Эхь-ийман доцучаьрга цкъа а бохалур бац нохчийн халкъан барт

Москварчу «Советский» отелан конференц-залехь цхьаьнакхетар хилира Россин пачхьенехь бехачу нохчийн. Царна юкъахь юкъараллин а, Ӏилманан а, культурин а гӀуллакххой а, Ӏеламнах а, совдегарш а, спортхой а, студенташ а бара – веригге а 400 сов стаг.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин Пачхьалкхан Думин депутаташ Делимханов Адам, Догаев Ахьмад, Селимханов Мохьмад, Сайтиев Бувайсар, Россин казначействон куьйгалхочун заместитель Исаев Ӏела, Нохчийчоьнан Правительствон вице-премьер – Нохчийчоьнан Москвахь векал волу Таймасханов Бекхан, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун хьехамча – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Путь» телерадиокомпанин директор Шахидов Адам, кхиберш.

Гулбеллачара дийцаре дира къаьмнийн юкъаметтигийн гӀуллакх а, Россехь бехачу нохчаша шаьш а, шайн халкъ а, шайн республика а дикачу агӀор гайта а, йовзийта а езаш хилар а, и.дӀ.кх.а.

Цул сов, тидамза ца дисира интернет чухула даржочу питанех а, харцонех а кегийрхой Ӏехабаларан чолхе гӀуллакх а.

«Карарчу хенахь дукха баьржина интернет-турпалхой. Амма уьш талла вай доьлча, бийца бух болуш нах бац уьш. Делахь а, цара шайх «ичкерийцаш» олу. Шаьш Iаш-м Европерчу мехкашкахь бу уьш. Цара нохчийн халкъан а, Нохчийн Республикин куьйгаллин а хьокъехь питанаш даржадо, харцдерг дуьйцу. Европера шаьш ара ца даьхчахьана бохуш, цара ца дуьйцуш хIума дисина а дац. Оццул дукха дийцарх, таханлерчу Нохчийчоьнан а, Нохчийчуьрчу дахарх а лаьцна ала цхьа а дика дош ца карадо царна. Вайна-м, Делан къинхетамца, хууш а ду, ца хуучарна хаийта а боху вай – эхь а, бехк а, ийман а доцчу нахе цкъа а бохалур бац нохчийн халкъан барт а, нохчийн халкъана а, республикин куьйгаллина а юкъара тешам а», – билгалдаьккхира Делимханов Адама.

2003-чу шарахь референдумехь Нохчийн Республикин Конституци тIеэцаро Ичкерин пачхьалкхаллин бух бохийна бохучу харц-къамелийн хьокъехь а вистхилира иза.

«Цхьаболчу «говзанчаша» бехке до Iедал а, халкъ а… ХIун бехк бу вайна тIебуьллург?! 2003-чу шарахь референдум а йина, таханлерчу Нохчийн Республикин Конституци тIе а эцна, Ичкерин пачхьалкхаллин бух вай бохор. Иштта харцонаш юьйцучаьрга а, яржочаьрга а, царах тешачаьрга а дIабоху ас: нагахь санна Ичкерин пачхьалкхаллин юридически бух хиллехь, и бух бохийнарг Басаев Шемал а, Умаров Докка а ву – цушимма «кхоьллира» Имарат Кавказ», – элира депутата.

Россехь бехачу нохчийн кегийрхошца кхетош-кхиоран болх жигара дӀабахьарна Делимханов Адамна а, Таймасханов Бекханна а баркалла элира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цу хьокъехь цо хаам бина цо социальни сеташкахь йолчу шен агIонашкахь.

Р.ВАЧАЕВ
№31, оханан (апрель) беттан 23 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: