Нохчийн маттахь туьйранаш

Ненан мотт Iамор, бийцар, безар бераллехь марздеш ду. Мотт беранна жимачу хенахь дуьйна а Iамийча, хьекъал а хьалхе кхуьу, хIуманан духе а сиха кхуьу. Вайна массарна ма-хаъара, берашна туьйранаш алсам мел дуьйцу а, церан мотт шарло, алсам дешнаш Iема.

Нохчийн мотт тIекхуьучу чкъурана марзбарехь доккха дакъалоцуш ю Нохчийн Пачхьалкхан къоначу хьажархочун театр.

Цо тидам тIебохуьйту шайн репертуарехь нохчийн маттахь туьйранаш хилийтарна. Къоначу хьажархочун театрехь гойтучу туьйранех, ширачех ларалуш ду режиссера-постановщика Делаев ЯрагIис сценари язйина долу Усманов Iаьрбис яздина «Хьехан къайле» туьйра.

Я.Делаевс сценари язйина, 2011-чу шарахь театро гайтира Усманов Iимрана (Дала гечдойла цунна) нохчийн матте гочдина долу, Супонин Михаила яздина «Газанан хIуьмалгаш» туьйра.

Иштта, 2017-чу шарахь Шахгиреев Рустама сценари язйина, гайтира, Усманов Iимрана нохчийн матте гочдина долу Осипова Неллис яздина долу «Цхьаъ ах кана!» туьйра.

Карара шо Театран шо хиларе терра, театран коьртачу режиссера Муртазалиева Асета сценари язйина, гайта кечдеш ду Ахмадов Мусас яздина «Цаьпцалгийн гIаттам» туьйра.

Къоначу театро гойтуш долу туьйранаш, къаьсттина нохчийн маттахь дерш, бераша чIогIа дезаш тIеоьцу. Муртазалиева Асета а доккха совгIат ду кечдеш, нохчийн маттахь туьйра хIотторца.

Къоначу хьажархочун театро боккха болх бо, берийн экамечу хьекъалшна нийсо-харцо, дика-вон, бакъдерг-харцдерг, накъостий-мостагIий къасторехь гIо деш.

ВЕГИЕВА Макка
№32, оханан (апрель) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: