Нохчийн меттан денца махкахой декъалбо

Урдунерчу нохчаша

Нохчийн меттан де… ТIекхечи вайн дахарехь кхин цхьа хаза де. Далла бу хастам, вайн мотт лоруш а, Iалашбеш а, Дала вайна эзар шарел хьалха делла «Аят» дIа ца тосуш, хIокху хене девлла вай.

Урдунерчу нохчаша декъалбо Даймахкахь а, дуьненан массо маьIIехь а бехаш болу вайн нохчий.

Ненан мотт бу вайн цхьаалла латториг, вайх цхьа къам дийриг. Нохчийн мотт шира хилар а, масийтта матто цунах пайдаэцна хилар а цхьа а шеко йолуш дац. Ненан мотт хестош байташ ала говзалла яцахь а, вайн маттахь хIора дош а исбаьхьачу байтах тера ду. Цундела, ненан маттаца болх мел бийриг а шатайпа байтанча ву.

Нохчийн меттан дийнахь Урдунерчу нохчийн гIоьналлин юкъараллехь даздийр долуш ду и дезде. Цу даздарехь, нохчийн маттана тIехь къахьоьгуш, меттигерчу нохчашна и Iамош, марзбеш, и биц ца балийта белхаш беш берш билгалбохуш, царна совгIаташ дийр ду юкъаралло.

«Даймохк» газетера хIора белхахо декъалво Урдунерчу нохчаша хIокху денца. Дела реза хуьлда шуна а, шу санна болчу вайн ненан меттан гIаролхошна а.

Дала беркате дойла вайна хIара де! Дала декъалбойла берриге нохчий хIокху денца!

Шемарчу нохчаша

Дала дуьххьара адамана делла ниIмат цунна гуонах мел йолчу хIуманан цIе Iамор дара. Iилма Iаморан говзалла шатайпа похIма ду Дала адамана бен делла доцу. ХIетте а, муьлхха Iилма мотт ца хилча Iамалур дац. Мотт, Iилма Iамо а, даржо а, кхио а таро луш болу гIирс бу.

Шемарчу нохчийн цIарах таханлерчу Нохчийн меттан денца оха даггара декъалво Даймахкара нохчийн куьйгалхо а, цуьнца цхьаьна вайн нах а. Аш доккха гIуллакх до вайн Даймохк а, ненан мотт а, вайн къоман сий а ларбарехь. Оха дош ло шуна, аш хьоьгуш долу къа эрна гIуриг цахиларх.

Дала ирсе дойла шун дахаран дерриге а некъаш!

Урдунера Бакир Хьамийд, Шемара Хьаж-Мохьмад Сафван
№32, оханан (апрель) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: