Школин дахар – керлачу гIишло чохь

Джандарова Марем 1988-чу шарахь Йоккхачу АтагIахь йина. 2010-чу шарахь цо чекхъяьккхина нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Караерзийна «Педагогика а, психологи а» говзалла. Болх бина Соьлжа-ГIалара №12 йолчу гимназехь а, цул тIаьхьа, Соьлжан муниципальни кIоштара дешаран урхаллин методотделехь а.

2011-чу шеран хьаьттан (август) баттахь дуьйна Йоккхачу АтагIарчу М.Пахаевн цIарахчу №3 йолчу школехь директоран болх беш ю Марем.

Федеральни Iалашонан программица а, хIинцалерчу нормативашца а, стандарташца а, керлачу технологешца а 2015-чу шарахь дуьйна кхузза тIекIелйинчу керлачу гIишло чохь болх беш ю коллектив.

Шаьш бечу балхах лаьцна дийцира Марема: – Школехь болх беш верриге а 138 белхахо ву. Царах 85 – хьехархо. Шина сменехь доьшуш верг 1 020 дешархо ву. Дешарна дика хьелаш ду кхузахь. Ерриге а 27 кабинет ю. Чоьнаш яккхий а, сирла а ю. 2 спортзал, актови зал, цергийн лоьрийн чоь, лоьрийн пункт, 2 медйиша а, гIоьналлин а, ловзаран а чоьнаш, йоккха столови ю.

Оьшучу гIирсашца кечйина ю кабинеташ, компьютерийн класс. Кабинеташ чохь компьютерш, интерактиван аннаш, 1 проектор ю.

Школехь йоккха библиотека, ешаран чоь ю. Оцу чохь исбаьхьаллин а, дешаран а литература ю. Дешархойн дай-наноша дуккха а книгаш йохьу школин библиотеке. Дукха хан йоццуш оха интернет ялийна библиотеке – хIинца дешархойн таро ю электронни книгех пайдаэца.

Тхан дукхах болу хьехархой лаккхарчу квалификацин категори йолуш а, «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо», «Дешаран сийлахь белхахо» цIерш йолуш а бу.

Дуккха а шерашкахь юьхьанцарчу классашна хьоьхуш ю Кадырова Малика.

Яндарбиева Раиса, Умарова Бирлант, Гехаева Яха, Абдурзукова Лала, Мусаева Марем, Ахмадова Малика, Амагова Зарема, Пацагова Хьава оьрсийн меттан, литературин, математикин, историн, биологин, физикин хьехархой бу.

ОБЖ-н директоран заместитель ву Юнусов Ризван.

Нохчийн меттан, литературин хьехархой Эльмурзаева Камета, Хагаева Фатима, Гетиева Шерипат, Цукаева Хеда шайн болх дика бевзаш, безаш, зеделларг долу говзанчаш бу.

ХIинццалц 100 сов дешархо хуьлура 9-чу классашкахь. Кхушара кхаа класса чохь 76 дешархо ву. Цара массара а 9-чу классан пачхьалкханаттестацин экзаменехь нохчийн мотт, литература хаьржина. Гуш ду царна нохчийн мотт безаш хилар, кхечу предметел Iамо атта хетар. Оцу классашца экзаменашна кечам барехь, кхитIе долчу дешаран занятеш дIахьо хьехархоша (изложени, сочинени, тестови тIедиллар).

ТIаьхьарчу пхеа шарахь балха схьаэцна университет чекхъяьккхина дуккха а къона говзанчаш. Цара схьадиллина дарсаш ду луш.

Кхузахь дешна бераш ду вайн республикерчу а, кхечу гIаланашкарчу а лаккхарчу дешаран заведенешкахь доьшуш. Дукхахберш – хьехархойн вузашкахь. ХIора шарахь, Нохчийн меттан дийнахь, оха школе кхойкху вайн махкара нохчийн яздархой, поэташ. Церан графике хьаьжжина нисдо цхьаьнакхетаран де. Кхуза кест-кеста богIу Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ, вузашкара Iилманчаш.

Грозненски кIоштахь уггаре йоккха ю тхан школера актови зал (500 стаг охьахаа меттиг). Цундела кхузахь дIахьо кIоштан мероприятеш, Дешаран урхаллерчу белхахошца, депутаташца, бахархошца долу цхьаьнакхетарш.

Кхечу школашкахь санна, тхан а ю болх беш дуккха а кружокаш. Царах ю «Къона суьрташдахкархо», «Къона вилспетхо», «Куьйгаговзалла». Иштта, вокалист ву Дараев Мансур. Иза говза композитор, музыкин хьехархо ву. Цо байташ а язйо, мукъамаш а боху.

Цул сов, «Мохкбовзаран», «Экологин-биологин станцин», «Роботан техника» кружокаш, дуккха а спортан секцеш ю. Кхушара тхан дешархоша мини-футболехула а, волейболехула кIоштахь хьалхара меттигаш а ехира. Тхан дика гIоьнчий бу дешархой – «Ахмат» боламан а, «Къона Кадыровцаш» организацин а жигархой. Тайп-тайпанчу конкурсашкахь совгIатан меттигаш йоху бераша. «Россин дешархойн болам» организацин юкъахь ду уьш. Стохка ГIирмехь дIаяьхьначу «Территория самоуправления» конкурсехь дакъалецира тхан дешархоша. Бутт гергга хан яьккхира цара ГIирмехь. Хьалхара меттигаш яьхна, совгIаташ а, грамоташ а йохьуш, хазачу кхоаца цIабирзира уьш.

Ас дозалла до сайн коллективах а, иштта, дешархойх а. Школина гонаха йина хаза керт а, кертахь кхуьуш синтарш а, зезагаш а ду.

Берашна спортах уггаре а дукха футбол езаре терра, футболан майда а ю, хила ма-деззара кевнаш, сетка а йолуш.

Иштта дика хьелаш хилча, болх бан а, деша а хала дац.

Ф.АСИЕВА
№30, оханан (апрель) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: