Нохчийн Республикин Парламентан Председателан Даудов Мохьмадан декъалдар

Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Хьомсара махкахой!

Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, сайн а цIарах ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Вайна массарна а уггаре а мехалчех цхьа дезде ду хIара, хIунда аьлча, вайна беза вайн ненан мотт, цунах дозалла а до вай. Нохчийн халкъан башхаллин дIакъасталур доцу дакъа ду ненан мотт, вайн бIешерийн Iадаташ а, гIиллакхаш а, ламасташ а, хьал долу истори а, культура а санна.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо олура: «Мотт ца хилча, къам а ца хуьлу». Регионан куьйгалло оьшуш мел дерг до ненан мотт Iалашбарехьа а, кхиорехьа а.

Нохчийн Республикин Парламенто 2007-чу шарахь тIеийцира «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу закон. Цуьнан Iалашо ю къоман уггаре а мехала билгало а, Нохчийн Республикин халкъан ерриге а культурин бух а болу нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а гIайгIабар.

Оццу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан Указаца юкъадаьккхира Нохчийн меттан де. Тахана республикехь нохчийн маттахь передачаш йо телевиденехь а, радиохь а.

Зорбатухуш ду газеташ, журналаш, арахоьцуш ю книгаш. Вай дозалла дан деза вайн ненан маттахь паргIат къамелаш дан, ненан мотт кхио маршо хиларх.

Ас шу дерриге а даггара декъалдо Нохчийн меттан денца! Лаьа шу дерриге а ирсе дехийла, шун массо а хIуманна тIехь аьтто хуьлийла, дахар беркате, зовкхе хуьлийла!

№32, оханан (апрель) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: