ДIадахана 2018-гIа шо Нохчийн Республикин могашаллаIалашъярехь кхиамаш хиларца билгалдаьлла дара, къаьсттина лахделлера берийн кхалхар.

2017-чу шарца дуьстича 13 процентана лахделлера иза 2018-чу шарахь. Иштта дика жамIаш педиатрин а, бераш дуьнен чу довларна тIехь гIо даран а службаша цхьаьна болх бар бахьанехь нисделла.
Вайн республикехь хуьлура федеральни клиникийн гIарабевлла говзанчаш. Царна зеделлачух а, церан хаарех а пайдаоьцуш нисбора нохчийн лоьраша-педиатраша, лоьраша-гинекологаша шайн болх.
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон бераллин отделан хьаькама Ирбаиева Таисас билгалдаккхарехь, бераш дуьнен чу довларан гIуллакх даима а тидамехь латтадаро дикачу агIор хийцира дуьнен чу довлу бераш могаш хилар.
«Бераш дуьнен чу довларна гIо даран службин болх тобарехь доккха дакъа лецира Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствон коьртачу неонатолога Иванов Дмитрийс. Иза масийттазза веара вайн республике, шеца тоьллачу говзанчийн делегацеш ялош. Цара кхочушдечу гIуллакхийн коьрта Iалашо яра бераш дуьнен чу довларна гIо даран службин белхан дикалла лакхаяккхар», – билгалдаьккхира Т.Ирбаиевас.
2018-чу шарахь боккха болх бира министерствон куьйгалло вайн республикехь неонатальни службин болх дIахIотторехь. И мехала гIуллакх дича доьзалхочух болчу зударийн а, берийн а могашаллина кхерам болуш хIума тIехIоьттича, Соьлжа-ГIалахь С.Дудаевн цIарахчу бульварехь йолчу Перинатальни туьше хьовсон аьтто баьлла. Цигахь кхузаманан лехамашца богIуш болу медицинин тоьлла гIирсаш а, говзанчаш а бу. Къоначу наношна а, дуьнен чу девллачу берашна а сихха оьшуш долу гIо а до.
Медицинин организацешна юкъара зIе чIагIъяро а, меттигерчу Iедало гIо даро а тобина оцу туьшан болх. Ирбаиева Таисас дуьйцура: «КIоштийн ярташкахула, хIора кертахула бохург санна, чекхъелира акушерийн бригада. Доьзалхочух болу зударий больницин чоьте хIиттош а, церан могашаллин хьоле хьожуш а белхаш бира цара. Цул сов, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон №56 долчу омранца нийса а догIуш, доьзалхочух йолу зуда больницин чоьте хIуттуш яцахь я цуьнан марзахоша дуьхьало еш елахь, оцу гIуллакхна меттигера Iедал а, динан урхаллера нах а юкъаозабой, гIо доьху. Иштта толлуш ду доьзалхочух болчу зударийн могашаллин хьал».
З.ХИЗИРОВА
№33, оханан (апрель) беттан 30 де, 2019 шо