Шен юьртахошца а, хьаша-деца а лело гIиллакх, гIуллакх долуш, оьздачу нахах цхьаъ ву Шелковски районерчу Кобера вахархо Чамиев Самаил. ХIара вевзачунна хьанна а хууш дерг ду иза.
ГIиргIизойчуьра Кизылки юьртахь 1951-чу шарахь вина Самаил. Вайнах махках баьхна дIабуьгуш кхаьчна бара церан доьзал цига. Ден Зайл-Мохьмадан а, ненан Маржанан а хIорш ворхI доьзалхо вара: цхьа йоIIий, ялх кIанттий. Самаил шолгIаниг вара доьзалехь.
Вайнаха массара а санна, дуккха а хало, сингаттам лайначул тIаьхьа, гIеххьа кога х1отта болабеллера хIокхеран доьзал. Керла цIенош дина, цу чу бевлла кхоалгIа шо доладеллера Даймахка бахка бакъо елла, хIорш, шайн цIенош схьалуччух дIа а доьхкина, цIа богIуш.
Нажи-Юьртан районерчу Гилна беара доьзал. Махках бохуш, а кхузара дIабигна а бара. ЦIенош, 13 шарахь дола деш да воцуш лаьттина хиларе терра, тишделла дара, делахь а, жимма куьг Iоьттина хIума дича чохь Iан мегар долуш яра хIусамаш. Цара иза дан а дира.
Юьхьанца атта дацара цIахь а хене вала, дерриге а юхадендан дезаш дара. Делахь а шайн цIахь, самукъа а долуш къахьоьгура нохчаша.
Билггал маца дара дага ца дог1у Самаилна, цIа даьхкина дукха хан ялале юьртарчу школин бахаман доладархо завхоз хIоьттира Зайл-Мохьмад, нана а колхозан аренашкахь томка лелош яра. Иштта хене боккхура дас-нанас хIокхеран доьзал.
Шен хан кхаьчча школе вахара Самаил. Цигахь дешна ваьлча Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан техникуме деша хIоьттира. Амма иза чекхъяьккхина валале, эскарехь гIуллакх дан вахара. Эскарера цIа веанчул тIаьхьа Шуьйтан районехь мехкадаьттан бурутохархочун гIоьнча волуш дIаволавелла сменин мастеран дарже кхаччалц белхаш бира. Ялх шарахь бира цо цигахь болх. Цул тIаьхьа Къилбаседа Кавказан хьуьнан техникум чекх а яьккхина, Нажи-Юьртан районехь хьуьнан бахаме балха вахара иза. цигахь а хьуьнан мастер волуш, коьрта инженер волуш къахьийгира.
ХIусамнана ялийна, бов а велира 1984-чу шарахь. Амма хIара цIенош дина дIатарвелла аьлла хеттачу хенахь цамоьттург хилира, Самаил шен керла динчу цIенош чу ваьлла шо кхаьчна а дацара Гилна такха йолаелча, 1993-гIа шо дара иза, цуьнан цIенош дуьйхира. ХIусамаш йоьхначарна Iедало дакъош дийкъира Шелковски районерчу Кобехь. Иштта кхечира Самаил кхуза. Кхузахь а хIусамаш ян дийзира. Дай баьхначу юьртах вала хала хиллехь, х1ара сихха вуьйлира керлачу меттигах. Лулахой, юьртахой дика, гIо эшначунна куьг кховдо кийча бара, цундела дара хIара керлачу юьртах сиха волар.
Юьртахошца цхьаьна диканехь, вуонехь, иштта юкъарчу гIуллакхехь гуттар а дакъалоцуш ву Самаил. 2003-чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан харжамаш болуш Шелковски районехь харжамел хьалхарчу компанин штабан куьйгалхо вара иза. Оццу шарахь дуьйна регионашна юкъараллин «Коалиция» юкъарчу боламан Шелковски районехь адамийн бакъаонаш ларъяран векал ву Самаил.
Иттех шо хьалха дагца цамгар гучуяьлла могашалла дика яцахь а, юьртан юкъарчу гIуллакхна тIера, хьеша-дена комаьрша хиларца билгал ву иза. Мукъачу хенахь кхуьнан къаьсттина самукъадолу чIерий лоьцуш, йиш хилчахьана мел гена а воьду уьш леца.
Ша санна г1иллакхе, оьзда 5 кIанттий, 2 йоI1ий – ду кхуьнан, хIусамненан Кемисин кхуьуш.
Р.МУСИПОВ
Авторан сурт