. Гергарло деза  малхаца, баттаца, седарчашца.  Теша, хIоранна а шен седа карор бу, бохучух.

Ларинин бераллехь а дара иштта. Цуьнан самукъадолура стигалх.  Стигалца яра цуьнан ойланаш, цуьнца дузура цо шен дахар.

Евмурзаева Ларина авиацица гергарло долчу  доьзалехь  дуьненчу  яьлла. Цуьнан да  Хьусейн а, ши ваша Тамерлан а, Анзор а, шичой а пилоташ бу.

Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Ларина ненаца Саратове  яхара. Цуьнан сатийсам бара Краснокутскерчу летни училище деша яха. Ларамаза дацара йоIа и гIала харжар. Цигахь доьшуш цуьнан вежарий а, шичой а бара. Училищен тIеэцаран комисси дуьхьал елира йоI деша  дIаэца. Дешаран заведенин гIиллакхашца ца догIу, бохура цара, мехкаршна тIех хала а, кхераме а говзалла Iамор.  Ларина къаръелла, юха  ца  елира. Ша бохучунна тIебалийра цо комиссин декъашхой. Цул сов, экзаменаш а дIаелира  тIех дика.

Училищехь доьшуш волчу 90 курсантана юккъехь цхьаъ бен йоI яцара. Иза а нохчи яра.

Бераллехь дуьйна дезара Ларинина кемаца мел дозург. Дас а, вежарша а шайн  болх, дешар дуьйцуш, цаьрга леррина ладугIура. Уьш ирсе хетара цунна. Дуккха а хаттарш кхоллалора коьртехь, цхьадолчарна жоьпаш ца карадора. «Оццул доккха кема стигал муха даккхало-те?», – бохучу хаттарна жоп тIаьхьа бен ца карийра йоIана.

 

Ларинин нана хьехархо ю. ЙоIа бинчу харжамна дуьхьал яра иза. «Зударийн гIуллакх дац иза, наха а бехк буьллур бу», – бохура цо. Амма дас а, вежарша а хийцира цуьнан ойла, йоь1ан лаамна тIе ялийра нана.

23 шо кхаьчна нохчийн пилот тIе бIаьрг хIуттуш, хаза куц долуш ю. Цул сов, куралла а ца хаало цуьнгахь. Иза массаьрца а елаелла, екхаелла ю. Цуьнан куьцаца ийна ю догцIеналла. Ларина пилот хилла ца Iаш, хIусамнана а, нана а ю.

Краснокутски училищехь деша йолаелла хан уггаре а хала хан лору цо. «Къаьсттина хала дара кеман  цуьнан хIора меже Iамош. Мичахь, муьлха гайка, шуруп ю хьовзийна хаа а, дагахь латто а  дезара. Со тIаьхьа ца кхуьуш хIума хилча,  лакхарчу курсашкахь доьшуш болчу вежаршка а, шичошка а орца доьхура ас», – бохура Ларинас.

Училище чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Ларина болх бан «Грозный Авиа» авиакомпане еара. Кеманан тIома  хьалха хаале, кхидIа а деша дийзира цуьнан. Цхьана шарахь сов шен хаарш кIаргдира цо Самаре а, Минводе а курсашка  оьхуш. «Краснокутскера цIа еанчул тIаьхьа, чIогIа лаьара суна кема хахка. Амма, хьалха Iамийнарг тIечIагIдан дезара, хIунда аьлча, ас юьхьарлаьцнарг тIех жоьпалле гIуллакх дара», – бохура Ларинас.

Тахана иза «Грозный – Москва – Грозный» лелаш долчу кеманан  шолгIа пилот ю. Иза йоI яра аьлла, цхьа а озабезам ца бо цуьнгахьа командира. «Уггаре а хьалха иза пилот ю, массаьргара санна Ларинера жоп доьху. Ша лелош долу «Як-42» кема тIехдика девза цунна, ткъа иза чIогIа мехала ду», –боху цуьнан командира Кундетов Анвара.

ХIора рейсана жоьпаллица кечам бо цо. Бортин системаш а, прибораш а муьлхачу хьолехь ю толлу. Шех бIобулуш кхочушдо шолгIачу пилотан декхарш. Тахана цо кема Соьлжа-ГIалара Москва дуьгур ду. Сохьтехь 800 км хир ю кеманан сихалла. Салон чуьра пассажираш охьахевшина а, дIанисбелла а бевлча. Цхьанна а  дага ца догIу, кеманан штурвалана хьалха йоI ю, аьлла. Бортпроводнико маршалла а хоттуш, экипажан декъашхойн цIерш яьхча, пассажираш цец а бовлий, вовшашка хьовсу. Церан яххьаш тIехь самукъадалар го, вовшашка деш долу хеттарш а хеза: «ЙоI ю? Нохчийн йоI ма ю иза! Дала аьтто бойла цуьнан!», – бохуш, къамелаш хеза салона чохь. «Ма боккха кхаъ бу нохчийн  йоI пилот хилар», – боху цхьана пассажиро.

15 шо хьалха, вайн махка тIеман бала беанчу хенахь,  нохчийн мехкарша стигалан Iаршашка кеманаш а дохуш, дахар хир ду аьлча, цхьа а тешар вацара. Тахана бакъ хилла дIахIоьттинарг ду иза.

Советски Союз йолуш дуьненна а  нохчийн дуьххьарлера летчица Насуханова Ляля. Цу хенахь махках даьккхина лелийначу халкъана юккъера иштта йоI ялар доккха хIума дара. Нохчийн летчица, парашютистка, летчик-инструктор хилла ца Iаш, Ляля СССР-н  Спортан хьакъ йолу  мастер, кеманан спортехула долчу зударийн къийсадаларшкахь  йоьзан  призер, лакхарчу пилотажехула йолчу СССР-н  вовшахтоьхначу командин декъашхо, юкъараллин векал  яра.

Тайп-тайпанчу дакъошкахь шайн хьекъал а, корматалла а гойтучу зударшна юккъехь Iилманчаш, политикаш, артисташ, лоьраш бу.  Мохк кхиорехь дакъалаьцна ца Iаш, уьш дика наной, тешаме хIусамнаной, накъостий а бу. Цунна дуккха а тоьшаллаш ду. Ларинас тахана шена тIелаьцнарг къоман доьналла а, хьекъал а гойтуш долу  гIуллакх ду. Нохчийн йоI летчица  хиларо дог-ойла  гIаттайо, дозаллин  ойла  кхоллайолуьйту: «Хьовсал, нохчийн мехкарий муха бу?» бохуш,хоьтту, кураллица а, даккхийдерца а. Нохчийн мехкарий иштта бу-кх, Ларина санна…

Нохчийн пилот шен кхиамех тоам бина яц  хIаваан лайнеран командир хила сатуьйсу цо.

Б.ДУДАЕВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: