Невран кIоштарчу Савельевски юьртарчу М.Газимагомадовн цIарахчу школехь Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар хилира.

Вайн республикехь а, нохчийн мотт безачийн юкъараллехь а ларам болу нах бара цигахь. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Дадаев Сайд-Хьасан, Дешар кхиоран институтан Iилманийн белхахой Эдилов Салавди, Вагапова Асет, яздархо Айдамирова Машар, поэт Бухадиев Муса, Яздархойн союзан редактор Ирисханов Iимран.
Нохчийн мотт уггаре а хьалха доьзалехь Iамо болабо, цул тIаьхьа школехь девза меттан хаарш. Цундела хилла хир ду хьалхара хаттар нохчийн меттан Iаматаш хIиттийначу Эдилов Салавде дар. Хьехархойн а, дешархойн а хаттаршна жоьпаш делира цо.
Нохчийн мотт кегийрхошна марзбарехь а, иза Iалашбарехь а дан дезачух дерг элира вайн республикин хьакъволчу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана а, Вагапова Асета а, Айдамирова Машара а.
«Нохчийн мотт книгийн мотт хилла ца Iаш, кегийрхоша а, юкъаралло а хIора дийнахь вовшашка буьйцу мотт хила беза, къаьсттина йовза а, еша а еза къоман яздархойн говзарш», – билгалдаьккхира Сайд-Хьасана.
Ирисханов Iимрана дийцира нохчийн мотт кхиорехь Яздархойн союзо дIахьош болчу балхах лаьцна.
«Хьалха нохчийн маттахь язйина книга лоьхуш хуьлура. КIезиг яра ненан маттахь зорбане йоккху литература. ХIинца, цхьана шарахь, 30–35 яздархочун книга зорбане йоккху. Нохчийн мотт бовза а, бийца а лууш болчарна цхьа а новкъарло яц», – билгалдаьккхира I.Ирисхановс.
Оцу цхьаьнакхетарехь поэта Бухадиев Мусас шен байташ йийшира. Дешархоша шаьш кечйина литературин-музыкин программа гайтира.
Школин директора Мучураева Заремас а, нохчийн меттан а, литературин а хьехархоша Мукаева Зулайс, Мукаева Сацитас, школин директоран вовшахтохараллин гIуллакхехула йолчу заместитела Русланбекова Надеждас а баркалла элира нохчийн маттах дош олуш даздарш хаздеш дакъалаьцначу хьешашна.
Дешархошна къаьсттина оьшуш дара иштта мехала цхьаьнакхетар, хIунда аьлча, нохчийн меттан говзанчаш ган аьтто наггахь бен ца хуьлу Неврехь.
З.ХИЗИРОВА
№32, оханан (апрель) беттан 25 де, 2019 шо