Вайн спортсменийн рогIера кхиамаш

Владимир гIалахь дIаяьхьира 2002–2003-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула Россехь хьалхеяккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин субъекташкара къона спортсменаш. Вайн республикера турнирехь дакъалоцуш бара РСШ, СШ-кара спортсменаш.

Къийсадаларш пхеа дийнахь дIадаьхьира.

Турнирехь толам баьккхина, шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира вайн махкахой: Эскерханов Iусман (42 кг.) – РСШ, Хакуев ИбрахIим (42 кг.), Асалаев Алимхан (54 кг.), Яхиев Iабдул-Валид (65 кг.), Гайтаев Муслим (71 кг.) – И.Дугучневн цIарах йолу СШ, Гигиев Малик (45 кг.), Гигиев Мохьмад (60 кг.) – СШ№1, Исаков Аслан (51 кг.) – СШ№7, Саидов Беслан (80 кг.) – У.Товбулатовн цIарах йолу СШ.

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, церан тренерш: Т.Дугучиев, Ш.Вараев, И.Исраилов, П.Умаров, А.Сугаипов, Р.Товбулатов.

Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, грамоташца, мехала совгIаташца.

З.ШИШХАНОВА
№33, оханан (апрель) беттан 30 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: