Оьрсийн сийлахьчу поэтан Лермонтов Михаилан кхолларалла евзаш а, езаш а алссам адам ду Нохчийчохь. ПохIме поэт хилла иза. Дукха хан яц, ерриге а Россехь санна, Нохчийн Республикехь а М.Лермонтовн 200 шо кхачар билгалдаьккхина. Амма, иза цхьана дийнахь кхоллабелла безам а, ларам а бац.
1941-чу шарахь оьрсийн поэт Лермонтов Михаил вийна бIе шо кхочуш, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театрехь «Бэла» спектакль хIоттийра. Изза цIе йолчу Лермонтовн повеста тIехь Алибегова Нинас йинчу инсценировки тIехь хIоттийнера спектакль.
Цул тIаьхьа къаьхьа денош даьхкира вайнехан дахаре, амма Лермонтовга а, цуьнан кхолларалле а болу безам дIа ца белира.
1964-чу шарахь Лермонтов Михаил вина 150 шо кхочуш кхин цкъа а хIоттийра Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу театро «Бэла» спектакль.
Нохчийн яздархочо Хамидов Iабдуллас гочйинчу повеста тIехь спектакль хIоттийнарг режиссер Харлип Павел вара.
Коьртачу турпалхочун Печорин Григорийн васт кхоьллинарг къона актер Давлетмирзаев МутIелип вара. Максим Максимычан васт кхоьллинарг РСФСР-н халкъан артист Зубайраев ЯрагIи вара. Бэлин васт кхоьллинарг, тIаьхьа нохчийн къоман театран дозалла хилла дIахIоьттина Багалова Зулай яра. Казбичан васт кхуллуш Мамилов Сулумбек вара.
Ерриге а Къилбаседа Кавказехь гIараелира и башха спектакль: Москвара, Ленинградера леррина цу спектакле хьовса баьхкина хьовсархой хуьлура.
Цул сов, 1966-чу шарахь режиссера Ростоцкий Станислава «Бэла» кино ша йоккхуш, Казбичан васт кхолла, Нохч-ГIалгIайн драмин театран актер Мамилов Сулумбек дIавигира. Вайн махкахочо дика кхоьллира Казбичан васт.
Нохч-ГIалгIайн драмин театрехь хIоттош хилла «Бэла» спектакль хьовсархоша чIогIа хазахетарца тIеийцира.
Мел дукха хьежарх кIордош яцара иза. Цунна къеггина тоьшалла ду 50 шо сов зама дIаяьлча, цкъа мацах хIоттийна спектакль хьовсархошна дагахь лаьтташ хилар.
ГАЗИЕВА Аза
№30, оханан (апрель) беттан 19 де, 2019 шо