Джамаев Iимранан – 70 шо

Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист Джамаев Iимран Казахстанерчу Полудинскан кIоштарчу Токушино юьртахь дуьнен чу ваьлла 1949-чу шеран оханан (апрель) беттан 9-чу дийнахь.

1973-чу шарахь ГИТИС цIечу дипломаца чекхъяьккхина, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театре балха хIоьттира иза. Цул тIаьхьа, 1975–1976-чуй шерашкахь, Советийн Эскарехь даьккхина 2 шо доцург, тахханалц, оццу Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрехь къахьоьгуш ву Iимран.

Халкъана дукхавезаш артист ву иза. Цуьнан хIора роль, театрехь цо доккху хIора де а мехала ду. Спектаклаш токхе йо цуьнан похIмо, ткъа къоначу артисташна цунах доккха беркат долу.

Iимран бакъволу нохчийн патриот ву, цунна даггара беза шен Даймохк, къоман мотт, нохчийн гIиллакхаш. Цундела Iимран халкъан гергара стаг ву.

Джамаев Iимранан 70 шо кхачар билгалдаьккхира къоман театрехь. Иза декъалван веара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, иштта, актеран кхоллараллин, адамаллин агIонаш дукхаезаш болу нах, белхан накъостий, театр, искусствоезархой.

– Iимран искусствон стаг хиларал сов, шеца оьздангалла, нохчийн къоман хаза гIиллакхаш долуш ву. Цо кхуллучу васташа спектаклан турпалхой беза болуьйту халкъана. Iимран санна волчо гIо до тIекхуьучу чкъурана шен къоман гIиллакхаш, синмехаллаш йовзийтарехь, – билгалдаьккхира Х-Б.Дааевс.

Нохчийн Республикин культурин министерствон «Баккхий кхиамаш бахарна» мидал елира министра артистана.

Юбиляр декъалвеш бистхилира цуьнан белхан накъостий, РСФСР-н хьакъйолу артистка Гичаева Раиса а, Россин Федерацин хьакъйолу артистка Багалова Зулай а, иштта кхиберш.

Къоначу артисташа а декъалвира шайн дика хьехархо а, дика Iу а хилла схьавогIу Iимран.

Цуьнан дахарх лаьцна дуьйцу инсценировкаш кечйинера къоначу артисташа.

Джамаев Iимрана баркалла элира ша лерина суьйрене баьхкинчарна.

З.ХИЗИРОВА
№30, оханан (апрель) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: