(Чокаев Катин 90 шо кхачар билгалдаьккхира)
Хьехархойн университетан йоккхачу залан сценин баьрчче ваьккхина охьахаийна воккха стаг, хьалх-хьалха заманахь ма-хиллара, ма-дарра аьлча, хIинца вайн заманахь а хила ма-веззара, оьзда кечвелла вара: холхазан куйно а, куьйгахь сецочу суьлхьанаша а, ветанаш долчу духаро а, иштта а товш вина воккха стаг, кхин а хазвора цуьнан собаро, оьзда хиъна Iаро, къоман Iаьнарехь цо хаза буьйцучу нохчийн матто а.

Иза Iилманча-къано, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик, филологин Iилманийн доктор, профессор Чокаев Кати вара.
Катин 90 шо кхачар билгалдаккхаран даздарш хилира оханан (апрель) беттан 15-чу дийнахь Нохчийн Республикин пачхьалкъан хьехархойн университетехь.
Iилманча-къано Кати декъалван баьхкинчу хьешашна юкъахь вара Нохчийн Республикин Iилманийн академин Президент Гапуров ШахIруди, вице-президент Дадашев Райком, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал, Россин К-Хь.Кишиевн цIарахчу Исламан университетан ректор Мутушев Iабдурахьим, Россин «Единая Россия» партин Нохчийн Республикехь йолчу регионан отделенин куьйгалхо Динаев Iадлан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместителан векал Саралапов Асхьаб, филологин Iилманийн докторш, профессорш Халидов Муса а, Джамбеков ШаIрани а, философин Iилманийн доктор, профессор Гадаев Ваха, Iилманийн академин меттан а, литературин а секторан куьйгалхо Мунаев ИсмаьIал, иштта, Украинерчу Iилманчийн тоба а, Чокаев Катис Iилманан а, къинхьегаман а новкъа баьхна Iилманчаш а, гергара нах а.
Суьйре Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректора Халадов Хож-Ахьмада Чокаев Катига а, хьешашка а маршалла хаттарца дIайолийра. Катих лаьцна дош ала лууш берш дуккха а бара.

90 шо кIеззиг хан яц, дуккха а хIума лайна а, гина а ву иза. Iилманехь цо санна къахьегнарг а масех бен вац. Иза Джамалханов Зайнди, Дешериев Юнус, Айсханов Шамсуди, Ибрагимов Хьамзат санна болчу баккхийчу Iилманчийн могIарера ву.
Цуьнан дерриге а дахар нохчийн маттаца доьзна ду. Шела шахьарахь дуьнен чу ваьлла иза 1929-чу шарахь. Къинхьегаман хьанал некъ беш ваьхна иза. Ша вевзинчарна иза гуттаренна а везалора гергара стаг санна. Цо шен гергалонийн гуо гIиллакхца, оьздангаллица, къинхьегамца хазбина а бара. Ханна воккха велахь а, сирла иэс, ира хьекъал ду цуьнан тахана а.
Кати декъалвеш дош аьллачу Ш.Гапуровс а, И.Байхановс а билгалдаьккхира Кати вайн халкъан дозалла, юьхькIам хилар.
«Катис санна ша лоруьйтуш схьавеанарг кIезиг хир ву. Шен даша тIера, Iилмане болчу хьежамашна тIера ца волуш, дуьненан хIуманна дуьхьа а доцуш, вайн халкъо лайначу баланашний, Iилманан дуьхьий къахьегна ву иза. Иза Россехь вевзаш Iилманча а ву, дикачу доьзалан да а ву, нахана махкахь оьшуш бусалба воккха стаг а ву. Кати саннарг халкъана а веза, Далла а веза», – билгалдаьккхира Ш.Гапуровс.
Катин дайх а, цуьнан дахаран некъах а, цо бинчу Iилманан некъах а лаьцна чулацаме къамел дира Яздархой союзан редактора Ирисханов Iимрана а, профессорша Халидов Мусас а, Джамбеков ШаIранис а, Гадаев Вахас а.
Чокаев Катин бIенашкахь болчу Iилманан белхех коьртачу 28 балхана юкъахь «Историн-этимологин дошам» а, «Нохчийн меттан морфологи» а, «Вайн мотт – вайн истори» а, «Мичахь ваьхна Пхьармат» а, «Iилмане шога некъ» а, къаьсттина, мехала бу.
Катис дIайолийна теманаш кхидIа а талламан белхаш бан хьакъ долуш, мехала ю.
Суьйренехь дуккха а баркаллин дешнаш хезира, совгIаташ дира Катина.
Дерзоран дош элира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан оьрсийн меттан а, литературин а кафедрин куьйгалхочо, профессора Жеребило Татьяна Васильевнас: «Кати сан да хилла дIахIоьттира Нохчийчохь. Цунна санна деза дезара шен халкъий, моттий. Дешар юьхьанцарчу классашкахь шен къоман маттахь хиларо иэшам ца бой хаалаш! Юьхьанцара школа нохчийн маттахь яьккхина волу Кати академик ву».
Суьйре хазйира университетан студенташа кечйинчу музыкин программо, ткъа къаьсттина, Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Кагерманов ИбрахIима кехатпондарца балийначу нохчийн халкъан мукъамаша.
Суьйре ерзош, Чокаев Катис баркалла элира ша лерина баьхкинчу хьешашна а, цхьаьнакхетар вовшахтухуш къахьегначарна а.
«Со тахана сайна хезначунна а, гиначунна а реза ву-кх. Аш сан дина сий Дала дойла шун!», – аьлла, забарца Iодика йира академика.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№32, оханан (апрель) беттан 25 де, 2019 шо