Сайд-Эми – «Склифосовскера» нейрохирург

Москварчу сихачу гIоьнан Н.В.Склифосовскийн цIарах йолчу больницин Iилманан-талламан институт, Москвахь хьовха, Россехь а коьртачех цхьаъ ю. ДIататта йиш йоцу, чехка ян езачу чолхечу операцийн больница ю иза. Москвахь а, Москван областехь а некъан бохамашкахь лазийна адам дуьххьара цига дуьгу. Цунах а хаа мегар ду оцу больницехь могIарера лоьраш хила йиш йоций.

Склифосовскийн цIарахчу больницин нейрохирургин отделенин коллективан болх кхечу отделенешкахьчул а чолхе буй техьа аьлла, чолхе а, жоьпалле а бу. Цигахь операци нийса ца йича стаг заьIап вуьсу. Лоьрийн гIалат хила йиш йоцу отделени олу цунах. Оцу отделенехь болх беш ву куьгговза къона хирург Юсупов Сайд-Эми. Наха иза вийцарехь, Сайд-Эми вайн халкъана юьхькIам болу кIант ву. Цуьнан корматаллах а, нохчаллах а дуьйцуш хезча, иза вовза лууш, цуьнца къамел дар а хилира тхан.

Нохчийчохь тIом болабелча жима вара Сайд-Эми. ТIехьа-Мартан кIоштарчу Закан-Юьртахь ЮсуповгIеран Русланан а, Лайлаан а доьзалехь дуьнен чу ваьлла иза 1992-чу шарахь. Юьртахь кхийсарш хилча ларми чу вадавора иза нанас.

Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча, 1999-чу шарахь, Москва дIабахара ЮсуповгIар. Москвахь ингалсан мотт Iамор коьрта долчу «спецшколе» деша дIавелира иза, ден гергарлонашкахула беркат а даьлла. Оцу муьрехь телевиденин а, радион а, газетийн а хаамашкахь Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а, нохчийн тIом а боцург, кхин дуьйцуш хIумма а дуй техьа аьлла, дуьйцуш дара нохчийн «гIуллакх». Сайд-Эмис доьшучу школера цхьаволу хьехархо а волура шена нохчий ца бевззашехь, нохчий ца безаш.

Амма кIанта доьшура, дика мел долчунна декъах хила ша хьакъ вуй а хоуьйтуш. Школа кхиамца чекхъяьккхира цо. Нохчийчу цIавеана ах шо даьккхира дехой болчу Закан-Юьртахь а, ненахой болчу Шинасуьйра-юкъ юьртахь а.

Сайд-Эмис хаза элира дехойх дерг: «Дехой массеран а хуьлу, дов дан мало ца еш, даима а шога. Церан, шайна ма-ттов, дов дан бакъо ю шайн цIийнах волчунна, ткъа ненахой – уьш даима а аьхна, хьуна цатам хиларна кхоьруш, хьо хьаша санна лелош хуьлу. Ненахошкахь паргIат хуьлу вайн бералла. Ловза, вуолела, хьайна деззачун цIе тоьхча, и хир дуй а хаьа».

Цундела берашна массарна ма-хеттара, цунна а хазахетара ша аьхкенан каникулшкахь ненахошкахь Iаш.

Школа, жималла дIаяьллера. Деша вахара, хьалха, П.Лумумбан цIарах хилла йолчу Халкъийн доттагIаллин университете (РУДН). Цо цкъа а ойла йина яцара медицинин декъехула доьшур ду аьлла. Цунна дагахь юриспруденци яра, воккха хилча прокуратурехь болх бан лаам а бара. Нана, Лайлаъ лор яра. Цо кесткеста говзалла харжий вала олура кIанте.

«КIиранах кхузза тIехIоьттира суна нана: «Медицинин институте деша ваха ца лаьа хьуна?», – олуш.

ХIоразза а: «Ца лаьа, Нани», – олура ас. Амма нанна сох лор хила лаьий хиъча, цунна дан луург дийр ду аьлла сацам хилира. Пачхьалкхан юкъарчу экзаменан баллаш лаккхара яра сан. РУДН-н ерриге а факультеташка деша дIахIотта некъ маьрша бара суна».

Дешар чекхдолуш говзалла къасто езаш яра, ткъа медицинин хьаьрмахь уьш дукха ю. Москварчу Н.Н.Бурденкон цIарахчу Медицинин Iилманан-талламан институтан больницехь нейрохирург волу Адаев Адам ненаваша ву Сайд-Эмин. Цунах а дагавелира иза.

«Доьзалехь со цхьа кIант бен хила а ца хилча, сан дешарна, суна мел оьшуш хилларг дерриге а дас-нанас латтийна а хилча, атта некъ лаха ца беза ас а. Медицинехь уггаре а чолхе, жоьпалле ерг хирурги ю, оцу декъехь нейрохирурги а ю. И говзалла караерзо хьожур ву со АллахIа сайна ницкъ, хьуьнар мадаллара», – аьлла, нийят дира цо.

Институтехь дешна волучу хенахь, Дала рицкъ яздина, цхьа башха адам довзар хилира Сайд-Эмин. Иза Н.В.Склифосовскийн цIарахчу больницин нейрохирургин отделенин заведующи, профессор, медицинин Iилманийн доктор Крылов Владимир Викторович вара. Карарчу хенахь Iилманийн Академин академик а, Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствон коьрта нейрохирург а ву Владимир Викторович.

Сайд-Эмина хезнера цо хьо мел чIогIа дика экзаменаш дIаелла велахь а, шена тIе а веана а хьан хаарш ша зийна дацахь, деша дIа ца оьцу бохуш. Студентийн хаарш а, хьуьнарш а шена довззалц, Iамо шена тIе ца лоцура цо цхьа а.

«Кхана Владимир Викторович хьоьга хьоьжуш хир ву», – элира соьга.

«Суна ца хаьара хIун дан дезар ду. Кхана аьлча, воьхна, В.В.Крыловн, 500 агIонах лаьтта, Iилманан болх, схьаэцна, бийшира ас сахиллалц. Наб йина а воцуш, тIевахара профессорна», – дагалоьцу Сайд-Эмис.

ГIараваьллачу нейрохирургана тIекхечира хIара.

«Хьо мила ву? Суна тIе хIунда веана?», – хаьттира цо.

«Суна нейрохирург хила лаьа», – элира кIанта.

«Лаар дика ду. Ткъа нейрохирург хилархьама айхьа динарш дийцал суна!» – тIедожийра профессора.

Шега динчу хаттаршна жоьпаш халла луш, ца луш чекхвелира иза. Ша бешначу Iилманийн белхийн цIерш ехира цо. ТIаккха профессора шен стоьла бухарчу гIутакх чу куьг Iоьттина, адаман туьта схьаийцира.

Кабинета чохь кхин а 2–3 стаг вара. Теори Iамийна а йоцуш, практикехь довза деза хIуманаш дара цо хоьттурш. Сайд-Эмина ца хиира цуьнан хаттаршна жоьпаш дала. ЮьхьIаьржа хIоьттина висира.

Профессора элира «Со Нохчийчохь Iийна ву жима волуш. Суна нохчий бевзаш бу, ас уьш лоруш а бу. Амма хьо Iамийна хIума а доцуш веана суна тIе. Ас хьо Iамо тIе ца лоцу».

Шена сийсара бен хиъна дацара хьо волчу кхача везий аьлла, бехказло лехира кIанта.

«Суна цхьа кIира хан лохьа, Владимир Викторович, ас массо а хIума Iамо дош ло-кх!», – элира йохье ваьллачу кIанта.

Профессора 2 кIира хан елла, цIа вахара хIара.

Юха цхьаьнакхета билгалдинчу дийнахь шен кабинета тIе а кхачале хаттарш дан долийра профессора. Цо мел хаьттинчунна жоьпаш лора кIанта.

«Дика ду. ДIавало. Экзаменаш дIало!», – элира профессора.

Иштта деша хIоьттира СайдЭми Н.В.Склифосовскийн цIарахчу медицинин талламан институтан ординатуре. Дешар хала дара.

Дешар а, болх а цхьаьна дIакхехьа дийзира.

Дуьххьарлерчу дийнахь хирургин кабинета чукхоьссира ала мегар долуш, оцу чолхечу операцешна тIе хIоттийра Сайд-Эми.

Больницехь «дежурствош» хуьлура, де-буьйса ца лоруш, болх бан безара. Дархой хуьлура хьоьжуш. Ахь наб цаяр царна хууш а ца хуьлура я хаийта йиш йолуш а. Велавелла-векхавелла хила везара цаьрца.

Сайд-Эмис ма-аллара, дас олург кIоршаме делахь а, амма даима а нийса хуьлуш схьавогIура иза.

«Собар дерг тоьлар ву дуьненахь», – олура дас.

Цо ден хьехарш схьаоьцуш, дахарехь гIалаташ доцуш, схьавогIу кIант, дешарна а, балхана а даггара дIагIертара.

Iилма хIора дийнахь кхуьуш догIуш ду. Дарба лелоран керла кепаш, керла технологеш евзаш хила веза лор. Белхан а, Iилманан а новкъахь кхиамаш бохуш схьавогIура иза.

Ординатура чекхъяькхина, хIинца аспирантурехь доьшуш ву Сайд-Эми. ХIара шо чекхдалале ша язъеш йолу диссертаци чIагIъян нийят долуш а ву иза.

«Спинальный стеноз у пожилых людей» тема ю цо диссертацина хаьржинарг. Иза жоьпалле болх бу. Букъан даьIахкашца йолчу нерваца а, тIамарца а йоьзна йолчу цамгаршна операцеш яран некъаш мелла а аттачу дахар ду оцу Iилманан-талламан белхан маьIна.

Юсупов Сайд-Эми ша нахана вовзийта гIерташ, гIиллакхах воьхна, хьалха лелхачех вац. Цунна оьшуш а дац иштта хилар.

Ша Нохчийчу цIавеача, нахана консультаци а йо цо, Москва ша болх бечу больнице кхаьчначу вайнехан стагана, хуьлийла иза нохчий, гIалгIай, дагестанхо, цо даггара гIо а до.

Ша воккха хилча, тIеман баланаш лайначу нахана пайдехь хир вуй техьа бохучу ойланца кхиъна дог-цIена кIант, тахана, Дала шен и аьтто бича, я вицвелла а я кура ваьлла а, цхьанна а пе бетташ а вац.

«Бусалба а волуш, къинхетаме а воцуш, хилалур вуй лор?», – элира цо, вела а велла.

Хилалур вац. Цундела ала лаьа, къона велахь а, дахарх, адамийн кхолламех, хила тарлучу халонех дика кхеташ ву иза. Цхьана дашца аьлча, АллахI реза хинволчу новкъа вогIуш ву иза тахана.

Карарчу хенахь 27 шо бен дац цуьнан, амма кхин а цхьа 10 шо даьлча, цунах говза, зеделларг долу воккха лор хир ву, Дала мукъ лахь!

ХIинцале а, ша болх бечу Н.В.Склифосовскийн цIарахчу больницехь даьккхинчу 2 шарахь 100 сов операци йина цо. Царна юкъахь Нохчийчуьра дархой а хилла.

Больницин сайта тIехь кIезиг дац Сайд-Эмина аьлла баркаллин дешнаш. «Дашо куьйгаш долу хирург», «Комаьрша дог долу адам», – иштта дешнаш олу цунна Россин тайп-тайпанчу гIаланашкара шайна операцеш йойтуш, иза вевзинчу наха.

Баркалла ала лаьа иштта яхь йолу, хьуьнар долу, шен халкъ, мохк дукха безаш, АллахIан цIарца куьгтухуш волу лор-нейрохирург а, дика кIант а кхиийначу цуьнан дена Русланна а, нанна Лайлаана а.

Суна хетарехь, дерриге а нохчийн халкъан цIарах баркалла ала хьакъ ду Россин Федерацин коьртачу нейрохирургана, Академикана Крылов Владимир Викторовична, цо шен зеделларг довзуьйтуш, Сайд-Эми Iамаварна а, кхиорна а.

Кхане кхин а кхиаме, юьхькIоме хуьлда хьан, Сайд-Эми!

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№30, оханан (апрель) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: