Иштта цIе яра Нохчийн меттан денна леринчу республикин конкурсан. А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекин куьйгалло, вовшах а тоьхна, дIахьош яра и конкурс.

Жюрин декъашхо вара Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин декъашхо, гочдархо, поэт, публицист Ахматукаев Адам, республикин культурин хьакъйолу белхахо, лакхахь билгалъяьккхинчу библиотекин директор Исраилова Сацита, оццу библиотекин хаамийн-библиографин отделан куьйгалхо Эдилова Марет, библиотекин книгаш кечъяран, чоьте хIитторан отделан куьйгалхо Эльмурзаева Зураъ.
Конкурсан дакъалацархой байташ еша сцени тIе а кхойкхуш, мила мичара ву а дуьйцуш, юьйцучу байтийн а, авторийн а цIерш йовзуьйтуш, суьйре дIахьош яра библиотекин Къоман а, мохкбовзаран а отделан куьйгалхо Духаева Яхийта.
Цхьамма вукхул хаза, доггаха йийцира, нохчийн мотт, нохчийн халкъ, шайн Даймохк безар байташца вайна довзийтинчу яздархойн байташ.
Жюрин жамIашца хьалхара меттиг яьккхира Соьлжа-ГIалин культуринсамукъадаккхаран туьшан векала Басаева Матас, шолгIа меттиг Нохчийн пачхьалкхан университетан студенткас Джамурзаева Хьавас а, Соьлжа-ГIалин №10 йолчу школин дешархочо Эльжуркаева Иймана кхоалгIа меттиг яьккхира Соьлжа-ГIалин №7 йолчу искусствийн школин дешархочо Такаева Мархас а, Соьлжа-ГIалин №61 йолчу школин дешархочо Мирзоева Хедас а, хьовсархойн озабезаман совгIат Соьлжа-ГIалин №10 йолчу школин дешархочунна Эльжуркаев Имамана делира.
СовгIатийн меттигаш яьхначарна ахчанца совгIаташ дира.
ВЕГИЕВА Макка
№33, оханан (апрель) беттан 30 де, 2019 шо