Республикин къона чкъор кхетош-кхиорехь доккха дакъа лоцу районийн дешаран урхаллаша. Цу декъехь кхиамца болх бечарех цхьаъ ю Гуьмсан районан дешаран урхалла. Цунна юкъайогIу дешаран 48 учреждени. Царех юкъарчу дешаран 42 учреждени: 40 юккъера школа а (цу юкъахь цхьа гимнази а, цхьа суьйренан школа а), 2 коьрта школа а. Берашна лерина кхин тIедолчу дешаран программа кхочушйо 6 учрежденис: «Берийн кхоллараллин цIийно», «Берийн-кегийрхойн туризман а, экскурсийн а туьшо», «Эколого-биологин станцис», «Къоначу техникийн цIийно», «Гуьмсан берийн-кегийрхойн туьшо», «Мелчхин берийн-кегийрхойн туьшо».
Гуьмсан районан дешаран урхаллин коьртачу Iалашонех ду районехь дешаран политика кхочушъяр. Цу политикина юкъадогIу бахархошна юьххьанцара, юккъера, коьрта, кхин тIе долу а дешар деша аьтто бар, аьхкенан муьрехь берашна садаIар нисдар, районан дешаран система кхиор. Карарчу хенахь районан дешаран урхаллина куьйгалла деш ю Куразова Малика. Цуьнан заместитель ву Мехеев ИбрахIим. Урхаллин Аппаратехь болх беш виъ говзанча ву: Джамалаева Аминат (коьрта говзанча), Апаев Тамерлан (коьрта говзанча), Осмаева Марина, Ольмусханов Хьамзат. Урхаллина юкъайогIучу хаамийн-бакъонан методически отделан куьйгалхо ю Шалаева Лариса. Оццу отделехь къахьоьгу коьртачу говзанчас Дадагова Хьавас, говзанчаша Исмаилова Залинас, Радуева Маринас, Мамуева Маликас, Гануева Любас, Эльбуздукаева Бурлиянта, Эскерханова Зинас, Мацуева Амината.
2013–2014-чу дешаран шарахь 40 сов федеральни а, региональни а проектехь дакъалаьцна Гуьмсан районан школийн дешархоша. Царна юкъахь ю дуьненаюкъара «Олимп» олимпиада, берийн архитектурин-исбаьхьаллин «Къона архитектор» конкурс, математикин ерригроссин турнир, Iаламан суьртийн регионашна юкъара конкурс, «INCEPTUM» цIе йолу ерригроссин конкурс (математикин а, оьрсийн меттан а), «Хиндолчун кхетам» («Интеллект будущего») цIе йолу ерригроссин марафон, дуккха кхиерш а. Верриге а 28017 дешархо ву Гуьмсан районехь. ДIадаханчу шарахь тайп-тайпанчу проекташкахь, конкурсашкахь дакъалаьцна 8446 дешархочо.
Кхин тIе а долчу дешаран учрежденеша доккха дакъалаьцна Гуьмсан районо дешаран декъехь баьхначу кхиамашкахь. Гуьмсан берийн-кегийрхойн туьшо кху тайпа кхиамаш баьхна 2014-чу шарахь. «ЦIерадаьхна 70 шо кхачарна» лерина дIаяьхьначу сочиненеш язъяран республикин конкурсехь 3-гIа меттиг яьккхина туьшерчу Магомадова Марема. Март баттахь ТIехьа-МартантIехь дIаяьхьначу «Говзаллехь – тоьлларг» республикин конкурсехь «Къинхетамаллин йиша» номинацехь 2-гIа, «Информатика» номинацехь 1-ра, «Тегархо» номинацехь 1-ра, « «В» категорин водитель» номинацехь 3-гIа, «Бухгалтер» номинацехь 1-ра а меттигаш яьхна кху туьшера бераша. Кхин тIе а долчу дешаран хьехархойн «Дог берашна дIало» конкурсехь Ильясова Зараа пхоьалгIа меттиг яьккхина. Иштта, районан конкурсашкахь а толаман меттигаш яьхна цара.
Къоначу техникийн цIийнан дахарехь а кхиамашца билгалделира дIадахана шо. Некъан боламан къоначу инспекторийн республикин конкурсехь 3-гIа меттиг яьккхира кхеран «Велогонщики» тобано. Оцу тобана юкъахь бара дешархой: Межидова Раяна, Баймурадова Мадина, Довтаев Iальви, Занкирханов Мохьмад-Салахь. Къилбаседа ХIирийчохь дIаяьхьначу робототехникин региональни фестивалехь дакъалецира Магомадов Адама, Амиров Турпал-Iелас, Магомадов Шамхана, Хизриев Адама, Атангириев Ахьмада. Август баттахь Нохчийчохь хиллачу робототехникин «Роболето» республикин къийсадаларшкахь «Гонки по линии» номинацехь 1-ра меттиг яьккхира Абдуев Шарипа. Авиамоделировани яран республикин къийсадаларшкахь 3-гIа меттиг яьккхира Чергизбиев Бештос. Ноябрь баттахь хиллачу «Робофест – 2014» республикин фестивалехь «Робогумс» тобано пхеа номинацех еа номинацехь хьалхара меттигаш ехира. Цу тобана юккъехь вара Микиев Хасмохьмад, Абдуев Шарип, Атангириев Ахьмад, Хизриев Адам. Тобанийн юкъара баллаш ягаръечохь хьалхарчу метте елира «Робогумс» тоба. Декабрь баттахь дIаяьхьначу робототехникин «Перворобот» республикин II-чу фестивалехь «Сумо» номинацехь 1-ра меттиг яьккхира Хизриев Адама. Цуьнан робота берриге а мостагIий Iаьржачу сизал дехьакхийссина, тоьлла жамI гайтира. «Кегельринг» номинацехь 1-ра меттиг яьккхира Атангериев Ахьмада. Цуьнан робота Россехь керла рекорд хIоттийра (3 секунда). «Къоначу техникийн цIенна» хилла ца Iаш, ерриге а Гуьмсан районан а дозалла ду Россин Федерацин Президентан В.Путинан омрица тIечIагIдинчу, похIмечу кегийрхошна накъосталла даран совгIатан лауреаташ шайн берашна юкъахь бовлар. Иштта, 2010-чу шарахь цу совгIатан лауреат хилла Дакаев Рамзан, 2011-чу шарахь – Элихаджиев Мовсар, 2012-чу шарахь – Элихаджиев Мансур.
Лакхахь йийцинчу «Говзаллехь – тоьлларг» республикин конкурсехь дакъалецира Мелчхин берийн-кегийрхойн туьшо а. Цигахь Алиева Линдас а, Цагараева Хадижата а 3-гIа меттигаш ехира; Асхабов Мансура 2-гIа меттиг яьккхира; Баймурадова Мархас 1-ра меттиг яьккхира. Церан хьехархочо Халикова Залинас «Дог берашна дIало» конкурсехь кхоалгIа меттиг яьккхира. 2014-чу шарахь берийн-кегийрхойн туьшашна юкъахь дIаяьхьначу «Тоьлла кружковцаш» республикин конкурсехь тайп-тайпанчу номинацешкахь кхиамаш бехира Мелчхерчу дешархоша. Цу юккъехь ю Эдельханова Раянас а, Шахаев Умалта а яьхна 3-гIа меттигаш, Мусаев Халида, Цагараева Хадижата, Нанаев Хизара, Насуханова Сабинас, Сараханова Лаурас яьхна 2-гIа меттигаш, Сайдуев Анвара, Дууева Танзилас, Баймурадова Марема яьхна 1-ра меттигаш.
2014-чу шеран октябрь баттахь дIаяьхьначу «Аз» республикин конкурсехь эстрадин эшарш лакхаран номинацехь хьалхара меттиг яьккхина Гуьмсан районан Берийн кхоллараллин цIийнерчу кхиархочо Измаилова Имана.
Цу тайпа кхиамаш хIора шарахь а боху Гуьмсан районан дешархоша. ТIаьхьарчу хенахь похIме бераш къастор а, царна накъосталла дар а алсамдаьккхина хиларе терра, районан кхин тIе а долчу дешаран учрежденеша де-дийне мел долу жигара къахьоьгу. Берийн кхолларалла ларъярна а, кхиорна а жоьпаллехь бу уьш. Кхин тIе а долчу дешаран хьелашкахь похIмечу берашца болх барна лерина керла кеп (модель) юкъаяьккхина.
Цунна юкъадогIу похIмечу берашна леррина хьелаш кхоллар (конкурсаш, олимпиадаш вовшахтохар), церан хьуьнарш кхиор, царех лаьцна шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь дийцар, кхин тIе а долчу дешаран системин школашкахь, клубашкахь болх жигарбаккхар.
Оцу программица богIуш, шайн болх нисбина къахьоьгу Гуьмсан районан дешаран урхалло. Иштта, Берийн кхоллараллин цIийнехь жигара болх бо «ПохIманчийн стелаIад» хоран студис, миниатюрийн «Серло» театро, «Зама» школа-студис, лакхарчу классийн дешархойн «Патриот», «Къонаха», «Маршо» клубаша, хелхарийн студис, кхийолчу тобанаша. Эколого-биологин станцехь болх беш ю «Къона орнитолог», «Iаламхо», «Эколог» школаш. Самукъадаларца керла хаарш Iамадо Берийн-кегийрхойн туризман а, экскурсийн а туьшан дешархоша. Хийла конкурсашкахь толамаш баьхна З.Юсуповас куьйгалла деш йолчу «Къоначу этнографан школерчу» бераша. Л.Бошхаджиевас куьйгалла дечу «Историн тIаьхьало» школа-клубехь доьшучера кегийрхоша районан а, регионан а тайп-тайпанчу конкурсашкахь кхиамаш баьхна.
Хьуьнаре бераш а, похIме кегийрхой а къасторан Iалашонца Берийн-кегийрхойн спортан школехь кхочушйо «Олимп» цIе йолу комплексан программа. Къоначу техникийн цIийнехь «Говзанча» школе лелаш долу бераш «Хиндолчуьнгахьа – гIулч» проектан гуттарлера дакъалацархой ду. «Самукъане пхьалгIа», «Автомобиль – куьйга тIехь», «Вираж» школа-студешкахь доьшуш долу бераш регионан похIмечу кегийрхойн а, церан хьехархойн а бази юкъадахна.
Гуьмсан районан кхин тIе а долчу дешаран отделехь юьртарчу кегийрхошна халкъан культурин ламасташ довзийтаран, марздаран Iалашонца вовшахтоьхна программа ю. Оцу программин декъехь дIахьош ю «Мехкан сийлахь йоI», «БIаьстенан илли», «Церан дозалла до халкъо», «Историн тIаьхьало», «Массо а дагалаца вай», «Нохчийн кицанаш, аларш, забарш», кхийолу а проекташ. Берийн, кегийрхойн похIма, хьуьнарш, кхолларалла, кхиорна дерриге хьелаш кхоьллина Гуьмсан районан дешаран урхаллехь. Кхузарчу хьехархоша, дешаран белхахоша дика болх беш хиларна тоьшалла до лакхахь вай бийцинчу кхиамаша. Дала кхидIа а иштта къахьегар, кхиамаш бахар лойла царна.
А.МУСАЕВА
Суьрта тIехь: Гуьмсан районан дешаран урхаллин коллектив
