Нохчийн меттан денна лерина коьрта даздарш дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу театран-концертийн залехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Правительствон Председатела Хучиев Муслима, Парламентан депутаташа, министраша, юкъараллин, кхоллараллин интеллигенцин векалша, дуккха а кхечара.

Оцу денна лерина зала хьалхара майда къоман куц-кепехь кечйина яра. Кхузахь вовшахтоьхнера нохчаша Iердахарехь лелийначу ширачу хIуманийн а, куьйгаговзаллин белхийн а, музыкин гIирсийн а гайтам. Иштта, доккха ловзар а хIоттийнера майданахь.
Даздаршка богIу божарий а, зударий а нохчийн къоман духарш дуьйхина бара. Цхьаьнакхетар дIадолийра зала чохь ненан меттан хазалла, мехалла йовзуьйту фильм гайтарца.
Цул тIаьхьа, гулбелларш дезачу денца декъал а беш, вистхилира республикин Куьйгалхо.
«Вайх хIораннах а доьзна ду вайн халкъ дийна дисар, Iалашдалар, хIунда аьлча, вайх хIора а декхарийлахь ву ненан мотт хаа, къоман культура йовза. Билгалдаккха догIу вай вешан къамелехь кхидолу меттанаш лело дуьйладелла хилар. Иза нийса дац. Цундела, вайн Iилманчаша, яздархоша, поэташа, журналисташа болх бан беза вайн мотт Iалашбарна, баржорна, кхиорна тIехь. Вайн хьалдолу истори а, культура а ю, вай декхарийлахь ду вешан мотт, культура, Iадаташ, ламасташ лардан», – элира Р.Кадыровс.
Цул тIаьхьа, нохчийн мотт Iалашбарехь, кхиорехь дакъа долчу республикин дешаран хьаьрмин векалшна цхьамогIа совгIаташ дира.
Нохчийн къоман театран «Шен цIа – цIен цIа» спектаклаца дерзийра даздарш.
Иштта, республикин ерриге кIошташкахь а, учрежденешкахь а дIадаьхьира Нохчийн меттан денна лерина даздарш.
А.ВАХАЕВА
№33, оханан (апрель) беттан 30 де, 2019 шо