Iамаркехь а беза вайн мотт

Къилбаседа Iамаркан вахархо Лечнер Джон вина 1988-чу шеран оханан (апрель) беттан 6-чу дийнахь. Цуьнан бералла дIаяхана Бостонехь (Массачусетс штат). Циггахь Гарвардан университет чекхъяьккхина 2012-чу шарахь. Россин мохкталлар (Российское страноведение) говзалла яра цо караерзийнарг.

Тахана Джон магистратурехь «Иностранный сервис» курс чекхйоккхуш ву. Цо шена лингвист, мотт таллархо, меттан Iилманийн профессор хила лаар хаийтира. Телефонехула Джоне хаттарш дан аьтто белира сан.

– Де дика хуьлда хьан, Джон! Хьуна баркалла ала лаьа хьайн хан а йойъуш, тхоьца къамел дан хьо реза хиларна. Хьо нохчийн мотт Iамо волаваларан хIун бахьана дара?

– Диканца ехийла! Шуна баркалла сан тидам барна. ЧIогIа хазахета сайх лаьцна газетехь яздан шун ойла хилла хилар, ткъа «Даймохк» газет суна девзаш ду. Со Гарвардан университетехь доьшуш волуш, Къилбаседа Кавказах лаьцна а, дукха хьолахь, Гуьржийн махках лаьцна а книгаш евзира суна. ТIаккха ойла кхоллаелира сан нохчийн мотт Iамо.

– Джон, дуьххьара хьуна нохчийн мотт бовзуьйтуш, оцу маттахь йолу книга мичахь карийра, и муьлханиг яра?

– Таронаш яцара, оьшу материал интернет чохь а карайора, делахь а, хьоьхуш цхьа а ца хилча, суна нохчийн мотт Iамо хала дара. Дуьххьара суна карийна книга Хамидова Зулайс язйина Iамат яра. Нохчийн меттан грамматика Iамош яра иза. Оцу Iаматца айса болх бора ас, ткъа дуьххьара суна Нохчийчоьнах дерг хиира, со лингвистикин талламаш бан волавелча. Гуьржийн мотт бара ас юьхьанца Iамо болийнарг, иштта тIенисвелира со нохчийн маттана а.

– Хьуна уггаре а хьалха Iемина дош я дешнийн цхьаьнакхетар муьлханиг дара?

– «Марша вогIийла!» дара. Ас цхьана нохчичуьнца зIене а волий, интернета чухула сайна гIо дойтура.

– Дерриге а аьзнашна юкъахь уггаре хала муьлханиг хийтира хьуна?

– Суна уггаре хала [къ] аз дара (воьлу). Даима а цу тIехь болх бора ас. Интернета чохь тайп-тайпана видеошка а хьоьжура.

– Джон, нохчийн мотт бийцар а, оцу маттахь яздар а башхалла йолуш хиларх кхета хала дарий? Масала: хьан («н» яздо, амма ца олу).

– Бакъдерг аьлча, деша хала Iемира, со дукха хIуманах кхета а ца кхетара.

– Мотт Iамош хилча, нохчийн ламасташ а, гIиллакх-оьздангалла а ца Iамош ца хуьлу. Ахь муха Iамийра нохчийн къоман культура, хала дарий тхан водах кхета?

– Дерриге а къаьмнийн культурашхь вовшашна гергара хIуманаш ду. Суна дуьненан муьлхха а культурех кхета хала дац, хIунда аьлча, со уьш Iамош схьавогIуш ву.

– Маса мотт хаьа хьуна?

– Оьрсийн, ингалсан, немцойн, гуьржийн, нохчийн, сербийн, туркойн меттанаш хаьа.

– Суна хьо нохчийн меттан Iамат хIоттош вуй хаьа, цунах лаьцна хIун эр дара ахь?

– Со нохчийн Iамат хIоттош ву, иза ингалсан мотт буьйцучарна нохчийн мотт Iамон Iалашо йолуш ю.

– Хетарехь, нохчийн мотт Iаморехь кхиамаш хьан баккхий бу. И хьан Iамат муьлхачу чкъурана лерина ю?

– Дозанал арахьа Iаш болчу нохчаша пайдаоьцур болуш ю иза. Ас хIинца а гIалаташ доху, цундела айса цу тIехь беш болу болх дукха лерина бо. Iамат баккхийчарна а, кегийчарна а пайдехь хир ю.

– Джон, муха, я хIун бахьана долуш дагадеара хьуна нохчийн меттан Iамат хIоттон?

– Со Гарвардехь доьшуш волуш, суна нохчийн меттан Iамат ца карийра, Хамидова Зулайн Iамат суна Iамон халахетара, цундела, ас милла а кхетар волуш Iамат язъян сацам бира. Иштаниг суна цхьанхьа гина а яц я ю олуш хезна а дац. Нохчийн моттий, ингалсан моттий бен цахуучарна лерина хир ю иза.

– Дийнахь я кIиранах мел хан йойу ахь нохчийн маттана тIехь болх беш?

– Башха дукха хан ца хуьлу сан, хIунда аьлча, магистратурехь дукха материалаш хуьлу тIехь болх бан безаш. Амма ши-кхо сахьт кIиранах хуьлу сан цу тIехь болх бан.

– Нохчашна юкъахь Iаш воцушшехь, ахь дика буьйцу нохчийн мотт. Цкъа а Нохчийчу ван ойла хиллий хьан?

– Со чIогIа цига ван лууш ву, амма (воьлу) сан ахча дац, со студент хиларе терра. Со магистратурехь дешна 2021-чу шарахь вер ву, дешна ваьлча, со цига билггал вогIур ву аьлла, тешна ву со.

– ХIинца муьлхачу штатехь Iаш ву хьо?

– Вашингтонехь ву. Iамаркехь Вашингтон олуш штат ю, амма изза цIе йолуш гIала а ю, со оцу Вашингтон гIалахь Iаш ву, DC а олу цунах доцца.

– Нохчийн маттаца долу гергарло хадо цкъа а дагадеаний хьуна?

– И тайпа хIума суна цкъа а дагадеана дац. Ца лиъна. ХIора меттан шен башхалла ю, мотт оцу къоман са ду. Суна муьлхха а мотт Iамош хазахета, къаьсттина, нохчийн мотт.

– ХIинца тхан «Даймохк» газетдешархошка хIун ала лаьара хьуна?

– Сан коьрта Iалашо кегийчу къаьмнийн меттанаш Iамор ю. Нохчийн мотт уггаре а ширачу заманахь кхоллабелла бу, цундела и талла, и мичара, муха схьабаьлла хьожуш таллам бан аьтто бу муьлххачун а.

Р.S. Иштта, хIара интервью эцар хилира сан.

Джон, дукха хьолахь, нохчийн мотт буьйцуш, жоьпаш луш вара, амма, оьрсийн я ингалсан дош ца олуш, цуьнга парггIат мотт ца бийцало хIинца а.

Джонна хала ду цхьадочлу дешнех кхета, уьш кхин цхьана а маттахь ца хуьлу, масала: «тхо», «вай» боху цIерметдешнаш я оьрсийн я ингалсан маттахь дац.

Цу шина дешан башхаллех кхета я нохчи хила веза, я мотт шарбан беза.

ГАРЧХАНОВА Хеда
№32, оханан (апрель) беттан 25 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: