Дагестанера хьехархой вайн Iилманчашца цхьаьнакхийтира

Дагестанера нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн тоба хилира Нохчийн Республикин Iилманийн академехь.

Академин гуманитарни талламийн институто а, Дешар кхиоран институто а вовшахтоьхначу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Дешар кхиоран институтан Iилманан белхахо, Нохчийн пачхьалкхан университетан профессор, филологин Iилманийн доктор Овхадов Муса, профессор Халидов Муса, филологийн Iилманийн кандидат, Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан хьехархо Вагапов Iаьрби, Iилманийн академин гуманитарни талламийн институтан меттан а, литерутарин а отделан заведующи Альбеков Нурвади.

Дагестанерчу нохчийн хьехархошна хьошалла деш хьалха яьлла яра Нохчийн Республикин нохчийн меттан хьехархойн Ассоциацин куьйгалхо Бергоева Аза.

Цхьаьнакхетар дIахьош волчу Альбеков Нурвадис довзийтира цхьаьнакхетаран бахьана а, сатийсамаш а. Дагестанерчу ярташкахь нохчийн мотт хьехар доккха хьуьнар лара мегар ду.

Iилманийн академе баьхкинчу хьехархойх (25 стаг) массарел йоккха яра Хасавюьртарчу №14 йолчу школехь нохчийн моттий, литературий хьоьхуш йолу Падаева Маржанат. Цуьнан 73 шо ду, царех 50 шарахь школехь хьоьхуш а ю иза.

Цхьаьнакхетарехь дина къамелаш, коьртачу декъана, нохчийн меттан а, литературин а керлачу Iаматех лаьцна а, нохчийн меттан дарсех лаьцна а, карарчу хенахь Дагестанерчу школашкахь нохчийн берашна нохчийн мотт хьехаран проблемаш йийцаре ярна а, хьехархой а, нохчийн филологин Iилманчаш а вовшех дагабовларх а дара.

Берашна нохчийн мотт безабалийтарх а, иза школашкахь хьехаран некъ аттачу баккхарх а дара профессора Овхадов Мусас дина къамел: «Дай-наноша нохчийн мотт Iамо царна «совнаха нагрузка яр» ду баьхча, и олуш хезча берана цкъа а безалур бац нохчийн мотт, ткъа шен къоман маттах хаьддачу къоман кхане яц. Оха болх бечу Дешар кхиоран институтехь дийцаре до школашкарчу Iаматех дерг, Iаматаш карлаяхар а дешаран а, Iилманан а министран Байханов ИсмаьIалан тIедилларца кхочушдина гIуллакх дара. Дешаран федеральни программин стандартийн лехамашна жоп луш юха карлаяьхна ю нохчийн меттан 1–11-чуй классийн Iаматаш. Вайн массеран а Iалашо, лаам цхьаъ хила беза: дешархочунна кхета атта а, хьехархочунна хьеха атта а долчу агIор карлайохуш хила еза Iаматаш. Царна тIехь кхачамбацарш хир дац бохург а нийса дац, хир ду, амма уьш дIадохуш, керла дерг тIетухуш еш ю дерриге дуьненахь а еш йолу керла Iаматаш».

Профессора Халидов Мусас а дийцира грамматикин проблемех лаьцна. Цо дагадаийтира Россин Федерацин Президента тIе куьг яздина къаьмнийн меттанийн хьокъехь долу Указ. Цо бакъо ло дешархочунна, шен къоман мотт Iамо лууш вацахь, иза ца Iамон. Цундела вайн, даккхийчийн, декхар ду дай-наношка шайн берашка и тайпа заявленеш яздайтарна дуьхьало яр. Вай самоян еза вешан къоман мотт Iалашбайтарехь.

Вайн маттах нехан дог лозур дац, вайн ца лазахь. Масала, берашна юкъахь дукхахдерш нохчийн мотт Iамо лууш ца хилахь, дисинчу берашна иза Iамабайтархьама леррина хьехархо а, класс а хуьлуьйтуш лелар вац цхьа а.

Альбеков Нурвадис элира: «Сайн студенташка нохчийн мотт Iамабе, нохчийн къоман яздархойн говзарш йоьшуш а, евзаш а хила олу ас, ткъа студентийн дай-наношка олу, аш шайн берашна нохчийн мотт а, гIиллакх а ца марздахь, цара шаьш къанделча «Дом престарелых» дIаделча, цец а ма довлалаш».

Дагестанерчу хьехархоша дийцира нохчийн мотт хьехарехь шайн гулъеллачу проблемех лаьцна. Падаева Маржаната а, Татаева Хурмата а, Милиева Марета а дийцарехь, Дагестанерчу школашкахь нохчийн мотт советийн заманахь хиллачу Iаматашца хьоьхуш бу, маттана делла сахьташ а кIезиг ду. Дагестанерчу дешаран а, Iилманан а министерствос уггаре а кIезиг ларам беш берг нохчийн мотт бу.

Вагапов Iаьрбис билгал ма-даккхара, цигахь нохчашна шайн къоман мотт хьехаран гIуллакх оцу хьехархойн карахь ду, церан йохьах, хьуьнарех доьзна а ду.

Дагестанехь 120 эзар аьккхи ву, нохчийн маттахь зорбане долу газет цхьаъ ду – «Нийсо», цуьнга язвелла 1 эзар стаг бен вац (оцу тIехь вайн хьал кхин а ледара ду. «Даймохк» цхьаъ бен дац нохчийн маттахь зорбане дуьйлучу газетех, ткъа цуьнга язвелларг 1 миллион нохчех 2 эзар стаг бен вац).

Хьехархоша, иштта, билгалдаьккхира шайн республикехь нохчийн маттахь араяьлла исбаьхьаллин литература я Iамат карон хала хилар. Цара шайна Iаматашца гIо дар дийхира.

М.Овхадовс, I.Вагаповс, Н.Альбековс тидам тIебахийтира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон а, Дешар кхиоран институтан а куьйгалле кхайкхам бича, иза чекхдаккхалур долуш гIуллакх хиларна.

Цул сов, Дагестанера хьехархой чIогIа лууш бу нохчийн мотт кхидIа а Iамо а, хьеха а лаам болчу дешархошна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь шайна льготни меттигаш хилийтар.

Дешаран Iалашонан программин гурашкахь кхочушдалур долуш гIуллакх а хийтира иза. Оцу хьокъехь шайн дош эр ду аьлла хета вайн республикин Дешаран а, Iилманан а министерствос а, хьехархойн университетан ректорато а.

Хьешаша мел дийцинарг тидаме ийцира Iилманийн академин векалша а, нохчийн филологин Iилманчаша а.

Къаьсттина, Падаева Маржаната аьлларг: «Тхан школера кхечу къомах болчу дешархоша а Iамабо нохчийн мотт. Нохчийн меттан олимпиадехь дакъалоцуш хьалхара меттиг йоккхуш а хилла сан дешархой. Вай леткъамаш беш, бахьанаш леха ца деза, нохчийн мотт берашна хьехарехь аьттонаш бац, бохуш. ДIаяхначу замане хьаьжча, вайгахь вуон хьал дац, вай маьрша ду, таронаш, хьелаш долуш болх беш а, дехаш а ду. Хьехархочух шех доьзна ду дукхахдерг. Къардала ца деза вай. Дешархой бу шуна нохчийн мотт Iамо лууш. Цара яздархойх лаьцна мел до хаттарш тоьар ду. Яздархо мичахь ваьхна? Цо кхин хIун язйина? Иза мичахь дIавоьллина ву? Иштта хаттарш хуьлу церан. Сахьташ кIезиг ду ала а ца лаьа суна. Масала, хими предмет дукха говзаллашкахь оьшуш Iилма дуй хаьа вайна, медицинин, промышленностан, химин, фармацевтикин хьаьрмашкахь уггаре коьрта ю иза, амма школехь, кIиранах, цунна делларг 1 сахьт бен дац. Вайн лаам хилахь хьоьхур бу вай нохчийн мотт, бахьанаш лехахь бийр а бац нохчийн маттаца боьзна болх. Нохчийн мотт ца хаа, ца Iамо бакъо яц вайн. Вайн къам дIадовр ду мотт дIабалахь».

Iилманийн академин совгIаташ кечдинера Дагестанерчу хьехархошна. Вагапов Iаьрбин а, Халидов Мусан а Iаматаш, дошам, методикин гIирсаш белира царна.

Цхьаьнакхетар дерзош Дагестанерчу хьехархоша доккха баркалла элира Iилманийн академин куьйгаллина а, нохчийн филологин Iилманчашна а.

«Тахана санна, тхайна хетарг олуш, дагара дуьйцучу гIарабевллачу Iилманчашца къамеле дуьйлуш Iен аьтто хилла бацара тхан. Оха дозалла до шу тхайн хиларх. Аш тхан сий-ларам бина дог токх а ду тхо. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала тхан ларам барна, корта айббина, дIадоьлху тхо Дагестане. Дела реза хуьлда шуна!», – элира Татаева Хурмата.

Пайдехь, мехала дара и цхьаьнакхетар.

РогIера цхьаьнакхетар «Даймохк» газетан редакцехь дIадахьа барт хилира.

З.ХИЗИРОВА
№32, оханан (апрель) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: