Оханан (апрель) беттан 25-чохь Иорданерчу Сухне гIаларчу Нохчийн гIоьналлин юкъараллехь Нохчийн меттан денна лерина даздар хилира. Иза дIадаьхьира Иорданехь инарла а, политикин министр а лаьттинчу «Нохч-гIалгIайн доттагIаллин юкъараллин» куьйгалхочун Бено Самахьан куьйгаллица.

Даздар дIадолош вистхилира меттигерчу «Кавказан клубан» куьйгаллехь хилла волу гIараваьлла нохчийн лор Раис Iаднан.
Кхидолчу ширачу меттанашца дустарш а далош, оцу декъехь шен талламаш а бовзуьйтуш, нохчийн мотт шира хилар билгалдоккхуш, чулацаме къамел дира цо.
Цул тIаьхьа дош делира Сухнехь жима класс вовшах а тоьхна, кегийчарна шина баттахь нохчийн меттан йозанан а, дешаран а баххаш хьехначу Фесал Валиде.
Цо дийцира ша бинчу балхах лаьцна. Иштта, юьхьанцара курс чекхъяьккхина аьлла, ша Iамийначу берашна дипломаш а делира цо.
Иштта, цигахь къамелаш дира нохчийн-оьрсийн-Iаьрбийн дошам хIоттийначу Бети Ахьмада, нохчийн-оьрсийн-ингалсан-Iаьрбийн онлайн-дошамна тIехь болх беш, тIаьхьарчу шерашкахь «Даймохк» газетаца жигара зIе латтош волчу Бакир Хьамийда.
Хь.Бакира гулбеллачарна довзийтира «Даймохк» газетан редакцис Даймахкарчу нохчийн цIарах Иорданера нохчий Нохчийн меттан денца декъалбеш, газетаца уьйр латторна баркалла олуш, даийтина кост.
«Даймохк» газетаца долчу гергарлонах а, оцу юкъа Шемара нохчий озорах а, дуккха кхидолчух а лаьцна дийцира Хьамийда.

«Нохчийн мотт хаза бу, беза бу бохуш, вай дийцарх гIуллакх хир дац, тIаьхьа тIекхуьучу вайн тIаьхьенашна цхьа гIуллакх дан деза вай. Нохчийчуьра хьехархо валийна я кхузахь ненан мотт хуучеран говзаллин тIегIа лакхадаьккхина а цхьаъ ца дахь дер дац, цу тIехь Даймахкарчаьрца хоттаделла а хила деза вай», – билгалдаьккхира Хь.Бакира.
Цул сов, цо дийцира меттигерчу журналистийн нохчийн йоза кхиорехь, шардарехь «Даймохк» газетан белхахойн мехала дакъа хиларх лаьцна а, газетаца уьйр лелор бахьанехь, шайна баьллачу пайданах а.
Сувейлехь берашна хьоьхуш йолу йоккха стаг Бено Бадрия а яра даздарехь дакъалоцуш.
Ша берашна мотт марзбаран Iалашонца бечу балхах лаьцна а дуьйцуш, къамел дира цо.
Нохчийн маттах дуккха а къамелаш дира гулбеллачара. Цхьаболчара ненан маттахь байташ а йийшира.
«Даймохк» газетаца хоттабелла болчу журналисташна а, «Орга» журналаца хоттабеллачарна а, нохчийн литературин маттаца, йозанца юкъаметтигаш йолийнарш уьш хилар билгал а доккхуш, «Нохчийн гIоьналлин юкъараллин» цIарах совгIаташ дира.
Иштта, нохчийн мотт денбарехьа меттигерчу нохчийн юкъараллаша (уьш масийтта ю тайп-тайпанчу шахьаршкахь) леррина проект кхочушъян езар а хьахийра гулбеллачара.
«Нохч-гIалгIайн доттагIаллин юкъараллин» куьйгалхочо Бено Самахьа, шаьш оцу гIуллакхна кийча хилар билгал а даьккхира, цуьнца цхьаьна волчу Бено Iусман Хьамийда, оцу Iалашонна (оцу проектехь дакъалацархьама) лерина, шайгара эзар доллар ахча а охьадиллира.
Даздар дерзош, меттигерчу нохчичо Шишани Маймунас (Iаьрбийн маттахь) Иордане дIакхелхинчу нохчийн исторех, вайн къоман Iадатех лаьцна яздина долу «Берзан бIаьрхи» жайна довзийтира, иза гулбеллачарна дIаса а дийкъира.
Вайна доккха дозалла ду Нохчийчохь даздина ца Iаш, Нохчийн меттан де генарчу махкахь, бIешо сов хьалха цига дIакхелхинчу вайн къоман векалийн тIаьхьенаша даздеш хилар а, цара ненан мотт Iалашбар а, иза кхио, баржо лууш, сагатдар а.
КхидIа а, шо-шаре мел долу, кхуьуш, зазадоккхуш, дуьне ма-дду баьржийла, бекийла нохчийн мотт!..
А.МУСАЕВА
№33, оханан (апрель) беттан 30 де, 2019 шо