Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала Москвахь дIаяьхьначу «Кхерамазаллин интернет» дуьненаюкъарчу форумехь дакъалецира.
Министра Инстаграмехь йолчу шен агIонехь ма-яздарра, «Кхерамазаллин интернет» хIорашеран конференци ю. Иза дIахьош ю берийн а, баккхийчийн а интернет сета чохь кхерамазаллин хьокъехь долчу гIуллакхашна лерина.
Конференци вовшахтоьхнера интернетан кхерамазаллин Лигин а, дайначу а, зуламан бала лайначу а берашна гIо даран Къоман туьшан а дIадолорца.
Оцу конференцехь дийцаре дира виртуальни сетан кхерамазаллех а, РУНЕТах пайдаоьцучеран а, компанийн а жоьпаллин проблемех а, дешаран стандарташкахь бан безачу хийцамех а лаьцна долу гIуллакхаш. Оцу хийцамаша дешархойн а, студентийн а интернет лелорехь кхерамазаллин хаарш алсамдахарна тIехь гIо дийр ду.
Хууш ма-хиллара, вайн заманахь дукха меттигаш яьхкина бераш а, кегийрхой а интернет сеташкахула Iехош, харц новкъа бохуш.
Цул сов, оцу конференцехь дийцира интернет-рынкехь шена хетта-луъу хаамаш зорбане бохучеран, уьш, дукха хьолахь, харц хаамаш а хуьлу, жоьпалла лакхадаккхарх лаьцна.
Дайначу а, зуламан бала лайначу а берашна гIо даран Къоман туьшан верасаллин советан председатела Мильская Еленас билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь «Нохчийн Республикехь кхерамазаллин Интернетан бутт» акци дIаяьхьна хилар.
Берийн интернетан кхерамазаллин хаарш алсамдахаран Iалашонца дIаяьхьна яра и акци.
Оцу акцин гурашкахь вайн республикехь социальни дарсаш а, дай-нанойн гуламаш а, берийн дийцарийн а, эссен а конкурсаш дIаяьхьна хилла хилар а хаийтира цо.
№33, оханан (апрель) беттан 30 де, 2019 шо