Аьттонах пайда ца эцча

Футболах ловзарехь Россин Премьер-лигин чемпионатан рогIера 23-гIа тур хилира дIадаханчу мукъачу деношкахь. Оцу турехь «Ахмат» Соьлжа-ГIалахь Москварчу «Спартакца» левзира. Вайн футболисташна доккха зер хилла дIахIоьттира и цхьаьнакхетар. Уггаре а хьалха церан говзалла зер дара иза.

Хьалхарчу таймехь, шайн ницкъ ма-кхоччу, дуьхьало йира цара «москвахоша» деш долчу ирачу тIелатаршна.

Цул сов, кIеззиг баьллачу аьттонах пайда а оьцуш, «соьлжагIалахоша» а дора кхераме тIелатарш. Шен жигараллица къаьсттина билгал вара Раванелли а, Мохьаммади а. Цунна хир дара цхьана а агIорнаш кхиаме ца кхочуш хьалхара тайм чекхъяьлла герга яхана хилар а. Амма суьдахочо тIетоьхначу цхьана минотехь, хIусамдай малбаларх пайда а эцна, гол туьйхира Ф.Смоловс.

ШолгIачу тайман юьххьехь, 47-чу минотехь, «Ахматан» аьтто белира «Спартакан» кевна чу буьрка тоха. Кхиаме кхаьчнарг Раванелли вара – 1:1. Цул тIаьхьа а кхин вон ца ловзура вайн футболисташ.

Делахь а, цхьайолчу меттигашкахь хаадалаза ца дуьсура хьешийн говзалла мелла а лакхара хилар. Иза тIечIагIдан санна, цхьаьнакхетаран 57-чу минотехь, гIуданан тохар дарца, вайн кевна чу шолгIа буьрка туьйхира Ал.Миранчука – 1:2.

ЖамI дIанисдан цкъа а, шозза а баьллачу аьттонах пайда ца эцабелира «Ахматан» футболисташка. Футболъезархошна юкъахь олуш ду: «Нагахь ахь гол ца тохахь, гол хьуна тухур ю».

Иштта нисделира хIокху матчехь а. РогIерчу цхьана тIелатарехь гол тоха дика аьтто белира «соьлжагIалахойн», амма цунах эца ма беззара пайда ца ийцира. Цул тIаьхьа, цхьа минот а ялале, «Спартакан» футболиста Д.Фарфана кхин цкъа а дог дохийра вайн футболистийн а, футболъезархойн а – 1:3.

Цу тайппана чекхделира и цхьаьнакхетар. Шен чоьтехь 30 очко а йолуш хIинца турниран таблицехь 9-чу меттехь ю «Ахмат».

Хь.САЙДАЕВ
№30, оханан (апрель) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: